Соьлжа-ГIалахь Iуналла деш доцчу дийнатийн дуьххьарлера цIа схьадоьллуш дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волчу Кадыров Рамзана.
Иштта хаам бира цо шен инстаграмехь йолчу агIонехь.
Р.Кадыровс довзийтира и цIа Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондо дина хилар.
Р.Кадыровс шен инстаграмехь йолчу агIонехь яздо: «Ши бутт хьалха интернет-сеташкахь Нохчийчуьрчу «Надежда на жизнь» боламан дакъалацархоша, коьртехь Зумаева Элита а йолуш, шайн чоьтах нехан керт а лаьцна, цомгашчу цицигашна а, жIаьлешна а доладеш хилар хиира суна. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондан президенте, хьомсарчу сайн нене Кадырова Айманига дийцича, цо и мехала гIуллакх дечу зударшна гIо-накъосталла дан шен лаам хилар хаийтира». (2016-чу шеран 12-чу мартехь дIадолийра кхерсташ лелачу дийнаташна лерина гIишло яр).
Говзанчаша дийцарехь, ерриге а Къилбаседа Кавказехь а дац иштта цIа. ЦIийнера вольераш 350 дийнатана лерина ю. Царна доладеш 20 сов стаг хир ву, ветеринараш а тIехь.
– Суна кхаъ бу вайн республикерчу тIехь Iуналла ца дечу дийнаташна леррина цIа хилар а, иштта, церан хьакъ долччу кепара доладийриг хилар а. Бакъду, иштта вас а хилла суна, и тайпа цIа вайн махкахь дан дезарна, республикерчу бахархоша чохь дийнаташ, ца оьшу тайнигаш санна чуьра аракхийсарна. Суна Iаламат хазахетар ду и цIа деса лаьттича, цига дига цхьа а да воцуш дисина дийнат вайн республикехь ца хилахь. (Бакъду, вайна массарна а хаьа, иза вайн республикин проблема хилла а ца Iаш, ерриге а Россин хьовха, дерриге а дуьненан а проблема хилар). Ас сайна дигна оцу цIийнера Дарира цIе йолу бIаьрзе цициг а, цомгаш Марта жIаьла а. Хаза а, могаш а жIаьлеш а, цицигаш а сан цIахь долуш ду, ткъа хIинца цомгашчу Даририний, Мартиний доладийр ду ас, Дала мукъ лахь! – яздо Кадыров Рамзана шен инстраграмехь йолчу агIонехь.
Хь.АВХАДОВА
№56, еара, хIутосург (май) беттан 19-гIа де, 2016 шо