Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волчу Кадыров Рамзана регионан ладамечу инвестицийн проекташна финансировани яран хьокъехь барт бина Россин «Внешэкономбанкан» векалшца.
Цу тайпа барт бира хIокху кIиранах Кадыров Рамзанан «Внешэкономбанкан» Председательца Горьков Сергейца хиллачу цхьаьнакхетарехь. Иштта, цигахь дакъалецира Россин Пачхьалкхан Думин депутата, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамчас Делимханов Адама, Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Эдельгериев Абубакара, Россехь вевзачу бизнесмена «Ведучи» ОАО-н векала Байсаров Руслана.
Цхьаьнакхетарехь дийцаре дира Нохчийн Республикин инвестицийн проекташна финансировани яран хьокъехь долу гIуллакхаш. Кадыров Рамзана, инстаграмерчу шен агIонехь, тIаьхьуо хаам ма-барра, «Внешэкономбанко» сацам бина «Казбек» технопаркан хIусамашъяран комбинатан гIишло ярехь дакъалаца а, иштта, кхийолчу проектийн гIо лаца а.
Цул сов, цхьаьнакхетарехь барт хилла дийннашеран лаьмнийн-лыжийн «Ведучи» курортан декъа тIехь хьешацIийнан комплекс яран хьокъехь а. Цул сов, Нохчийн Республикехь исламан банкинг кхио таро хилар а хьахийра Кадыров Рамзана цхьаьнакхетарехь ша динчу къамелехь. Ур-атталла, «Внешэкономбанкан» декъехь исламан банкинг кхиорах лаьцна а дийцира цо. Оцу мехалчу цхьаьнакхетаро вайн республикин социальни-экономикин дакъа кхиорехь кхин а доккха маьIна лелориг хиларх дегайовхо ю вайн.
А.ХАСБУЛАТОВА
№57, шот, хIутосург (май) беттан 21-гIа де, 2016 шо