«Терек» – «Кубань» – 2:1

Премьер-лигин  командашна  юккъехь  Россехь   хьалхеяккхаран чемпионатан 22-чу туран  матчехь  Соьлжа-ГIалара  «Терек» шен  цIахь  «Ахмат-аренехь»  цхьаьнакхийтира  Краснодарерчу  «Кубаньца».

СоьлжагIалахой: Я.Годзюр, А.Семенов, М.Коморовски, Ю.Ояла, Р.Уциев, Ж.Маурисио, В.Адилсон, И.Лебеденко (Г.Грозав, 76), М.Рыбус (Р.Кану, 82), О.Иванов, А.Аилтон  (Ф.Пириз, 90).

Хьеший:  А.Беленов, А.Деаберт,  Шандао, Р.Бугаев, М.Жавнерчик, Ш.Кабаре (Г.Букур, 64), А.Соснин, Л.Мельгарехо, С.Маналев, И.Попов, А.Хубулов. (Н.Безлихотнов, 81).

Коьрта  суьдхо  Николаев  Алексей (Москва).

Премьер-лигин бІаьстенан  муьран кхаа турехь  дикка  хийцамаш  хилла турниран  таблицехь. СоьлжагIалахойн ловзар  дикачу   агIор   хийцаделла. Бакъду, турнирни таблицехь шаьш  лаьттина  хиллачу   меттера  хьала  ца  бевлла уьш. ХІокху турехь «Терекан»,  «Кубаньца»  ловза  дийзира. Ткъа  соьлжагIалахоша  Краснодарера   команда премьер-лигехь  ловзуш  кхул  хьалха цкъа а  эшийна яцара. Цундела «Терекан» болельщикаш, кхерамца хьоьжура  оцу  цхьаьнакхетаре.

Матч йолаяларца  Соьлжа-ГIалара «Терек»  кхерамаш  тийса йолаелира  хьешашна. Бакъду, соьлжагIалахошна  ах сахьт  хан  ийшира  оцу  ловзарехь  счет   схьаелла. Шайн гІуданан майданахь Кабарес вайн командера Аилтон  охьатохар  бахьана  долуш, коьрта  суьдхочо  Николаев  Алексейс  пенальти  тоха  бакъо  елира  соьлжагIалахошна. И пенальни чу туьйхира  оццу Аилтона. Иштта,  хьалхарчу таймехь  билгалбовла  герга   бара  Иванов  Олег а, Адилсон  Варкен а. Бакъду, уьш  шайн Iалашоне   ца  кхачабелира. ШолгIачу  таймехь  а кхин  хийцам   бацара  гуш. Нохчийн футболисташ гIолехь  ловзура. 58-чу  минотехь  Рыбус  Мацей сонера   елла  буьрка  коьртаца  чу  туьйхира  Коморовски  Мартина  – 2:0!  Гол ца  тухуш «Кубань»  а ца  Iийра. 66-чу  минотехь  Годзюр Ярослава лардечу кевначу  буьрка  тохарца  билгалвелира  Мельгареко  Лоренсо. Иштта,  жамI 2:1  долуш,  толам  баьккхира вайн  махкахоша.

Соьлжа-ГIалара  «Терек»  30-чу мартехь  23-чу туран  матчехь  цхьаьнакхетар  ю Самарерчу «Крылья Советов»  командица.

Довзийта  лаьа  кхечу  ловзарийн  жамIаш: «Динамо» (Москва) – «Рубин»  (Казань) – 0:0; «Краснодар» (Краснодар) –  «Спартак» (Москва) – 4:0; «Локомотив»  (Москва) – «Урал»  (Екатеринбург) – 3:0;  «Волга» (Нижни Новгород) – «Томь» (Томск) –0:1;  «Ростов»  (Дона-тIера Ростов) – «Амкар» (Пермь) – 3:3.

АБДУЛАЕВ  Адам 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: