Со жима вара Нохчийчохь шолгIа тIом болабелча. Цундела, оцу хьуьнаречу стагах лаьцна мел дерг суна, сан дас-нанас дуьйцуш хезна ду. Баккхийчара дийцарехь, и тIом чIогIа ирча а, луьра а хилла. Ма дика ду-кх, замано и ирча шераш и боккха бохам генна дIатеттина, хIетахь вайн ерриге а республика чимбина, аьтта дIаяьккхина хиллера. ТIамо ярташ, гIаланаш йохийна ца Iаш, хIаллакйира школаш, лаккхара дешаран заведенеш, культурин гIишлош. Нохчийчоьнан сийлахь-еза, вай дозалла деш мел хилла меттигаш а йохийнера. Ткъа и дерриге а юхадар шена тIелаца хIуттур вацара баккъал а шен халкъ, мохк безаш воцург. И жоьпалле а, хала а дукъ шен белшаш тIеэца доьналла а, къонахалла а йолу стаг Кадыров Ахьмад-Хьаьжа хиллера. Тахана сих-сиха хеза вайна цуьнан дахарх, цуьнан сийлахьчу хьуьнарх лаьцна дийцарш. Ахьмад-Хьаьжин дахаран некъ хIумма а атта ца хилла. Дерриге а чохь са долу хIума Нохчийчохь хIаллакдар Iалашо йолчу бIаьрзечу ницкъана дуьхьалхIотта стогалла кхаьчна цуьнан. ТIамо нохчийн халкъ дуьнен тIера а дIадайа кхерам хиларх кхетта иза. Цунна хууш хилла, мел кхерамечу, халачу новкъа ша волуш ву. Цо шегара герз оцу къизаллина тIедерзийнера. Нохчийчоьнан кхане хилийтаран некъ тIом сацорехь хиларх кхетта Ахьмад-Хьаьжа. Дуьненахь массанхьа а гIарадевлира цо аьлла дешнаш: «Со тIом сацо веана вац, кхин цкъа а кхузахь тIом ца хилийта веана со!» ТIаккха халкъо ларам бира цуьнан, цунах теша а тийшира. Нохчийн халкъана цхьаъ бен боцу нийса некъ хаьржира цо – машар дIахIоттор. Цуьнан ондда дош, хьекъале къамел адамийн дегнаш чу кхочура, маьршачу дахарх тешам а кхуллура. Со тешна ву, Сийлахьчу Деле цо гIо дехар бахьанехь, нийса сацам тIеэца цуьнан хьекъал кхаьчна хиларх. Ахьмад-Хьаьжас доьхура АллахIе ша гIалатех ларвар, нийса харжамбан гIодар. Шен сица АллахIан лай вара иза, цундела Дала сирла, цIена некъ дIаболо ницкъ а, кхетам а белира цунна.
Ас дуккха а книгаш, статьяш ешна Ахьмад-Хьаьжех лаьцна. Со цецвуьйлу цуьнан дахаран некъах. Цуьнан хьекъале къамелаш сан иэсехь дисина. Ахьмад-Хьаьжина шерра хууш хилла, шена тIехьажийна эзарнаш герзаш хилар. Iожалла шен лорах лелаш юй хуъушехь, юханехьа цхьа гIулч а ца яьккхина цо. Цуьнан турпалаллех цецвуьйлу со. Со воккхаве Ахьмад-Хьаьжа ваьхначу исбаьхьчу Нохчийчохь со вехаш хиларх, иза санна нохчийн къомах со хиларх. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа патриот хилла, шен Даймохк а безаш, шен халкъана тешаме а волуш, Нохчийчоьнан дуьхьа цхьана а кхерамна къарлур а воцуш.
Поэтан Байронан хIара байт цуьнан хьокъехь язйича санна ю. Сан говзалле хьаьжжина гочйина ас хIара:
Сийлахьчу Даймехкан иллешкахь
Дехар ду турпала хьан васт,
Ехар ю и паргIатбаьккхина хьан стогалла.
Маьрша мел деха хьан халкъ,
Ницкъ хир бац цунна хьо вицвайта.
Хьо воьжна! Амма хьан цIий кхерста
Лаьттахула а доцуш, тхан пхенаш чохь,
Нуьцкъала доьналла доссор ду
Хьан хьуьнаро тхан дегнаш чу.
Даймехкан маршонан дуьхьа шен дахар дIаделла стаг, шен махкахойн дегнашкахь веха. Суна хетарехь, ишттаниг цкъа а велла вац, хIунда аьлча адаман са а, цуьнан сийлахь гIуллакхаш а бIешерашкахь деха, къоначарна шайн халкъан дуьхьа керла хьуьнарш гайта масал а хуьлий. Шена сийлалла лоьхуш ца хиллехь а, иза хьакъ ву вай лаккхара сий-ларам бан, доккхачу баркаллица дагалеца а. Нохчийн культурин, меттан, историн, гIиллакх-оьздангаллин гIарол а вара Ахьмад-Хьаьжа. Вайн махкахь мел долу халкъ, цхьа доьзал санна, бертахь хиларе сатесна вара иза. Нохчийн халкъ кхечу халкъел лакхара а, лараме а ду ца бохура цо. Амма, кхечу цхьана а халкъал лахара цахилар а дIахьедора. Цуьнан дахаран коьрта маьIна а, Iалашо а яра – нохчий цхьа халкъ хилла дIахIиттар.
Тахана цо дозалла дийр дара ша кхиийначу къоначу чкъурах, къаьсттина – шен кIантах Кадыров Рамзанах. Къона воллушехь, вайн Нохчийчоьнна коьрте хIоттийра иза. Тахана Нохчийн Республика жигара кхуьуш ю, шо-шаре мел долу тIеттIа хазлуш ю. Дуккха а тайп-тайпана гIишлош ю Нохчийчоьнан массо а маьIIехь дIахIиттийна, ткъа вайн коьрта маьждиг, массо а цецвоккхуш, исбаьхьа ду. Кхуьуш ю вайн экономика, юьртан бахам.
Ахьмад-Хьаьжас дIадолийра республика меттахIотторан гIуллакх, хIокху иттех шарахь, туьйранехь санна, хазъелла Нохчийчоь. ТIаьхь-тIаьхьа алсамбовлуш бу Даймехкан дуьхьа хьанал къахьоьгурш. И ма дара Ахьмад-Хьаьжина лууш дерг. Цунна уггаре а сийлахь, лараме хIоллам а тахана тIекхуьуш долу вайн къона чкъор ду. Вай цадезачарна Нохчийчоь, Кавказ юха а тIеман цIерга кхосса мел лаарх, цунах хIокхул тIаьхьа гIуллакх хир дац.
Суна доккхачу баркаллин довха дешнаш ала лаьа оцу сийлахьчу хьекъалчина, вайн дахарехь иза хиларна, таханлера ирсе дахар цо вайна даларна, тIамо хьаьшначу Нохчийчохь юха а маршо дIахIотторна. Иза гуттар а хир ву вайн дегнашкахь. Дала гечдойла цунна!
Джентамиров Мохьмад
№56, еара, хIутосург (май) беттан 19-гIа де, 2016 шо