Ненан меттан хьехархо

  20 шо сов хан ю Соьлжан кIоштан Эна-Хишкара яхархочо Алиханова Маликас ненан мотт хьехаран говзалла хаьржина. Церан доьзалехь даима а буьйцуш хилла нохчийн мотт. Малика кхиъна шен денанас дуьйцучу туьйранашка а, хьадисашка а ладоьгIуш. Цо массо а хенахь шен берийн-берашка олуш хилла: «Варийлаш, вайн мотт а, ламасташ а, гIиллакхаш а ларделаш! Барт болуш хилалаш! Барт боцу доьзал а, керт а хIаллакьхилла олуш ду шуна!» ЙоIа лерина ладугIура шена дукхаезачу бабас дуьйцучу хазачу хабаршка. Маликин 6 шо кхаьчча, Эна-Хишкара №1 йолчу школе деша яхара. Исс класс чекхъяьккхича, хIетахь шайн юьртахь хилла йолчу юридически техникуме, деша яхара. Цунах тоам а ца хилла, Соьлжа-ГIалара Нохчийн пачхьалкхан университете яхара, кхиамца чекхъяьккхира цо филологин факультетан нохчийн отделени.  Къинхьегаман некъ шайн юьртарчу №3 йолчу школехь дIаболийра.IMG-20160523-WA0066

Хьехархочун болх хала а, жоьпалле а бу. Делахь а, даггара безаш тIелаьцначу хьехархочун балхаца дика ларайо иза. Цо нохчийн маттах долу  хаарш шуьйрра дIакховдадо шен дешархошка. Карарчу хенахь Малика болх беш ю Соьлжа-ГIаларчу №3 йолчу гимназехь, хьалха №13 йолу школа яра иза. Хаарш ледара долу бераш а юьстаха ца дуьту цо, цаьрца а къахьоьгу уьш тIаьхьа кхио гIерташ. Шен доьзал а дика кхиийна Маликас. Иза 6 кIентан нана ю. Воккхах волу кIант Шемал доьшуш ву Волгоградерчу пачхьалкхан университетехь, 10-чу классехь ву ИбрахIим, Идрис – 6-чу классехь, Ясин – 1-чу классехь ву, Юнус, Юсуф – жимах волу шиъ – берийн беша лелаш ву.

Кху шарахь дIаяьхьначу «Нохчийн меттан хьехархо» республикин конкурсехь толам баьккхира цо. «Россин Федерацин Юкъара дешаран отличник» цIе тилларца деза совгIат а дина цунна. КIезиг яц цунна елла Сийлаллин грамоташ а, Баркаллин кехаташ а.

Белхан накъосташа а сий деш ю Алиханова Малика. Шен дешархошна а дукхаеза иза. ГIарабевлла бевзачу яздархойн а, поэтийн а говзарш йийцаре еш кхоллараллин суьйренаш еш а къахьоьгу хьехархочо. Цундела цуьнан дешархоша шайн кIорггера хаарш хилар гойту, нохчийн литературин урокашкахь, цхьацца конкурсашкахь дакъалоцуш, толаман меттигаш а йоху.

 

УМАРОВА ЛИЗА

Авторан суьрта тIехь: Нохчийн меттан а, литературин а хьехархо Алиханова Малика

№58, шинара, хIутосург (май) беттан 24-гIа де, 2016 шо    

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: