Дукха хан йоццуш ГIиргIизийн пачхьенехь Бишкекан Кожомкулан цIарахчу спортан цIийнехь дIаяьхьира ийначу кепарчу охьатохархлатаран турнир (ММА). Россера, ГIажарера, Туркменистанера, Узбекистанера, Казахстанера, Хонкара мехкашкара спортсменаш баьхкинера цига яхь къовса. Царна юкъахь бара Нохчийн Республикерчу латархойн «Ахмат» клубан декъашхой а.
Шайн-шайн йозаллин категорешкахь спортсменаша бейтта къовсам дIабаьхьира.
Турнир вовшахтоьхначара дийцарехь, Дуьненаюкъарчу эртаймаш федерацин а (WEF), дуьненаюкъарчу латархойн «Ахмат» турниран а (WFCA) чемпионан доьхканаш къовсаран шиъ титульни латар хилира.
Умиев Зеламхас хьалхарчу раундехь Сухроб Мурадина садукъден прием а йина, хьалхарчу титульни латарехь толам баьккхира.
66 кг. йозаллин категорехь Дикаев Iелас Узбекистанерчу Юлдашев ШахIронна технически накаут а йина толам баьккхира.
70 кг йозаллин категорехь Муцольгов Рамазана, Узбекистанерчу Холжижигитов Лочинбекана куьйгана лазоран прием а йина, толам баьккхира.
Л.ДАУТОВА
Авторан сурт
№58, шинара, хIутосург (май) беттан 24-гIа де, 2016 шо