Цхьа-ши дош…

ТIом болабеллачахьана дуьйна «Иблисан пачхьалкхан» гIеранера нийсса ах террористаш хIаллакбина Иракъехь, ткъа Шемахь – 20 процент сов. Делахь а оцу гIеранех керла террористаш дIакхетар сецна дац.

***

Россерчу сапераша денна дIахьош ду Пальмирера минаш а, лелхаш йолу кхин хIуманаш а дIаяхар. Таханлерчу денна цара схьаяьхна лелхарна кхераме йолу 20 эзар гергга хIуманаш.

***

ХIокху деношкахь НАТО альянса юккъе эцна Черногори. Иза къобал деш боцчу бахархойн йоккха митинг хилира Черногорин пачхьенехь.

***

Парижера (Франци) Каире (Мисара) доьдуш долу пассажирийн кема доьхна, Дуьненаюкъарчу хIурда чу доьжна. Цу тIехь 56 пассажир а, кеманан 10 пилот а хилла.
***

Шри-Ланкехь чIогIа догIанаш даьхкинчул тIаьхьа токхамаш хилар бахьана долуш 40 сов стаг кхелхина, 150 стагах хилларг, цкъачунна, хууш дац.

***

ТIаьхьарчу 25 шарахь Украинера 350 гергга юрт дIаяьлла, ярташкахь бехаш болчу бахархойн барам 2,5 миллион стагана лахбелла.

***

Йозуш йоцу пачхьалкх хилла тIехIоьттинчул тIаьхьа Казахстанан гражданство тIеэцна 1 миллион сов стага.

***

Россин Президент В.Путин Сочехь цхьаьнакхийтира Таиландан, Вьетнаман, Камбоджин, Лаосан, Сингапуран, цхьамогIа кхечу пачхьалкхийн премьер-министрашца.

***

Вайн мехкан Премьер-министра Д.Медведевс дIаяьхьначу Правительствон рогIерчу кхеташонехь дийцаре дира лакхара дешар кхиоран хьокъехь долу гIуллакхаш.

***

Россин а, Индонезин а куьйгалхоша куьйгаш яздина тIеман а, оборонан а декъехь цхьаьнагIуллакхаш даран хьокъехь болчу бартана.

***

ХIокху шеран беа баттахь яйн машенаш яр вайн махкахь 25, 1 процентана лахделла.

***

Россин бIаьхой тIехь хилла автобус Iинах яхана Къилба ХIирийчоьнан лаьмнийн некъашкахь. Цу тIехь хиллачу бIаьхойх 6 кхелхина, 10 сов стаг чIогIа лазийна.

№57, шот, хIутосург (май) беттан 21-гIа де, 2016 шо        

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: