Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана даггара баркалла элира Россин Президентана Путин Владимирна меттахIоттийначу Соьлжа-ГIалин лаккхара мах хадорна.
ХIокху деношкахь Кремлехь дIаяьхьначу Пачхьалкхан Советан кхеташонехь Россин Президента В.Путина шайх дозалла дан хьакъйолчу гIаланашлахь билгалъяьккхира Нохчийчоьнан пачхье а. Инстаграмехь йолчу шен агIонехь цуьнца доьзна Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана яздо: «Россин Президента Путин Владимира дукха лакхара мах хадийна вайна дукхаезачу Соьлжа-ГIалин. Россин къоман баьччас элира, Москвах, Санкт-Петербургах, Дашочу Гуонан а, Поволжьен а гIаланех санна, вайн боккхачу мехкан бахархоша шех дозалла дан хьакъдолуш ю Соьлжа-ГIала а аьлла. Ас даггара баркалла боху Владимир Владимировична Соьлжа-ГIалин иштта мах хадорна. Вайна чIогIа мехала ду иза! Вай вешан ницкъ кхочург дерриге а дийр ду Соьлжа-ГIалех гIуллакхан а, культурин а, спортан а туш хилийтаран дуьхьа».
«ХIинц-хIинца а саьлнашкахь Iиллина вайн гIала, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а, цуьнан тешамечу накъостийн а, республикин халкъийн а къинхьегаман хьуьнар а, федеральни центро ондда гIолацар а бахьана долуш, хьалха а санна, Кавказан уггаре а исбаьхьчу гIаланех цхьаъ хилла дIа а хIоьттина, ткъа хIинца Россин къоман баьччас мах хадорехь, шен хазаллица Москван, Санкт-Петербурган могIаре а хIоьттина», – кхидIа а яздо Р.Кадыровс.
Республикин Куьйгалхочо иштта билгалдаьккхира тIаьхьарчу пхеа шарахь вайн регионехь 3 миллион гергга квадратан метр хIусамаш йина хилар. «Россин хIусамаш яран министерствон 2015-чу шеран хIусамаш яран планан гайтам шозза сов кхочушбина вай. Билгалдаккха лаьа, гIишлошъяран декъехь кхиамца дIахьош ду гIишлошъяран керла технологеш юкъаялор а, арахьара чукхоьхьуш хилла гIирсаш меттигерчаьрца хийцар а, еш ю вайн заманан лехамашна жоп луш йолу «Казбек» гIишлошъяран технопарк а. Къаьсттинчу тергонехь латтадо республикин яртийн, гIаланийн архитектурни куц», – билгалдоккху шен хаамехь республикин Куьйгалхочо.
Регионехь бегIийла хьелаш кхуллу инвесторшна, цо таро хуьлуьйту механа еза проекташ кхочушъян.
«Тахана кхочушъеш ю 265 миллиард соьмана йолу 145 инвестицин проект, жигара дIахьош ду хIусамаш а, коммерчески гIишлош а яр. Вайн Даймехкан – Россин – уггаре а кхиъначу регионех цхьаъ хилла дIахIуттур ю Нохчийн Республика!», – тешам боллуш, чIагIдо Р.Кадыровс.
Хь.АБАЕВ
№56, еара, хIутосург (май) беттан 19-гIа де, 2016 шо