2016-чу шеран 1-чу апрелехь дуьйна кегийрхой гIуллакхдан кхайкхар дIадоладелла хиларца доьзна, Россин Федерацин Талламан комитетан Къилбан тIеман округехь йолчу 505-чу тIеман талламан отдело зуламашна профилактика яран гIуллакхаш дIадолийна (царна юкъадогIу бIаьхаллин гIуллакх кхочушдан цалаарца кегийрхой кIелхьара бовла гIертар). Шайн лаамца эскаран дакъош а дитина, бIаьхаллин гIуллакх дIадахьаран меттигашкара бакъо а йоцуш дIабаханчу берриге а эскаргIуллакххошка кхайкхам бо отделан куьйгалло шаьш долу меттигаш йовзийтар доьхуш. Иштта, отделан куьйгалло лакхахь хьахийна эскаргIуллакххой болу меттиг къасторехь гIо-накъосталла дар доьхуш кхайкхам бо церан гергарчаьрга а, царна цхьаъ хиларна саготта болчу бахархошка а. Шен граждански декхар кхочушдан лаам болчо хаам бан мегар ду Россин Федерацин Талламан комитетан тIеман талламан органашка, тIеман комиссариате я комендатуре, прокуратурин я чоьхьарчу гIуллакхийн меттигерчу органе. Хаамехь билгалдаккха догIу шен лаамца бIаьхаллин декхар кхочушдарна пебетташ верг мила ву, иза волу меттиг а (нагахь санна хууш елахь). Дагадоуьйту, Россин Федерацин Уголовни кодексан 337-чу статьяца (шен лаамца эскаран дакъа я гIуллакх деш волу меттиг йитар) а, 338-чу статьяца (дезертирство) а нийса а догIуш, билггал бахьана а долуш, дуьххьара иштта зулам дина волу эскаргIуллакххо уголовни жоьпаллех хьалхавита тарло. Оцу бахьанашна юкъадогIу: эскаргIуллакххочунна вуон тIеIаткъам беш долу тайп-тайпана хIуманаш (цунах летар, цунна ницкъ бар). Оцу декъехь кхолладеллачу хаттаршна жоьпаш лур ду Россин Федерацин Талламан комитетан Къилбан тIеман округехь йолчу 505-чу тIеман талламан отделан дежурни белхахочо 8(8712)33-2321 номерца а, иштта Россин Федерацин Талламан комитетан Къилбан тIеман округехь йолчу тIеман талламан Урхаллехь, 8(8632)22-13-59 номерца а. Телефон де а, буьйса а ца къестош тоха йиш ю! Карарчу хенахь Къилбан тIеман округера 500 сов эскаргIуллакххо ву лоьхуш. Цаьрга хIоранга а кхайкхам бо: шайн а, шайн доьзалан а, гергарчеран а ойла е. Россин Федерацин дуьззина а, законна муьтIахь долу а гражданаш хилий юкъаралле юхадерза, дахаран хала хьал нисдан а, шайн хакъ доллу хиндерг хилийта а йолчу таронех пайдаэца. Россин Федерацин Талламан комитетан Къилбан тIеман округехь йолчу 505-чу тIеман талламан отделан адрес: 364024, Нохчийн Республика, Соьлжа-ГIала, тIеман шахьар – Хан-ГIала. Россин Федерацин Талламан комитетан Къилбан тIеман округехь йолчу 505-чу тIеман талламан отделан куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волу В.Гулин (Юстицин майор)
№57, шот, хIутосург (май) беттан 21-гIа де, 2016 шо