«Дагера даге» марафонан жамIаш

ХIокху деношкахь республикехь дIаяьхьира «Дагера даге» цIе йолу дуьненаюкъара вадаран кхозлагIа марафон. Иза дIайолаеллера Соьлжа-ГIаларчу «Нохчийчоьнан дог» маьждиган майданахь, ткъа чекхъелира Устрада-ГIаларчу «Ненан дог» маьждигна хьалхарчу майданахь (16,5 км). Марафонехь дакъалецира 2 эзар стага. Иштта хаам бина Нохчийн Республикин Правительствон туризмехула йолчу комитето.1 полоса марафон

Толаман лоруш 10 меттиг яра. Царах хьалхара меттигаш ехира Попов Сергейс (хьалхара меттиг, 27 шо, Воронеж), Максимов Игорьс (шолгIа меттиг, 24 шо, Новосибирск), Реунков Алексейс (кхозлагIа меттиг, 32 шо, Раменски). 4-чунна тIера 10-на тIекхаччалц меттигаш яьхнарш: Ахмадеев Ринас (4-гIа меттиг, 26 шо, Казань), Сафронов Владимир (5-гIа меттиг, 29 шо, Москва), Ильин Олег (6-гIа меттиг, 27 шо, Чебоксары), Лейман Андрей (7-гIа меттиг, 29 шо, Краснодар), Адышкин Павел (8-гIа меттиг, 27 шо, Детин Iаьмнаш), Чавкин Николай (9-гIа меттиг, 32 шо, Жуковски), Максимов Михаил (10-гIа меттиг, 30 шо, Чебоксары).

Хьалхара меттиг яьккхина волу С.Попов 50 минотехь 24 секундехь дIакхечира финише. Цо «Хендай Солярис» автомобиль яьккхира. Кхийолу толаман меттигаш яьхначарна ахчанан совгIаташ дира: шолгIа меттиг яьккхинчунна  200 эзар сом делира, 3-гIа меттиг яьккхинчунна – 100 эзар сом, 4-чунна тIера 10-на тIекхаччалц меттигаш яьхначарна хIоранна а – 50 эзар сом.

Толамхошна совгIаташ дIалучохь дакъалецира: Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Кадыров Ислама, Чоьхьарчу гIуллакхийн министра Алханов Руслана, Физически культурин, спортан министра Хизриев Хасмохьмада, Нохчийн Республикин счетни палатин председатела Тумхаджиев Iийсас, Соьлжа-ГIалин мэра Хучиев Муслима, Устрада-ГIалин мэра Темирбаев ИбрахIима, Нохчийн Республикин Правительствон туризмехула йолчу комитетан куьйгалхочо Эдильгириев Амруддис, Нохчийн Республикин езачу атлетикин федерацин президента Кадыров Мохьмада, иштта кхечара.

Марафонехь дакъалаьцначу заьIапхошна а дира ахчанца совгIаташ. Дакъалацархойх уггаре а къена волу Элимсултанов ГIабис (62 шо) а, уггаре а къона волу Шовхалов Iамир (7 шо) а ца витира совгIат доцуш.

Кадыров Мохьмада билгалдаккхарехь, оцу тайпана цхьаьнакхетарш а, гIуллакхаш а дIадахьа таро а, маршо а хилар – иза республикина а, нохчийн халкъана а боккха  юьхькIам бу. Цунна хетарехь, спортан а, культурин а декъехула долчу тайп-тайпанчу цхьаьнакхетарша Россехь дика цIе яккхийтина ца Iаш, дуьненна а дIакхайкхайо нохчийн мехкан а, нохчийн халкъан а цIе.

Иштта, цо даггара декъалбира марафонан дакъалацархой а, толамхой а.

    ХАСАХАНОВ Ислам

№56, еара, хIутосург (май) беттан 19-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: