Республикин профсоюзийн кегийрхойн «Кхиаман некъ» форум хилира Соьлжа-ГIаларчу Профсоюзийн цIийнехь. Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствоца цхьаьна дIаяьхьира иза.
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала, республикин Куьйгалхочун гIоьнчас Алиев Тимура, Нохчийн Республикин Профсоюзийн Федерацин председатела Солтагереев Хьусайна, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран заместитела Тааев Ильяса, кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министран заместитела Месербиев Садос, Нохчийн Республикин дешаран Профсоюзан председатела Герзелиев Хизира, иштта 250 къоначу хьехархочо а, студенташа а, гIарабевллачу интернет-блогерша а.
Форуман коьрта Iалашо – кегийрхойн советаш алсамъяхар, церан керла идейш кхочушъяр.
И гIуллакх дIадолош Х.Герзелиевс билгалдаьккхира Профсоюзийн декъашхоша республикерчу кегийрхойн дахарна леррина тидам тIебахийтина хилар.
– Ерригроссин дешаран Профсоюзан Коьртачу Советан Кегийрхойн шо ду, аьлла, дIакхайкхийна хилла долу 2015-гIа шо беркате хилира, дуккха а тайп-тайпана гIуллакхаш дIадаьхьира оцу шарахь. Къаьсттина, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дIакъалаьцна 70 шо кхачарна боккха тидам тIебахийтина, хьакъ долччу агIор дIадаьхьира и гIуллакх. Иштта, хIокху шарахь а кегийрхошца белхаш жигара дIахьош бу профсоюзийн декъашхой, – элира Х.Герзелиевс.
И.Байхановс а хаийтира, вайн республикерчу кегийрхоша оцу тайпанчу форумашкахь дакъалоцуш хилар шена мехала хеташ хилар а, дешаран а, Iилманан а министерствос похIмечу кегийрхошна гIо-накъосталла дийриг хилар.
– Дахаран уггаре а хаза зама ю – къоналла. Къоналлин денош Iаламат доца ду, цундела хьекъале хила а, и хан шайн пайдехьа ерзо а хаа деза шуна. Дала могашалла а, дуьненахь ирс, аьтто хуьлуьйтийла шун массеран а, – элира министра.
Дешаран Профсоюзийн Советана юкъабогIучу къоначу хьехархошна а, студенташна а юкъахь дIадаханчу а, карарчу а шерашкахь, дIабаьхьначу белхан жамIаш дира форумехь. Иштта, кегийрхошна тIеIитталуш йолчу массо а тайпанчу халчу киртигех лаьцна дийцира форумехь. Цул тIаьхьа, гулбеллачарна гайтира, хан шена пайдехьа муха ерзо еза довзийтаран видеокийсакаш.
Форуман шолгIачу декъехь, кегийрхоша бинчу белхан жамIаш дира, билгалбевллачу кегийрхошна ахчанца совгIаташ дира, Сийлаллин грамоташ елира.
Официальни дакъа дIадерзийначул тIаьхьа, концертан программа гайтира. Кегийрхойн самукъадаккха кхайкхинера Россин къаьмнашна юкъахь дIаяьхьначу берийн «Голос» проектехь дакъалаьцна йолу Асланбекова Раяна а, Соьлжа-ГIалин Ленински кIоштан Берийн кхоллараллийн цIийнера бераш а.
Хь.БАХТАЕВА
№56, еара, хIутосург (май) беттан 19-гIа де, 2016 шо