Нохчийн Республикин къинхьегаман а, болх нисбаран а, социальни кхиоран а министерствос вовшахтоьхна «Шун болх – пачхьалкхан гIайгIа» аьллачу кхайкхамца кегийрхошна лерина республикин ярмарка хилира, Соьлжа-ГIаларчу махлелоран а, самукъадаккхаран а «Грозный-Сити» туьшехь.
Цигахь дакъалецира Нохчийчоьнан къинхьегаман а, болх нисбаран а, социальни кхиоран а министра Ахмадов Мохьмада, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала, иштта республикерчу тайп-тайпанчу организацийн векалша, лакхарчу а, юккъерчу а дешаран заведенешкарчу кегийрхоша.
И гIуллакх дIадолош М.Ахмадовс билгалдаьккхира, республикин экономикин декъехь къона говзанчаш оьшуш хилар.
– Ишттачу ярмаркаша гIо до кегийрхошна шайн бакъахьа хета дешаран меттиг я болх харжа. 2015-чу шарахь бинчу талламашца, Нохчийн Республикерчу белхазхойн барам 12,1 процентана тIекхаччалц лахбелла. Иштта, дIадаханчу шарахь белхан меттигийн 36 ярмаркаш дIаяьхьира ерриге а республикехь, цигахь дакъалецира 939 организацис, 26 эзар белхан меттиг яра цигахь гайтаме йиллина. Оцу шеран жамIашца, ярмаркашкахь дакъалаьцначу 1000 стагана белхан меттигаш нисйира. Соьга хаьттича, иза дика гайтам бу вайн республикина, – элира министра.
Иштта, М.Ахмадовс билгалдаьккхира вайн республикехь белхазалла лахъярна тIехь, ницкъ кхочучу барамехь болх беш Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волу Р.Кадыров хилар. Цундела де-дийне мел дели а республикехь белхазхойн барам лахлуш хилар а хаийтира. Ярмарке баьхкинчарна аьттонна кхоьллина массо а тайпа хьелаш дара. «Грозный-Сити» туьшахь дIахIоттийна яра хаамийн служба а, административни тоба а. Бахархойн цаьргахула хаа аьтто бара, ярмарка муха дIахьур ю, хьанна тIеваха веза. Цул сов, бахархойн муьлххачу а хаттаршна жоьпаш а лора цара.
Иштта, республикерчу юккъерчу школийн дуккха а дешархойн аьтто хилира лакхарчу дешаран заведенешка деша хIуттуш хаа еза бакъенаш йовза.
Ярмаркин цхьана йисттехь Нохчийн Республикин Правительствон жимачу бизнесехула а, предпринимательствехула а йолчу Комитетан векалша предпринимателан говзалла йовзуьйтуш мастер-классаш дIаяьхьира. Кхечанхьа яра хьовсархойн тидаме йиллина, профориентацин мобильни шиъ офис, цигахь кегийрхойн аьтто хилира шайна муьлха говзалла оьшу хаа а, зерах чекхбовла а.
– Тхан коьрта Iалашо ю республикерчу белхазхошна хIоранна а шена товш болу болх хоржуш гIо дан а, иштта бахархошна белхан меттигаш хилар дIахаийтар а. Республикехь инвестицийн проекташ а, пачхьалкхан программаш а кхочушъярца а, иштта экономика кхиорца а цхьаьна дуккха а белхан меттигаш хуьлу, цигахь болх бан говзанчаш оьшуш хилар хоуьйту оха. Оьшуш йолу корматалла караерзош гIо а до, – билгалдаьккхира ярмарка вовшахтоьхначара.
Ярмаркехь дакъалаьцначу Соьлжа-ГIалин политехнически техникуман векалша шайн дешаран заведенехь паргIат меттигаш хилар хаийтира гулбеллачарна. Иштта, цара хаийтира, техникумехь 7 тайпа говзалла Iамош хилар а. Шайн коьрта Iалашо корматаллин говзанчаш Iамор хилар а.
– Тхан техникумехь очни а, заочни а отделенешкахь доьшуш эзар сов студент ву. Техникум йиллинчу 1964-чу шарахь дуьйна 10 эзар сов говзанча арахецна, – дийцира техникуман векала.
ХIора а дакъалацархочунна леррина терго а еш дIаяьхьира ярмарка. Кегийрхоша дуккха а хаттарш дира административни белхахошка, царна дуьззина жоьпаш делира ярмарка вовшахтоьхначара. Иштта ярмаркаш дIахьош хилар шайна Iаламат мехалла хеташ хилар билгалдаьккхира кегийрхоша.
Хь.БАХТАЕВА
№57, шот, хIутосург (май) беттан 21-гIа де, 2016 шо