Къоначу журналистийн фестиваль

Къоначу журналистийн культурин декъехула йолу «Кульминаци» фестиваль дIаяхьаран комитето цигахь дакъалаца кхойкху шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалш. Фестивале дIабала мегаш ду 35 шо кхачаза болчу штатерчу а, штатехь боцучу а авторийн (шуьйрачу хаамийн гIирсийн белхахой/векалш) белхаш. Къаьсттина тидаме оьцур ю 2016-чу шарахь зорбане а, эфире а евлла статьяш а, сюжеташ а.

   Фестивалан тематика – литература, театр, кинематографи, библиотекийн а, музейн а гIуллакх, фольклор кхиор, иштта дIа кхин а.

   Фестивалехь дакъалацаро таро лур ю культурин декъехь болх бечу журналисташна шайн хаарш лакхдаха а, Даймехкан культурин декъехула болу хаамаш жигара лаха а, кечбан а, зорбатоха а хуур йолу медиа-среда кхолла а.

   Фестиваль дIаяхьарехь жигара дакъалоцуш ю Регионашна юкъара журналистийн союз а, Москва гIалара Пачхьалкхан культурин институт а. Фестивалан конкурсан программехь тоьлла болу белхаш бовзуьйтур бу лерринчу цхьаьнакхетарехь. Иза дIахьур ду 2016-чу шеран 15-чу сентябрехь Москвахь.

   Фестивалах лаьцна берриге хаам а, цуьнан конкурсан программехь дакъалацарна дехар яздаран къепе а йовза таро ю http://kulfest.ru сайта тIехь.

№56, еара, хIутосург (май) беттан 19-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: