Кханенан тахханехь ойла йо

17-чу майхь Нохчийн пачхьалкхан университетехь Къилбаседа Кавказан Iилманан-практикин конференци хилира. Цигахь дакъалоцуш бара университетан хьехархой, къона Iилманчаш, аспиранташ, студенташ. «Тахана бакъонийн декъехь кегийрхойн долу хаарш – мехкан кханенан тешаме бух» («Правовая грамотность молодежи сегодня – основа надежного завтра страны») аьлла яра конференцин тема.

Нохчийн пачхьалкхан университето Махачкаларчу Ерригроссин пачхьалкхан юридически университетера а, Къилбаседа-Кавказан юридически колледжера а баьхкина хьеший тIеийцира. Конференцин официальни дакъа чекхдаьлча, цуьнан дакъалацархой шайна гергара йолчу секцешка дIасабекъабелира. Оцу секцешкахь болх докладаш еш дIабаьхьира. Тоьлла докладаш йинчу Нохчийн пачхьалкхан университетан а, Махачкаларчу юридически колледжан а студенташна сертификаташ а, Сийлаллин грамоташ а елира. Дагадаийта лаьа, Махачкаларчу студентийн Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волчу Кадыров Рамзанца цхьаьнакхетар хилла хилар. Вайн заманахь медицинин, культурин, политикин декъехь долчу хьолах лаьцна дийцира цара. Кегийрхой доглозуш бу Россин пачхьалкхан кханенах. Соьлжа-ГIалахула экскурси йира Дагестанера баьхкинчу студенташа.

З.ХИЗИРОВА      

№56, еара, хIутосург (май) беттан 19-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: