Санкцеш кхераме яц Нохчийн Республикина

Малхбузено а, Европо а вайн пачхьалкхана дуьхьал юкъаялийна йолу санкцеш бахьанехь махкахь хIоьттина экономикин кризис вайна ма-моьтту кхераме яц Нохчийн Республикина. Ткъа и дерриге а, республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца, вайн регионехь оцу хьолана ондда дуьхьало яр а, регионан куьйгаллехь говза политикаш хилар а бахьанехь ду.

Россина дуьхьал кхайкхийна йолчу санкцех лаьцна ма-дарра дийцича, уьш Россин экономикин коьртачу агIонашна тIехьовсийна ю: мехкадаьттан, газан, атомни а, тIеман а промышленностана, иштта, банкийн капиталана. Бевзаш болчу политологашна а, эксперташна а хетарехь, санкцийн коьрта Iалашо ю Россин компанеш Европин рынкашкара дIаяхар.

И санкцеш кхайкхийначул тIаьхьа, Россин Президента Путин Владимира ерриге а министерствошна, ведомствошна, субъектийн куьйгалхошна юьртан бахаман а, промышленностан а дакъош кхиорехула болу болх жигарбаккхар тIедиллира. Пачхьалкхан куьйгалхочунна хетарехь, вайн чоьхьарчу сурсатийн барам лакхабаларца бен экономикин кхиар лаккхарчу тIегIане дер дац.

Нохчийн Республикехь оцу (лакхахь билгалдаьхначу) дакъошкахь болчу балхана тIехь  боккха тидам латтор 2007-чу шарахь дуьйна схьадогIуш ду. Цо  гойту Кадыров Рамзан шен болх дика бевзаш политик хилар. ХIара хьал хир дуйла хууш санна, уггаре а хьалха юьртан бахаман, промышленностан агIонаш тидаме ийцира цо. ТIаьхьарчу иттех шарахь регионан агропромышленни комплекс кхиамаш бохуш схьайогIуш ю.

Юьртан бахаман сурсатийн ерриге а категорешкахь 2007-чу шеран 1-чу январехь дуьйна 2015-чу шаре кхаччалц долу хьал дуьстича, оцу хена чохь  сурсатийн мах кхузза лакхабаьлла. «2008–2012-чуй шерашкахь Нохчийн Республикин юкъараллин-экономикин кхиар» аьлла йолчу федеральни Iалашонийн программин гурашкахь, 3000 корта дохнна лерина юкъаялийна даьхнилелоран комплекс ю, иштта, 2307 коьртана лерина зIакардаьхнийн 8 предприяти ю. 2007-чу шеран 1-чу январехь хиллачу гайтамашца гезарийн а, уьстагIийн а барам  170,1 эзар бара, карарчу хенахь – 226,1 эзар. Баккхий кхиамаш бу ялтийн культураш кхиоран декъехь а. 2007-чу шарахь ялта дIаден лерина майданаш 158,5 эзар гектар бен ца хиллехь а, карарчу хенахь уьш  220 эзар гектаре кхаьчна.

2015-чу шарахь схьагулдина дерриге а ялта – 217,8 эзар тонн, ткъа 2006-чу шарахь и терахь 121,3 тонне бен ца кхочура. 2007-чу шарахьчул а доьйттазза алсам шекаран буракаш  гулйина 2016-чу шарахь. Хасстоьмаш шозза алсам гулйина.

2006-чу шарахь агропромышленни комплексехь кхочушйина цхьа а инвестицийн проект ца хиллехь, 2015-чу шарахь оцу декъехь кхочушъян билгалъяьккхина 25 инвестицийн проект ю, царах 5 йина яьлла, кхин а 8 проектан программина тIехь карарчу хенахь беш болх бу, хIара шо чекхдалале уьш кхочушъян Iалашо ю. Царах уггаре а яккхийчарех ю: «Нохчийн Республикехь 1200 корта дохнна лерина шуран комплекс а, ялтан туш а яр». И проект белхазалла лахъярехь а пайдехь хир ю. 200 гергга белхан меттиг нислур ю оцу предприятехь. Шарахь 10980 тонн шура яккха таро хир ю.

Регионехь тIаьхьарчу шерашкахь меттахIиттийна а, йина а тайп-тайпана сурсаташ арахоьцу  иттанаш заводаш, фабрикаш ю. Масала, уггаре а лаккхарчу тIегIанехь шен болх дIакхоьхьуш йолу «Серноводский» минеральни хин  завод. Предприятис сахьтехь 27 эзар шиша кечдо, ткъа шарахь – 150 миллион шиша. 2014-чу шарахь, кхоьллина дерриге а хьелаш а долуш, болх бан йолаеллачу предприятис 80 белхан меттиг кхоьллира. Цул сов, заводан сурсаташ регионан дозанал арахьарчу рынкашка а кхочу.

Устрада-ГIалахь болх беш ю жижиган комбинат. Цхьана сменехь 5 тонн сурсат арахоьцу цигахь. Цехехь дIахIиттийначу, вайн заманан хьежамашца богIуш болчу, белхан гIирсаша лаккхарчу дикаллехь сурсаташ арахоьцу. Билгалдаккха лаьа, йоьхьийн-консервни заводо арахоьцуш долу сурсаташ дино магийна (хьанал) ду.

Соьлжа-ГIалин  Старопромысловски кIоштахь ю «Трансмаш» цIе йолу завод. 1914-чу шарахь йиллина ю иза. ТIамо йохийна хилла йолу предприяти 2004-чу шарахь меттахIоттийначул тIаьхьа, карарчу хене кхаччалц кхиамца болх беш схьайогIуш ю. Цигахь арахоьцу тракторан гIудалкхаш, йолкхоьхьурш, даккхий яйнаш, газан прибораш, контейнерш, иштта кхиболу гIирсаш. Карарчу хенахь арахоьцуш йолчу гIудалкхийн барам баттахь иттане кхочу,  предприяти и гайтам алсамбаккха Iалашо йолуш ю. Вай дийцинарг вайн регионехь болх беш йолчу предприятийн кIезиг долу дакъа бен дац. Цу хьоло, Малхбузено а, Iамаркан Цхьанатоьхначу Штаташа а кхайкхийна йолу санкцеш вайна, Делан къинхетамца, кхераме цахилар гойту. Нохчийн Республика кхуьур ю, сирлачу кханене а кхийдар ю.

ДЖАВОТХАНОВ Мохьмад

№56, еара, хIутосург (май) беттан 19-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: