Реза вац
БаIисан зуда чIогIа цомгаш хилла. Цуьнга хьажа валийначу лоьро: – Къонах, хьан зудчунна реза вац со, – аьлла. – Делан неIалт хуьлда цунна реза волуш Iаш волчунна. Со-м вац цунна резаволуш Iаш. Иза а дитий, кхуьнан лазарх дерг алахьа, – аьлла БаIиса.
ТIара вукха пIелга тIе…
Дов даьлла нах дIасакъесточу хенахь мухха а кучан нуьйда схьаяьккхина хилла БаIисан. ЦIа ма-кхеччи, зуда чохь ца карийча, иза сихха тIетега охьахиъна хIара, оьгIаз а вахана. Оццу хенахь чоьхьаяьллачу зудчо: – Ва стаг, тIара оцу пIелга тIехь хила ма ца беза, – аьлла. – Дера ца беза, беззанехьа а-м. Иза хьан пIелга тIехь хила безаш бара, – тIечевхина БаIис.
Цо дIа-м лур дац
БаIисан а, Къуддузан а шина кIентан дов даьлла хилла, тIаккха вовшашна халахетар долу дешнаш лоьхуш холчу хIоьттина хилла и шиъ. – Бакъ, сан да хьайчул хьалдолуш ма ву, – аьлла Къуддузан кIанта. – Хилийтахь. Сан да хьайчул хьекъал долуш ма ву, бакъ. – Велахь, сан дегара юхалург ахча хIунда даьккхина цо? – Даьккхина? Даьккхинехь а… Бакъ, цкъа а дIа-м лур дац хьуна цо иза, – дош толоза ца Iийна БаIисан кIант.
ДIаяздинарг – С.ХАСАНОВ
№57, шот, хIутосург (май) беттан 21-гIа де, 2016 шо