ТIекIал кхо теракт йина Иракъан пачхьенехь Багдадехь. Оцу бохамашкахь 72 стаг кхелхина, 100 сов стагана чевнаш йина. Теракташ яр шайн болх бу аьлла дIахьедина «Иблисан пачхьалкхан» куьйгалхоша.
***
«Иблисан пачхьалкхан» гIеранаш хIокху деношкахь тIелетира Иракъерчу Анбар провинцехь долчу Iедалан эскаршна. Оцу тIамехь лаххара а 60 стаг вийна.
***
Шемахь болчу «Иблисан пачхьалкхан» террористашна дозанал арахьара хIинца танкаш а тIехь яхкийта йолийна. Хонкаран агIонгахьара схьайохьуш ю уьш.
***
«Джабхат-ан-Нусра» террористийн организацис тIемаш бар дIахьош ду Алеппо шахьарахь. Цара тIеман чIагIо йина дIахIоттийна и гIала.
***
Францин пачхьенехь совцош яц къинхьегаман законодательствона реформа ярна дуьхьалболчеран митингаш. Церан тасадалар хилла полицин белхахошца.
***
Россин Президента В.Путина мехкан Кхерамазаллин Советан декъашхошца дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь дийцаре дира Россин Федерацин а, АСЕАН-н а Саммитна кечамбаран хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
Россин Президента Кремлехь кхеташо дIаяьхьира Пачхьалкхан Советан декъашхошца. Цара дийцира гIишлошъяран комплексехь долчу хьолах а, гIишлошъяр алсамдаккхаран некъех а лаьцна.
***
Вайн мехкан Премьер-министран дийцарш хилира Комбоджин Правительствон Председательца Хун Сенаца. Церан барт хилира энергетикин декъехь цхьаьнагIуллакхаш дан.
***
Россин а, Великобританин а парламентарийн сацам хилла вовшашца хилла зIенаш меттахIитто.
***
ХIокху деношкахь Россин Пачхьалкхан Думехь тIеэцна къинхьегамна ял яларан уггаре а лахарчу бараман хьокъехь долу закон. Цуьнца нийса а догIуш хьалхарчу июлехь дуьйна цуьнан барам 7,5 эзар сом хир бу.
***
Карарчу шеран беа баттахь Россин федеральни налогийн службо федеральни бюджете дIахьажийна 1,5 триллион сом ахча.
***
Генарчу Малхбалехь а, Сибирехь а 75 меттигехь хьаннех евлла цIерш дIаяйъарехь дакъалоцуш болчу МЧС-н белхахойн а, техникин а барам тIаьхьарчу деношкахь дикка алсамбаьлла.
№56, еара, хIутосург (май) беттан 19-гIа де, 2016 шо