Иштта яра Соьлжа-ГIалахь хIокху деношкахь «Колизей» Спорт-Холлехь дIаяьхьначу республикин берийн фестивалан цIе. ХIокху шарахь шолгIа йина иза Нохчийн Республикерчу берашна-заьIапхошна гIодан йолчу Iалашонца.
Шен белхан накъосташца цхьаьна и гIуллакх вовшахтоьхнарг «Колизей» Спорт-Холлан директор И.Барзанкаев вара. Фестивалан спонсорш бара шайн долахь берийн тайнигийн туька йолу Р.Адуев а, «Колизей» Спорт-Холлан кхерамазаллин декъан хьаькам I.Узуев а, ткъа иштта юкъараллин «Даймохк» организацин куьйгалла а. Фестиваль дIайолош Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун А.-Хь.Кадыровн дахаран некъах лаьцна дуьйцуш яьккхина видеоролик гайтира.
I.Шахбулатовн цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан филармонин солиста Б.Солтымурадовс «Ахьмад-Хьаьжа» цIе йолу илли дIааьллачул тIаьхьа, сцени тIе бевлира фестиваль дIахьош болу Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо Р.Ибрагимов а, «Колизейн» белхахо Р.Цинцулаева а. Къилбаседа ХIирийчуьра баьхкина хьеший а.
Уьш бара: Къилбаседа ХIирийчоьнан заьIапхойн юкъараллин организацин председатель Х-З.Хабаева, саксофонист А.Клинчаев, эшаршлакхархо Э.Сакинаева, поэт-эшаршъяхархо Р.Сакурова, илланчаш – А.Валиев, Р.Джихаев, Э.Кокоев, жухарг Г.Григорий.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад- Хьаьжин цIарахчу Региональни юкъараллин фондан президента Кадырова Айманис а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волчу Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана а берийн-заьIапхойн, буоберийн дуьхьа дечу даккхийчу гIуллакхех лаьцна дийцира.
Конкурсехь дакъалоцуш яра Шелан районан реабилитацин туш, «БIаьрзечу а, бIаьрса ледара долчу а берийн коррекционни школа-интернат», «Къорачу а, лерса ледара долчу а берийн школа-интернат», «Берийн а, кхиазхойн а реабилитаци яран республикин туш».
Конкурсехь йиъ номинаци яра:
«Вокал», «Сценка», «Куьйга йина хIуманаш», «Хелхар».
Жюрина юкъахь бара: Къилбаседа ХIирийчоьнан заьIапхойн юкъараллин организацин председатель Хабаева Ханд-Зарифа (жюрин председатель), «Колизей» Спорт- Холлан болх кхочушбаран директор М.Денильханов, Нохчийн Республикехула йолчу берийн социальни проектийн координатор О.Иванова. Конкурс дIайолош уггаре а жимачу дакъалацархочо Нигаева Раянас (5 шо) доIа дира.
Къовсамехь хьалхара меттиг яьккхира Шелан районан реабилитацин туьшо, шолгIа меттиг – «БIаьрзечу а, бIаьрса ледара долчу берийн коррекционни школа¬-интернато»; кхоалгIа меттиг – «Къорачу а, лерса ледара долчу а берийн школа-интернато»; йоьалгIа меттиг – «Берийн а, кхиазхойн а республикин реабилитаци яран туьшо».
Конкурс дIахьочу юкъанна эшарш лекхира, иллеш элира Москвахь а, Къилбаседа Кавказехь а хиллачу фестивалийн а, конкурсийн а лауреат йолчу И.Дидиевас, Х.Лапаевас, Шелан районан культурин цIийнан солисташа Б. Солтымурадовс, М.Алихановас, С.Кункархановс.
Концертехь дакъалецира «Республикин берийн, кхиазхойн кхоллараллин туьшо»: М.Хунаевс М.Джексонан «Беттан» хелхар гайтира; Сочин а, Астраханан музыкальни конкурсийн лауреат йолчу Р.Меджидовас эшарш лекхира.
Конкурсехь дакъалаьцначу реабилитацин туьшашна а, «Республикин берийн, кхиазхойн кхоллараллин туьшана» а кубкаш елира З-Х.Хабаевас, «Колизей» Спорт-Холлан лакхарчу администратора М.Атабаевас а, юкъараллин «Даймохк» организацин директора Х.Закриевс.
Шайн концертан программа гайтира Къилбаседа ХIирийчуьра баьхкинчу хьешаша. Церан цIарах З-Х.Хабаевас Нохчийн Республикин Куьйгахочун декхарш кхочушдеш волчу Кадыров Рамзанна деана совгIат дIаделира «Колизей» Спорт-Холлан лакхарчу администраторе М.Атабаевага.
Фестиваль ерзош, юкъараллин «Даймохк» организацин директора Х.Закриевс а, «Колизей» Спорт-Холлан куьйгалло а заьIап берашна (Л.Сардалова, М.Садыков, А.Хасаев, И.Хасаева, Р.Батаева, И.Исраилов, кхиберш) гIудалкхаш елира.
ЗаьIапчу берийн дай-наноша а, хьешаша а даггара баркалла элира фестиваль вовшахтоьхначу «Колизей» Спорт-Холлан директорна И. Барзанкаевна а, цуьнан белхан накъосташна а (къаьсттина М.Атабаевана, Р. Цинцулаевана), фестивалан спонсоршна а: Р.Адуевна, «Колизей» Спорт-Холлан кхерамзаллин хьаькамна I.Узуевна, юкъараллин «Даймохк» организацин директорна Х.Закриевна. Дала диканца бекхам бойла царна!
АБДУЛКАДЫРОВ Ризван
№58, шинара, хIутосург (май) беттан 24-гIа де, 2016 шо