Иштта яра хIокху деношкахь Нохчийн Республикин къоман музейхь дIаяьхьначу Нохчийн Республикин халкъан художникан Заураев Вахитан суьртийн гайтаман цIе. Иза лерина яра музейн Дуьненаюкъарчу денна а, художникан кхоллараллин белхан 50 шо кхачарна а. Гайтаме диллина ду 50 гергга сурт: «Нохчийчоьнан лаьмнашкахь», «Доьзал», «Къоман натюрморт», «Меланхолия», иштта кхин дуккха а. Царах дукхахдерш натюрморт жанрехь дехкина ду. Гайтам лаьттар болуш бу 2016-чу шеран асаран беттан (июнь) 18-гIа де кхаччалц.
Гайтам схьабелларна леринчу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди, Нохчийн Республикин къоман музейн генеральни директор Асталов Ваха, Нохчийн Республикин Художникийн союзан председатель Умарсултанов Ваха, Мамакаев Iаьрбин цIарахчу литературин музейн директор Мамакаев Эдуард.
Цхьаьнакхетар дIадолош вистхилира Дааев Хож-Бауди:
– Таханлера суьртийн гайтам культурин декъехь кхин а цхьа кхиам бу. Шен белхан 50 шарахь Заураев Вахита дуккха а белхаш бина. Къоман музейна, таханлерниг цхьаьна, 40 сурт совгIатана делла цо. Шен кхоллараллехь художника даима а гайтина къоман хазна. Дала аьтто бойла цуьнан, – элира цо.
Цхьаьнакхетар дерзош Заураев Вахита баркалла элира гайтам схьабелларехь дакъа мел лаьцначунна. Иштта, цо къоман музейн совгIатана керла суьрташ а делира.
Художник вовзийтар
Заураев Вахит дуьнен чу ваьлла 1952-чу шарахь Казахстанехь. 1976-чу шарахь чекхъяьккхина Бури-ГIалара Къилбаседа ХIирийчоьнан исбаьхьаллин училище. Цул тIаьхьа шина шарахь дешна Москван промышленностан лаккхарчу училищехь (монументальни-декоративни а, прикладни а искусствийн факультет).
1982-чу шарахь дуьйна СССР-н Художникийн союзан декъашхо ву иза. 2002-чу шарахь дуьйна Россин Федерацин министерствон степендиат а ву. 2011-чу шарахь Россин Федерацин Художникийн союзо «Духовность» номинацехь Дашочу мидалца совгIат дина художникана. 2000-чу шарахь дуьйна Дуьненаюкъарчу ЮНЕСКО-н изобразительни искусствийн ассоциацин декъашхо ву. Цуьнан белхаш Россехь а, цул арахьа йолчу а музейшкахь а, исбаьхьаллин галерейшкахь а бу.
З.САГАЕВА
Суьрта тIехь: Суьртийн гайтам схьабоьллучохь
№58, шинара, хIутосург (май) беттан 24-гIа де, 2016 шо