дIахьур ду хIокху шеран 24–25-чуй майхь Соьлжа-ГIалахь
Оцу мехалчу цхьаьнакхетарехь дакъалаца богIур бу кхерамазаллин гIуллакхашна тIехь терго латтош болу сий-лараме векалш. Цу тайппана цхьаьнакхетарш хIора шарахь дIахьо Россин Федерацин Кхерамазаллин Советан дIадолорца мехкан муьлххачу а цхьана гIалахь.
Россин Федерацин Кхерамазаллин Советехь хаам бина ма-хиллара, Соьлжа-ГIалахь дIахьон долчу цхьаьнакхетарехь дакъалаца лерина бу 60 сов пачхьалкхера Кхерамазаллин Советийн секретараш, министраш, президентийн, премьер-министрийн къоман кхерамазаллехула болу гIоьнчий, лерринчу службийн куьйгалхой, кхиберш.
Цигахь дийцаре дан дехкинчу мехалчу дуккха а гIуллакхашна юкъахь ду экстремизмана а, терроризмана а дуьхьал къийсам дIабахьаран, миграцин хиламашца доьзна региональни а, дуьненаюкъара а кхерамазалла хилийтарна кхачояран проблемийн, хаамийн дуьненаюкъара кхерамазаллин система вовшахтохаран хьокъехь дерш.
Цул сов, пленарни кхеташонаш дIаяьхьна ца Iаш, шина дийнахь вовшашца цхьаьнакхетарш дIахьур ду делегацийн куьйгалхоша а, декъашхоша а. Уьш хила тарло шина пачхьалкхан я масех пачхьалкхан векалш цхьаьнакхеташ.
Россин Федерацин делегацина коьртехь хир ву Россин Кхерамазаллин Советан секретарь Патрушев Николай. Кхерамазаллин гIуллакхашна тIехь терго латтош болчу лакхарчу векалийн дуьненаюкъара VI-гIа цхьаьнакхетар 2015-чу шеран июнехь Улан-Удэ гIалахь дIадаьхьира. Цигахь дакъалецира 63 пачхьалкхерчу делегацеша. Цуьнца цхьаьна цигахь дакъалоцуш яра Цхьаьнатоьхначу Къаьмнийн Организацин (ООН-н) ши делегаци.
Соьлжа-ГIала хIинцале а кийча ю беза хьеший тIеэца а, вайна массарна а юьхькIам хир болчу тIегIанехь цхьаьнакхетар дIадахьа а.
Д.АНАДЕВ
№56, еара, хIутосург (май) беттан 19-гIа де, 2016 шо