ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волу Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира Россин юьртан бахаман министраца Ткачев Александраца.
Министра лаккхара мах хадийра Нохчийн Республикин куьйгалло регионан АПК кхиоран декъехь бечу белхан. Цу хьокъехь Кадыров Рамзана яздина инстаграмерчу шен агIонехь.
Цо билгалдаьккхира Россин юьртан бахаман министраца хиллачу цхьаьнакхетарехь , А.Ткачевс Нохчийн Республикехь жижиган, шурин сурсатийн а, ялтин а, стоьмийн а, хасстоьмийн а производство кхиорехь дечу гIуллакхийн лаккхара мах хадор. «Кхечу мехкашкара схьакхоьхьучеран метта вайн сурсаташ юкъадалорехь вуно мехала хIума ду иза», – элира юьртан бахаман министра Р.Кадыровца шен хиллачу къамелехь. Иштта, республикин агропромышленни комплексехь долу хьал дийцаре а дира цара, даьхнилелор а, ораматашлелор а сиха кхиорехь а, сурсаташ кечдаран предприятеш алсамъяхарехь а йолу Iалашонаш билгалъехира.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхира хIокху шарахь йоццачу хенахь бIаьстенан ялта дIадер вовшахтоьхна а, планан гайтамашца дуьстича ялта дIаден майданаш 9 процентана алсамъяьхна а, цу декъехь буьртиган ялтан майданаш 50 проценте кхаччалц алсамъевлла а хилар.
«Республика ша шена кхачо йина ца Iаш, кхечу регионашка а жижиган сурсаташ кхачош ю. Цу юкъахь доккха дакъалоцу ахархойн-фермерийн бахамаша а. Александр Николаевича тIечIагIдира Россин юьртан бахаман министерствос вайн республикина ницкъ кхочучу барамехь гIо а, накъосталла а дийриг хилар», – аьлла, дерзадо Р.Кадыровс инстаграмерчу агIонехь ша яздина кост.
Билгалдаккха деза, федеральни министра вайн регионан АПК-н иштта лаккхара мах хадор вуно мехала гIуллакх хилар. ХIунда аьлча, дуьйцуш санна доцуш, сихачу боларца кхуьуш ю республикехь хиллачу тIемаша, ерриге а бохург санна, хIаллакйина хилла вайн агропромышленни комплекс.
А.СУЛИМАНОВА
№57, шот, хIутосург (май) беттан 21-гIа де, 2016 шо