17–19-чуй майхь Соьлжа-ГIалахь цхьаьнакхийтира Къилбаседа Кавказан субъект ашкара а, Москвара а журналисташ. Журналистикин таханлера проблемаш йийцаре ян вовшахкхеттера уьш. Хьешашна юкъахь дуккха а бара гоьбевлла болу журналисташ: Россин Журналистийн союзан Правленин председатель Богданов Всеволод, Дагестанан зорбанан а, хаамийн а министр Токболатова Бурлият, Дагестанан Журналистийн союзан председатель Камалов Iела, иштта дуккха кхиберш а. Форум «Грозный-Ситин» конференц-залехь дIаяьхьира. Форум дIайолош хIоттийна хаттар иштта дара: кхане юй зорбанан хаамийн гIирсийн? Цуьнан дакъалацархойн таро хилира шайна хьалха хIуьттучу (лаьттачу) проблемех лаьцна дийца. «Кабардино-Балкарская правда» газетан коьртачу редактора Бибулатов Арсена шуьйрачу хаамийн гIирсийн электорнни кепаш яржо езар билгалдаьккхира. Амма, цунна хетарехь, зорбанан газетийн хан хIинца а чекх ца яьлла. «Газеташкарчу хаамех пайдаэцар дуккха а лахделла. Цундела интернетах пайдаэца беза вай а, вайн газеташа а. Масала, оха тхайн изданин терго яйтаран дуьхьа, сих-сиха флешмобаш а йо, тайп-тайпанчу шахьаршкахь ешархошца цхьаьнакхетарш а дIахьо», – элира цо. Черкесскерчу «День Республики» газетан коьртачу редактора Полонская Валентинас зорбанан журналистикина хьалха лаьттачу дуккха а проблемех лаьцна дийцира: «Зорбанан изданешна ф и н а н с и р о ва н и я р алсамдаккхаре сатийсар эрна ду. Проблемаш а дукха ю. Рекламах хуьлуш болу пайда а лахлуш бу. Кегийрхошца цхьаьна цхьацца хIуманаш дан гIерта тхо, амма цкъачунна цунах хуьлуш цхьа а пайда бац. Цул сов, корреспонденци дIакхачорца а ю дуккха а проблемаш – «Россин Почта» тешам болуш яц». ХIирийн «Растдзинад» газетан коьртачу редакторан заместитела Сланов Асланна хетарехь, Кавказан къаьмнийн меттанашкахь арадуьйлучу газетийн векалийн «горга стол» дIаяхьар а мехала хир дара. Цо билгалдаккхарехь, цигахь йийцаре ян мегар дара региональни журналистикина хьалха лаьтташ йолу проблемаш. «Почтин» тема кхидIа йийцаре йира Дагестанан зорбанан а, хаамийн а министра Токболатова Бурлията. Цо дийцарехь, «Россин Почта» газеташ дIасакхехьарехь монополист хиларх тоам ца беш, шена пайдехь дерг хьеха а йоьлла. «Хуьлуш болчу пайданан дукхах долу дакъа шена дIаоьцуш ю «Почта». Тиражаш лахъярехь а ю иза «къахьоьгуш». Газеташ дIасадахьарна дуккха а ахча доьху изданешкара, амма дукха хьолахь адресаташна уьш дIа а ца кхачадо», – элира министра. Юкъараллин-политикин «Ингушетия» газетан коьртачу редактора Боков Шамсудис интернетехь болх бан безарна тIе тидам бахийтира. «Ешархошца зIенаш чIагIъярехь вай кхоччуш пайда ца оьцу хаамийн-аналитикин таронех. Социальни сетех пайдаэцар а керлачу тIегIане даккха деза. Масала, вайн арадолучу газетан анонсаш ян а мегар ду иштта. Оцу таронашца болх бан хууш болчу нахаца бертахь къахьегарца, тегаш зорбаяхарна тIера дIадуьйладелла, газетийн электронни кепаш зорбане яхаре кхача деза вай», – элира Ш.Боковс. Форумехь дакъалоцуш хиллачу «Вести Республики» газетан коьртачу редактора Исмаилов Ильяса дийцира региональни журналистикехь шена гуш долчу дикачух а, вуочух а лаьцна: «Оха дозалла до нохчийн къоман «Даймохк» газетах. Нохчийн маттахь арадолуш дуьненахь а цхьаъ бен дац иза. Бакъду, нохчийн журналистикехь дуккха а кхачамбацарш ду: кадраш цатоар, дизайн ма-хеттара цанисъялар, авторан ойла кхоччуш дIацакхачор. Иза дерриге а кхузахь хиллачу тIемаша тхо кхиарехь юхатоьхна хиларца доьзна хиларх шу дерриге а кхеташ ду. Амма тахана, Делан пурбанца, тIекхуьуш долу чкъор къахьоьгуш ду и «кIайдарг» дIаяккхарехь».
Цул сов, форумехь дийцаре дира шуьйрачу хаамийн гIирсийн электронни кепаш ешархошна йохкарх лаьцна а. «Газетан PDF-кепаш йохкалур ю вайга интернета чохь. Иза вайна а, ешархошна а дика ду: цаьрга вайн газеташ шаьш миччахь белахь а дешалур ду, ткъа вайга уьш зорбатохарна хьажийна ахча кхоалур ду», – шена хетарг довзийтира Ш.Боковс.
Форуман берриге а дакъалацархошна массарна а хетарехь, региональни пресса цаяржаран коьрта бехк бу «Почтан». Россин Журналистийн союзан секретара Шафир Тимура билгалдаккхарехь, Россин Журналистийн Союзан куьйгалло лаккхарчу тIегIанехь дийцаре дийр ду «Почтица» йолчу юкъаметтигийн кхачамбацарш.
Республикин журналисташца цхьаьнакхетар
18-чу майхь Соьлжа-ГIаларчу Зорбанан цIийнехь республикин журналисташца цхьаьнакхетар дIадаьхьира лакхахь хьахийначу форуман дакъалацархоша. Цхьаьнакхетар дIадолош вистхилира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат. Цо билгалдаккхарехь, оцу тайпа цхьаьнакхетарш чIогIа мехала ду пачхьалкхана хьалха лаьтташ керла кхерамаш болчу муьрехь. Цунна хетарехь, Россин мостагIаша керлачу кепара, аьлча а «хаамийн кепара» тIом болийна цунна дуьхьал. «Со чIогIа воккхаве вай кхузахь тахана цхьаьнакхетта хиларх. Цхьаьна вай болх баро аьтто бийр бу вайна оцу «тIамна» дуьхьало ян. Вай цхьанна а могуьйтур дац вайн пачхьалкхана кхерамаш тийсар а, халкъийн а, динан а «карта» питанан агIор ловзор а», – элира цо. Шен къамелехь Богданов Всеволода дийцира Нохчийчоьнах а, цуьнан пачхьенах а шена хетарг. Цо дийцарехь, цунна нохчийн мехкан исбаьхьа Iалам а, Соьлжа-ГIала а тайна. Цул тIаьхьа нохчийн журналисташка цо дийхира кестта хир йолчу «Формула доверия» форумехь шайн
статьяшца а, сочиненешца а дакъалацар. «Иштта хазачу гIишло чохь шуьца цхьаьна Iен сайн йиш хиларо ирсе во со. Сан цхьа дехар ду сайн нохчийн белхан накъосташка: алсам дийцахьара аш шайн республикех а, кхиамех а, ламастех а лаьцна», – элира В.Богдановс. Дагестанан хаамийн а, зорбанан а министра Токболатова Бурлията дийцира, тIаьхьарчу муьрехь, Кавказан халкъашна юкъахь питанаш тийсаран Iалашонца, вайн цхьааллин мостагIаша жигара болх дIаболийна хиларх лаьцна. «Къилбаседа Кавказера юкъараллин-политикин хьал хийцаран лаамца къахьоьгуш цхьа нах бу. Кхуззахь билгалдаккха догIу, цара вуно жигара къахьоьгуш хилар. Цундела, шуьйрачу хаамийн гIирсийн таханлера декхар – церан «къинхьегамна» дуьхьало яр ду», – билгалдаьккхира цо. Цул тIаьхьа Россин Журналистийн союзан председатела В.Богдановс «Корматаллин юкъараллин дуьхьа къахьегарна» цIе йолу Сийлаллин мидал елира Д.Умаровна. Ткъа Д.Умаровс цунна Сийлаллин грамота а, нохчийн шаьлта а елира. Цхьаьнакхетаран чаккхенехь Россин Журналистийн союзан керлачу 25 декъашхочунна удостоверенеш делира.
Кхелхинчу журналистийн хIолламехь…
Зорбанан цIийнера цхьаьнакхетар дIадирзинчул тIаьхьа, шайна хьалхаваьлла Россин Журналистийн союзан председатель В.Богданов а, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Д.Умаров а волуш, «Журналистикин таханлера проблемаш» форуман дакъалацархоша зезагаш дехкира шайн декхарш кхочушдеш кхелхинчу журналистийн хIолламна хьалха. 1991-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикехь кхелхина а, лар йоцуш вайна а 100 сов журналист ву, царах 22 – меттигерчу шуьйрачу хаамийн гIирсийн белхахо. Кхелхинчарна юкъахь тайп-тайпанчу изданийн а, халкъийн а векалш бу. Царах хIораммо а кхочушдина шайна хьалха хIиттийна долу белхан декхарш. Шайн декхарш кхочушдеш дахар дIа а делла цара. Вайн иэсехь лаьттар бу уьш гуттар а.
Шина министран цхьаьнакхетар
Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат Радион цIийнехь цхьаьнакхийтира Дагестан Республикин зорбанан а, хаамийн а министраца Токболатова Бурлиятаца. Кхузахь билгалдаккха догIу Б.Токболатова министран даржехь дуьххьара еана меттиг Нохчийн Республика хилар. Цхьаьнакхетарехь дийцира Кадыров Рамзана а, Абдулатипов Рамазана а вайн шина республикин халкъашна юкъара зIенаш чIагIъярехь къахьегарх а, хаамийн политикехь цхьаьна болх барехь «яха езаш йолчу» гIулчех а лаьцна. Цул тIаьхьа Умаров Джамбулата Токболатова Бурлият декъалйира министран дарже хIотторца.
Мастер-классаш…
«Журналистикин таханлера проблемаш» форуман гурашкахь, 17– 19-чуй майхь меттигерчу шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшна лерина мастер-классаш дIаяьхьира Россин Журналистийн союзан секретараша Касютин Владимира а, Шафир Тимура а, Серебряный Романа а. Цигахь дийцира газетана нийса верстка муха ян еза а, цуьнан сайт муха хила еза а, цу тIехь хIун а, мичахь а хила деза а, иштта дIа кхин а. Оцу мастер-классашкахь меттигерчу шуьйрачу хаамийн гIирсийн 30 сов векала дакъалецира. Уьш дIайирзинчул тIаьхьа, царна хIоранна а дакъалацархочун сертификаташ делира.
Журналистийн а , Яздархойн а союзийн куьйгалхойн цхьанакхетар
Нохчийн Республикин Яздархойн союзехь цуьнан куьйгалхочо Ибрагимов Кантас цхьаьнакхетар дIадаьхьира Россин Журналистийн союзан куьйгалхочуьнца Богданов Всеволодца а, цуьнца цхьаьна баьхкинчу В.Касютинца а, Р.Серебряныйца а, Т.Шафирца а, И.Степановца а, иштта кхечаьрца а. К.Ибрагимовс а, В.Богдановс а дийцира журналисташа а, яздархоша а пачхьалкхан а, цуьнан юкъараллин а дахарехь дIалоцучу меттигех а, карарчу хенан проблемех а лаьцна. Цхьаьнакхетаран чаккхенехь Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатела К.Ибрагимовс Захаров Петран цIарах йолу мидал елира Россин Журналистийн союзан председательна В.Богдановна. «Говзаллин юкъараллин дуьхьа къахьегарна» цIе йолу орден К.Ибрагимовна а елира В.Богдановс.
ХАСАХАНОВ Ислам
№57, шот, хIутосург (май) беттан 21-гIа де, 2016 шо