Кханенан ойла еш ю театр

ХХ-ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь вайн махка хьаьвзинчу сингаттамаша йоккха лар йитина адамийн дегнашкахь. Дийцина ца валлал даккхий зенаш дира Нохчийчу беанчу тIамо. Хьалха Дела, шолгIа (Дала гIазот къобал дойла цуьнан) Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа бахьанехь машаречу новкъа делира буьрсачу тIамо чIогIа гIело йина къам. Цунах дика кхеташ волчу мехкан хIинцалерчу Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана «Нохчийн Республикин лаьтта тIехь терроризмаца луьра къийсам латторан хьокъехь» долу №170 йолуш Указ арадаьккхира 2007-чу шеран 28-чу апрелехь.IMG-20151120-WA0017

Оцу мехалчу Указана тIетевжина белхаш дIаболийра дуккха а организацеша. Терроризмана, экстремизмана дуьхьал жигара дIаболийначу идеологически белхан  хьалхарчу могIаршкахь  яра Нохчийн Республикин культурин министерство. ТIаккха, оцу боламна юьстаха лаьттийла дацара вайн махкарчу  къоначу хьовсархойн театран а. Оцу театран хьовсархой Нохчийн Республикин уггаре а къона бахархой хиларе терра, цаьрца леррина болх дIабахьа актераш билгалбехира: А.Виситаев, Л.Вискаева. Къоначу  хьовсархошца кхетош-кхиоран болх дIахьош дечу къамелашкахь дакъалаца юкъаозийра Iеламстаг С-Хь.Сайдаев. Актераша  а, Iеламстага а къона хьовсархой кхетар болчу агIор, бакъдолчунна тIера схьаэцна къеггина масалш далош  дуьйцура берашна хила тарлучу

бохамех. Ислам дин  адамалла йолуш хиларх  лаьцна а дуьйцура, цхьана а кепара къизалла цуьнца йогIуш цахилар а билгалдоккхура къоначу хьовсархошна хьалха къамелаш дечу театран векалша. Иштта болх  театре схьабаьхкинчу хьовсархошца бина Iаш

бацара уьш. ТIаьхьарчу шерашкахь  театр хилла Галнехь, Горагорскехь «Таинственный гиппопотам» спектакль цигарчу берашна гойтуш. Амма спектакль дIайолаялале, къамелаш дора актераша ярташкахь дIаяьхьначу  гастролашкахь а. Дуьйцура нохчийн къоман

гIиллакхийн хазаллех, исламан беркатечу серлонах, терроризмах, эстремизмах вайн халкъана даьллачу зуламах лаьцна. Харцхьарчу новкъа бовларх кхиазхой ларбан лууш деш дара  и къамелаш. Билгалдаккха догIу бераша актерийн хьехамашка сема ладугIуш

хилар. Иштта къоначу хьовсархойн театр «Сыны Кавказских гор» цIе йолчу спектаклаца Шуьйтахь, Мамакхин-КIотарахь, «Родина» совхозехь хилла. Спектакле хьовса гулбеллачу кхиазхошна даима санна, иза дIайолаялале,  вайн махкахь  терроризмана дуьхьал луьра латточу къийсамах лаьцна дийцира актераша. Цу тайпа  цхьаьнакхетарш Соьлжа-ГIаларчу кхиазхошца а дIадаьхьна театро. «Доктор Айболит» спектакль гойтуш театр хилла Соьлжа-ГIаларчу №44, №1 йолчу юккъерчу школашкахь. Цигахь  а дIабаьхьна театран векалша кхетош-кхиоран болх. Цундела, цхьана кепара шеконаш йоцуш, вайн тIечIагIдан бакъо ю: театр къоман  кханенан ойла еш, тIекхуьу чкъор кхетош-кхиорехь жигара дакъалоцуш ю.

А.АРАПХАНОВА

№57, шот, хIутосург (май) беттан 21-гIа де, 2016 шо        

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: