Бахархой ларбаран гIуллакхаш дийцаре дира

Москвахь дIахьош йолчу Дуьненаюкъарчу IX-чу «Комплексни кхерамазалла – 2016» салонан (гайтаман) декъехь дIаяьхьна кхочушдаран (исполнительни) Iедалан федеральни органийн а, Россин Федерацин субъектийн кхочушдаран Iедалан граждански оборонан а, бахархой ларбаран а проблемашкахула йолчу органийн а куьйгалхошца кхеташо._AAX9580-big-reduce460

К х е т а ш о н е х ь дакъалецира федеральни а, регионийн а тIегIанерчу кхочушдаран Iедалан органийн 400 сов векала а, Россин МЧС-н коьртачу декъо а. Нохчийн Республикин цIарах кхеташонехь д а к ъ а л о ц у ш в а р а регионан Правительствон чрезвычайни хьелашкахула й о л ч у ко м и т е т а н председатель Ахмадов Руслан, Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу коьртачу урхаллин куьйгалхочун заместитель Орцуев Мухтар, оццу урхаллин Кхерамечу хьелашкахь урхалладаран туьшан хьаькам Кадыров Хож-Бауди.

Р о с с и н М Ч С-н куьйгалхочо Пучков Владимира шен докладехь хьахийра 2030-чу шаре кхаччалц йолчу хенахь Россин Федерацин граждански оборонан декъехь йолу пачхьалкхан политика кхочушъярехула д о л у ко м п л е к с н и гIуллакхаш дIадахьар. Цо билгалдаьккхира бахархой а, меттигаш а ларъярехь, шен коьртехь Кризисан хьелашкахь урхалладаран къоман туш а йолуш, кризисна дуьхьал урхалладаран керлачу системо доккха дакъа дIалоцуш хилар.

Иштта, кхеташонехь дIаяьхьначу пленарни заседанехь дийцаре дира граждански оборонан а, бахархой чрезвычайни хьолех ларбаран а уггаре яьржинчу проблемашца доьзна гIуллакхаш. Ц х ь а ь н а к х е т а р а н дакъалацархоша дийцира бахархойн Iер-дахаран кхерамазалла латторехь а, цу декъехь герггарчу шерашкахь дан дезарш къасторехь а кхочушдаран Iедалан федеральни органаша а, Россин Федерацин субъектийн кхочушдаран Iедалан органаша а цхьатерра болх бан безаш хиларх лаьцна.

Кхеташонехь йийцаре йира дозанерчу меттигашкахь эвакуацин гIуллакхаш дIадахьаран башхаллаш а, кхузаманан социальни-экономикин хьелашкахь бахархой ларбаран эвсаралла лакхаяккхаран гIуллакхаш а, Iер-дахаран кхерамазалла латторан «Кхераме йоцу интеллектуальни регион» комплексни система кхоллар а, «Кхераме йоцу гIала» программин комплекс кхидIа кхиор а.

Ерригроссин кхеташонан жамIашца билгалдохур ду Россин Федерацин субъектийн кхочушдаран Iедалан органийн а, оццу Iедалан федеральни органийн а, меттигерчу шаьш-шайна урхалладаран органийн а, граждански оборонан а, бахархой ларбаран а гIуллакхашкахула йолчу организацийн а куьйгалхоша дан дезарш. Билгалдаьхначу гIуллакхаша гIо дийр ду граждански оборонан декъехь йолу Iалашонаш кхидIа кхочушъярехь а, мехкан граждански оборонан «кхузаманан куц» кхолларна керла хьелаш юкъадалорехь а, иштта, чрезвычайни хьолех бахархой ларбарехь а.

А.ВАХАЕВА

№57, шот, хIутосург (май) беттан 21-гIа де, 2016 шо        

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: