Расулан дашо толамаш

14

Ростовски областехь шен деца-ненаца Iаш волчу Газалиев Расулах а, цо спортехь бохучу кхиамех а лаьцна «Даймохк» газето кхул хьалха а дийцина, хаза а хеташ. Кху деношкахь керла хаза кхаъ кхаьчна редакце. Расула бIаьрла толамаш баьхна дукха хан йоццуш Волжски гIалахь кхиазхошна юкъахь каратэн масех кепехула хьалхеяккхаран къийсадаларшкахь. Цигахь дакъалоцуш бара Волгоградан, Саратовн, Ростовн, Самаран областашкара, Нохчийн Республикера, ткъа иштта Эрмалойчуьра къона спортсменаш.

Оцу къийсадаларшна къаьсттина дика кечамбарца тIевахара толаман мерза чам бевзина волу Газалиев Расул. Цундела жамIаш а воккхавевеш хилира. Кумитэ Shodu Nihon декъехь йозаллин категори 45 кийла йолчу 14–15 шераш долчу спортсменашца хилла дерриге а тасадаларш шен толамца дерзийра цо. Амма цунах тоам ца беш Расула дакъалецира Кумитэ Shodu Lppon декъехь оццу хенарчу кхиазхошна юкъахь дIадаьхьначу хьалхеяккхарехь а. Бакъду, хIинца кхунна дуьхьал леташ хиллачеран догIмийн йозалла 50 кийла яра. Делахь а Р.Газалиевна оцу хьоло новкъарло ца йира «дашочу» лакхене кхача.

Иштта, нохчийн похIмечу кIанта кхин а цхьа дашо мидал яьккхира оццу декъехула йозаллин категори 45 кийла йолчу шен нийсархошца яхь къовсучохь а.

Цу тайппана, Газалиев Расула дашо кхо мидал йоккхуш дирзира Волжскехь дIадаьхьна къийсадаларш. Оцу толамаша тешаво Расула тIейогIучу хенахь а спортехь кхин а баккхий кхиамаш бохург хиларх.

Хь.САЙДАЕВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: