Нохчийн Республикин пачхьенан мэра Хучиев Муслима билгалдаккхарехь, 2016-чу шеран хьалхарчу кварталехь Соьлжа-ГIалин коьртачу капиталана юкъаялийна инвестицеш 31 процентана алсамъевлла.
«ХIокху шеран хьалхарчу кварталехь Соьлжа-ГIалин коьртачу капитална юкъаялош йолчу инвестицийн барам лакхабалар гайтира динчу жамIаша. Шеран хьалхарчу кхаа баттахь яккхийчу а, юккъерчу а организацешна юкъаехкина йолу инвестицеш 940 миллион соьман бараме кхечира. ДIадаханчу шеран оццу хенаца юьстича, 31 процентана алсам ю уьш», – элира М.Хучиевс.
Цо хаийтира хIара шо чекхдаллалц инвестицийн барам иштта дикачу тIегIанехь лаьттарг хиларх ша тешна хилар. Мэра билгалдаккхарехь, инвесторша, хаза а хеташ, дIасабахьалуш боцчу бахамна (недвижимостана) а, коммерчески объекташна а, производствон а, энергетикин а предприятешна а, промышленностана а юкъадуьллу шайн ахча.
Хучиев Муслима билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца административни дуьхьалонаш лахъярехь а, инфраструктурина тIекхочийла хилийтарехь а, гIалахь предпринимательствон гIуллакхаш лелон дика таронаш кхолларехь а беш болх хилар.
Иштта, инвестицеш юкъаяхкаран бегIийлаш а, хьелаш тодаран Iалашонца Соьлжа-ГIалахь муниципальни практикийн атлас юкъаялорна лерина, барт а бина, тIеэцна «некъан карта» а ду.
А.ХАТУЕВА
№57, шот, хIутосург (май) беттан 21-гIа де, 2016 шо