Капитальни ремонт дIаяхьар – тергонехь

Ерригроссин халкъан фронтан (ОНФ) Нохчийчохь йолчу отделенин жигархой Соьлжа-ГIаларчу дукха петарш йолчу цIеношна капитальни ремонт яре хьаьвсира2 полоса капремонт

ОНФ-н «Iер-дахаран дикалла» цIе йолчу тобанан декъашхой Соьлжа-ГIалин Верхоянски ураман №3 йолчу дукха петарш йолчу цIийне хьаьвсира. 1980-чу шарахь дина а, юкъара барам 8498,7 кв.метр йолу а, 9 гIат йолу а цIа Соьлжа-ГIаларчу дукха петарш йолчу цIенойн юкъарчу бахамна капитальни ремонт яран регионан программина юкъадаханчу цIеношна юкъахь уггаре а хьалхарчех ду.

«Билгалъяьккхина йолу регионан программа 2015-чу шарахь кхочушъян йолийна Соьлжа-ГIалахь. Цу гIуллаккхана лерина дIаяьхьначу конкурсехь тоьлла йолчу организацис дукха петарш йолчу 21 цIенна капитальни ремонт яр дIадолийна. Царах цхьана цIийне хьаьвсира тхо тахана, белхалоша еш йолу капитальни ремонт цIийнан бахархойн лаамашца йогIуш хилар талларан Iалашонца. Тхуна чIогIа маьIне ду хIусамийн-коммунальни бахаман хьашташца кхачояран декъехь долчу дехаршна а, аьрзнашна а Iедалан векалша шен хеннахь терго яр», – дийцира Ерригроссин халкъан фронтан Нохчийчуьрчу отделенин векала Киндаров Асланбека.

Коммерчески йоцчу «Соьлжа-ГIалин капитальни гIишлошъяран фонд» организацин генеральни директора Берсанов Аслана а, ХIусамийн-коммунальни бахаман декъехь юкъараллин терго латторан организацин куьйгалхочо Солтаев Мансура а дакъалацарца дIадаьхьира ОНФ-н декъашхоша цIийне хьовсар. Уьш резахилира  белхаш дIабахьарна а, ремонт ярехь белхалоша пайдаоьцучу коьчаллийн дикаллина а. Белхаш дIахьош йолчу организацин векалш кхеташ бара капитальни ремонт ярна тIехь терго латто езаш хиларх.

Белхашка хьаьвсинчеран а, ремонт ечу организацин а барт хилира кхидIа шен-шен хенахь Соьлжа-ГIалахь капитальни ремонт яран регионан программи юкъахь дакъалоцуш долчу дукха петарш йолчу цIенош чохь белхаш дIабахьарна тIехь цхьаьна терго латто.

А.СУЛИМАНОВА

№56, еара, хIутосург (май) беттан 19-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: