Бераш тидамза ца дисийта…

Аьхкенан каникулаш тIекхачаре сатесна хуьлу бераш. Хаза, мерза мур бу иза. Амма мукъа хан хиларал сов, берийн дахарна а, могашаллина а кхерамазалла хилийтар тидамехь латто дезаш хан а ю иза. Аьрха бераш массо а метте кхача хьаьгна хуьлу. Халахеташ делахь а, аьхкенан каникулаш йолуш бер лазор, кхалхар а хуьлу. Цунна тIедоьгIна, аьхкенан муьрехь бераш лаздарх лардарна профилактика яран гIуллакхаш дар тIедиллина Россин Федерацин Правительствос дешаран а, Iилманан а, могашалла Iалашъяран, къинхьегаман, балха нисбаран, социальни кхиоран министерствийн куьйгалхошна.DSC_4557 (Copy)

– Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран заместительца Усманов Ахьмадан тхоьца къамел хилира министерствон куьйгалло лакхахь хьахийна гIуллакхаш кхочушдарехь дан леринарш дуьйцуш.

– Ахьмад, аьхка берашна терго алссам оьшу, хIунда аьлча уьш дешаран шарахь санна хьехархойн а, баккхийчеран а бIаьргаIуналлехь ца хуьлу аьхка. Юьртахь хиш хуьлу, лагершка кхаьчча а ца девза хIуманаш дукха тIеIиттало царна. Министерствос хIун болх, сацам бина берийн кхерамазалла ларъяран декъехь?

– Оха болх бина бераш аьхкенан муьрехь лазорах а, вуочух лардала а Iамош. Берана вуониг а дукха хьолахь аьхкенан каникулашкахь Iема. Цундела, дешаран шо чекхдала гергадахча оха Нохчийн Республикин хIора кIоштахь инструктажаш, методикин семинараш йира аьхкенан хенахь берашца садаIа баха леринчу хьехархошца. Цара шайн дешархошна хьийхира хIорда тIехь, хьуьнхахь, юкъараллин транспорта чохь лелон дезарг а, лелон мегаш доцург а. ХIора кIоштан дешаран урхаллашка дIакхаьчна оха дешархойн дай-наношца ян леринчу цхьаьнакхетарийн график. Дай-наной бу уггаре а хьалха шайн берашна кхетам бала декхарийлахь берш. ТIаьхьарчу шерашкахь дешаран хьаьрмахь кхитIе а долчу дешаран учрежденеш ю болх беш. Цигахь аьхкенан хенахь берашна садаIийтарна лерина майданаш схьайоьллу. ХIокху шарахь 40 эзар бер юкъаозо дагахь ду тхо оцу проектана. (2014-чу шарахь аьхкенан муьрехь – 10 эзар беро, 2015-чу шарахь – 30 эзар беро садаьIира тайп-тайпанчу лагершкахь а, санаторешкахь а.
– Цигахь садоIуш хиндолу бераш муха къастадо аш?

– Вайн республикехь мел долу бер оцу проектана юкъалоцийла дац, цундела дахаран халачу хьелашкахь долчу берашна а, заьIапчу дай-нанойн берашна а юьтур ю дукхах йолу меттигаш. Кхин цхьа хIума а ду. Вай дукха хьолахь тидаме оьцурш 6 шарера 14 шаре кхаччалц хенаш йолу бераш хуьлура. ХIинца къаьсттина тидаме оьцур бу 9–10–11-чуй классийн дешархой. Вуониг Iема, карзахе хан ю церан. Вайна ма-хаъара, арахьара вуочу, зуламечу агIор тIеIаткъам бар а хьалха хуьлучул алсамдаьлла вайн заманахь. Иза интернет, соцсеташ, телевидени ю. ХIора кIоште инструктивни кехаташ дIахьийтина оха. Школашкарчу садаIаран майданашкахь садаIарал сов, республикел арахьарчу меттигашкахь а хир ду нохчийн дешархойн садаIар. Цунна жоьпалле Къинхьегаман а, болх нисбаран а, социальни кхиоран а министерство ю.

– Ахьмад, школашкахь схьайоьллур йолчу садаIаран майданашкахь муха хир ю садаIаран программа?

– Бераш даима а ловзуш хан яккхар а нийса доций хаьа вайна. Цундела, берийн хаарш, синкхетам совбоккху интеллектуальни ловзарш, спортан, культурин гIуллакхаш а дийр ду. Вуониг Iамале диканиг дIалаца Iамо деза вай вайн бераш. – Дела реза хуьлда, Ахьмад. – Дала шен дуьхьа дойла аш хьоьгу къа.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Авторан суьрта тIехь: Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран заместитель Усманов Ахьмад

№57, шот, хIутосург (май) беттан 21-гIа де, 2016 шо        

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: