Суьйренаш

(«Бетарсолтас дуьйцу» цикла тIера)

Хьалхара суьйре

ХIей, маржа дуьне! Тахана суна ма чIогIа ца тоьа-кх хьо, Ваши! ХIаъ, ас иштта олура сайн ненадех Бетарсолтех. Хьо бакъдуьнена дIавахана дукха хан ю. Ткъа суна-м лаьара кест-кеста хьан коша тIе хIотта, ойланехь хьох дагавийла, хьан хьехаршка ладегIа. Кешнашкахь хьан каш ду массарех къаьсташ. Хьан чурта тIехь бен динан сурт дац. Ткъа говраш хьуна чIогIа дукхаезара. «Дин къонахчун тIемаш ду!» – олура ахь. Ткъа хьо, Ваши, вуьззина къонах вара. Сибрех бахийтина вайнах цIа бирзича, хьуна елла карийра шайн кIотар – Хьаьжин-ХитIа – ерриге а лаппагIанаш лаьттаца дIашарйина яра. Меттигерчу Iедало бакъо ца лора уьш юха денъян. Амма хьуна, Ваши, ца лиира цунна гена ваьлла ваха. ТIаккха шайн колхозехь, хехочун балха дIа а тарвелла, ахь циггахь юха а дуьйгIира хьайна цIа. Ахь цкъа а ца доьхкинера хьайн эхь-бехк, хьайн Даймохк. ЦIена, хьанал, майрра дIавахара хьо хIокху къилечу дуьненара. Ас дагалоьцу дIаихна шераш. Сан иэсехь серлайолу цхьа суьйре. Со хьо волчу веанера буьйса а яккха. Дукха хан яра малх чубуьзна, амма аьхкенан буьйса йола хIинца а дикка хан яра. Чохь бурко ю. Цундела вайшиъ уьйтIахь гIанта тIе а хиъна Iа. – Хьо леррина хьоьжуш вара кхузахь сан цхьан-цхьаъ йолчу пекъар лаппагIане, – боху Вашис. – Лулахой ца безаш ца хиъна со кхузахь со суо ваха охьа. «Шен эвлаца ца ваьхнарг – каш доцуш висина», – иштта олу вайнаха. Дагахь латтаделахь: нагахь санна лулахочун кертахь ловзар къекъахь я белхаран аьзнаш довлахь, хьайн цIийнан неIарш шуьйрра дIаеллалахь. Хазахетар а, сингаттам а – ваша-йиша ду. Уьш даима цхьаьна лела. Иза ма дицделахь, – Ваши соцу. КIоргачу ойланашка вахана, лаьттан бIаьра а вогIавелла Iа иза. – Адаман бIаьрг лаьтто а, хиэ а бен ца бузабо, – кхидIа а дуьйцу цо. – Ма вицлолахь царна суждане эха. Сонтачо ша йиънарг а, мелларг а юьйцу, хьекъалчо – шена хезнарг а, гинарг а дуьйцу. Стеган мостагI цуьнан сонталла ю. Стеган доттагI хьекъал ду. Веза-Воккханиг стеган даг чу хьожу, цундела иза цIена кхабалахь. Стеган хазалла цуьнан эхь-бехккий, сий ду. Атта ду уьш дIатаса, амма юха дендан Iаламат хала ду, – Ваши леррина соьга хьожу. ТIаккха, меллаша хьалаайало. Со кхета: тхан къамел таханенна чекхдаьлла.

ШолгIа суьйре

Со хIинца а ву Ваши волчохь. Суьйренан бода бу тIетеIаш. Вашис боху: – Со говр ялош вогIу, ткъа ахь дика ойла е вайшимма дийцинчун. – Ас схьаялаяй иза? – меллаша хотту ас, цо иза сайх тешор йоций шал-шера хуъушехь.
– ХIан-хIа, цо хьо шена юххе а вуьтур вац, баргол тоьхна елахь а. Говрашна ца беза ца бевза нах. Царна геннара хаало шайн дайн болар, ткъа бисинарш, шайн мостагIий санна, тIелоцу. Ас хьайга боххург деш, хIоккхехь Iиэ. Башха ойла ян езаш хIума а дацара цо дийцинарг. Ас дукха леррина ладегIнера цуьнан хьехамашка, церан хIора дош кIоргга сан даг чу дижнера. Уьш ас хIинца а сайн даг чохь кхобуш ду. Вуьшта, цхьа дагахьбаллам бисина: ас Вашин хьехамаш хIеттахьехь дIацаязбар. Амма жимачохьлера иэс чIогIа экам ду. ХIинца ас Iаламат хала меттахIиттадо цо дийцинарш. Вашис дуьрста а лаьцна, схьаялийра шен дика юстийна говр. – Говр боларца евза, ткъа стаг – цуьнан собарца, – боху цо. – Цкъа а ма хадабелахь сихаллехь хIуманан мах. Вашина ца оьшу ша бохучун ас хадабен мах. Ас жоп даларе а ца хьоьжуш, говр паргIатъяккха воьду. Кеста юха а ца вогIу. – Говр гIелъелча дикахо евза, ткъа стаг – къийвелча, – боху Вашис. – Говр – шениг еза, ткъа зуда – неханиг. Цундела олуш ма ду: «Нехан говрара хотталахь воьссина». Кхин а: шен дин-бекъе хазахеташ хьежа мега, амма нехан зудчунна тIе бIаьрг къерзор доккха къа ду. Нехан говро дика йоккху ирхе, амма хьайниг хьалха ма леллалахь. Кхин а цхьа хIума даима дагахь латтаделахь: нехан хьаьвди тIехь говр ма юстаелахь, бехачу новкъахь куралла ма елахь. Нохчичун ворданна тIе хиъча – нохчийн илли ала, гIумкичун ворданахь – гIумкийниг. Нагахь санна бере дика велахь, кхела а хьалха ер ю. Ас лерина ладоьгIу цуьнга, амма цунах дика кхета хьекъал ца тоьа. Вашина а хаьа иза, хIетте шен хьехамаш кхидIа а бо цо: – Матто динчу хIоаша, ахь мел тевна дахкарх а, кIорнеш дохур дац, – боху цо, хьала а гIоттуш. – Амма буьйса тIееанчу юьртахь буьйса яккха-м еза. Вало, чу воьду вайшиъ. ХIинца-м цунах ца кхоьтийла а дацара. СадаIа ма деза воккхачу стага. Иза-х дийно сарралц къахьоьгуш ву. Цунна тIаьххье дIаволало со а.view_new (1)

КхоалгIа суьйре

Дийнахь-буса, бIаьрг-негIар ца тухуш, Вашига ладегIа кийча ву со. Цуьнан догдикачу хьехамех а хьаьгна, хIинца а веана со иза волчу. – Нана муха ю? – хотту цо. – Дика дIалелаш ю иза-м, – олу ас. – Иза йолчуьра вогIуш ву со. – Ненан оьгIазло – лайх тера ю, – боху Вашис. – Ло кIорга дуьллу, амма сиха деша. Цуьнга ладугIуш хилалахь. Со даима хилла дас-нанас аьлларг деш, церан дош ца дохош, хIокху дийне а ваьлла. Цундела Вашина жоп дала суо декхар ца лору ас. Иза цунна а вуно дика хаьа. Хетарехь, цундела кхидIа дуьйцу цо:
– Нанна даима моьтту шен бер жима ду. Цуьнан бIаьргашна чохь даима жима хилалахь. Иштта виса а виса. Цхьа бекхам боцуш дуьсур дац ахь леладо гIиллакх. Со, даима санна, дуьхьал вист ца хуьлуш, корта а теIош Iа, шера хуъушехь, цо цунна цхьа а хьаам ца бой. Цо иштта шен хьехамаш дIасовцор ма бац. – КIант ца хилча, цIийнан тхов хир бац, – боху цо. – Кхин а дагахь латтаде: кIанта зуда ялийча ненан хьаьвзина букъ, йоI маре яхча нисбелла. Амма оцу хьехамна корта таIор а гIиллакхе дац. Ас кхин а охьабохуьйту сайн корта. Амма…
– КIентан са ненан даг чохь ду, – кхидIа а дуьйцу Вашис. – Даима иза дагахь латтаделахь. Боьршачу стеган ирс – хьуьнаршкахь ду, ненан ирс – доьзалшкахь. Лаьтто адамаш кхобу, ткъа нанас – доьзал. Дикачу кIантана даима го шен нана гIенах. Тхан таханлера суьйре нанна лерина ю. Цунна цхьанна. Сан даг чу сингаттам буссу. ХIун ду а ца хаьа, суна дагаоьху айса нанна бина цатемаш, ткъа диканаш (нагахь санна уьш хиллехь а) иэсера дIадевлла. – Божарий къорам бу бIаьрхишна, – кхидIа а дуьйцу цо. – Амма зуда еллачу тезетахь бIаьргех хи даккхар массо а хенахь йоккха стогалла лерина, хIунда аьлча хIора зуда, иза уггаре а хьалха, НАНА ю. Сан кIант, иза диц ма де. Нана елча, кIентан даг тIера зезаг дужу. Ваши сацало. Бода тоххар къовлабелла. Амма суна цуьнан бIаьргаш тIунделла го. Сингаттаме нисъелира тховсалера суьйре. Со чувоьду. Суна тIаьххье Ваши а вогIу.

ЙоьалгIа суьйре

ЦIийлуш-йогуш ю тхан цIе. Ваши, корта охьа а бахийтина, ойланашка вахана Iаш ву. Наг-наггахь цо цIерга кхуссу, цуьнан оьмар яхъеш, екъа чIешалг я га. ТIаккха цара, беттасин стигла суйнаш кхуьйсу, берриге а гуо серлабоккхуш. – Адам хIокху цIарах тера ду, – боху цо. – Стаг веха, шен деган цIарца кхиберш а бохбеш, тIаккха, цхьана муьрехь, ша а дIавов. Вашин хьаз доьлла, къора аз шайтIанан озах дека буьйсанан кIоргехь. Лаьмнаш а дIатийна бIешерийн тийналлехь. Моттало, Ваши а, со а тхаьш ву кху доккхачу дуьненахь. Цо цхьажимма шен къамел сацорах пайда а оьций, кIелдIашхула къайллаха бIаьрг туху ас цуьнан ойланашна чуйоьллачу юьхье. Ларамза сан даг чу оьккху: «Шен халачу, амма дукхачу хиламашца хьал долчу дахаран жамI дан-м ца воллу техьа Ваши?» Ас тидам бина: тIаьхьарчу хенахь иза цамгарш лехьо воьлла, цо шегара хьал дуьххьалдIа схьа ца дийцахь а. Ас и сингаттаме ойла, сайн даг чу эккхаре терра, сихха дIа а эккхайо. Сан даго тIе-герга йитац иза. Сан йиш яц иза воцуш. Иза дIавахарца, дуьне тезета а, бодане а дужур ду. Сан дахаран хьалхалера маьIна а, Iалашо а хедар ю. Амма, сан ирсана, цуьнан озана юха а чу са догIу. – Шен заманна дуьхьал ваьлларг, хIаллакьхилла ву, – боху цо. – Даима цуьнца ког боккхуш хьайн некъ белахь. Шен доьзалан да ца хилларг, шен Даймехкан кIант а ца хилла. Диц ма делахь, кIант! Жимма соцунгIа хуьлу иза. ЦIерга чIешалг кхуссу цо. ТIаккха юха а къамел дIадоладо: – Дахарехь баттара шаьлта яккха еза муьрташ а тIехIуьтту. Амма шаьлта батта чу йилла еза меттигаш а нисло. Ойла ца еш, ког баккхарх ларлолахь. Сихвалар сонталла ю, ткъа собар хьекъал ду. Кхин а: сонтачо баттара яьккхина шаьлта, кхераме ю хьуна къонахчун шаьлтанал. Диц ма делахь, кIант. Багара арадаллалц – дош хьан лай ду, арадаьлча – хьо ву цуьнан лай. Хьалха ца хьожуш, ког а ма баккха, тIаьхьа ца хьожуш, дош а ма ала. ТIаккха дезар дац хьан юьхьIаьржа хIитта. Ваши, меллаша корта хьала а ойбий, леррина соьга хьожу. Амма со вист а ца хуьлуш, цIарна тIе а вогIавелла Iаш ву. Суна хета, хIуъа а цхьаъ аьлла, цуьнан дашна юкъаэккхахь, тхан къамел кхечу хорша дер ду аьлла. Ткъа иза хилийта суна ца лаьа. Вуьшта, Вашина а оьшуш ма дац сан юкъалелхарш. Къамел дIадолийний, делахь-хIета, цунна дика хаьа иза муха дерзо деза а. Иштта дан а дара иза. Йоццачу ханна къамел хада а дина, юха а дIаволавелира иза суна шен хьехамаш бан: – Нагахь санна хьайна тIе хьошалгIа сонта стаг воссахь, дика кхабалахь иза, мерза пхьор хьалха а диллий. Ткъа хьекъалечунна ахь хьалха йиллинарг мегар ю. Шен таро ерриг хьалха йиллар комаьршалла ю, буйнна духьал буй эккхийтар – майралла. Иштта боху халкъан хьекъало. Кхин а ду хьуна. Хьуо миска вуйла а хууш йолу хьан къоьлла тоьлур ю хьуна, шек бахаме сатуьйсучул. Нагахь санна Iуьйре малхо серлаяккхахь, четар кечделахь, суьйре къагаяхь – юург. Иза а ду хьуна халкъан хьекъал. Цо Iехор вац хьо. Тхан цIе яьгна йолуш ю. Деккъа кIегий ду шаьш дуй хоуьйтуш. Амма Вашин куьйгаш тIе ца кхевда оха хьалххехь дуьйна а кечйинчу коьллашна, тхан къамел чекхдаьлла дацахь а. – ТIаьхьа бIаьсте йогIучу Iаьнах ма кхера, ткъа тIаьхьа Iа догIучу гуьйренах кхера, – Вашин дешнаш, мухIар санна, дагах кхета. КIегий самса а даьхна, царна тIе овкъарш а хьаькхна, меллаша хьалагIотту. Цунах масал оьцу ас а: садаIа доьлху хан ю. …Ткъа цIен бос беттало тхан цIеран суьйнаш кхин а дехха лаьттар ду, дIайовш йоллучу буьйсанан овкъарийн бухара шайн гIийла серло схьаетташ

ШАЙХИЕВ Iалвади

№57, шот, хIутосург (май) беттан 21-гIа де, 2016 шо        

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: