«Нека дан Iама!»

Иштта яра хIокху деношкахь Нохчийн пачхьалкхан университетан физкультурин-могашалла тояран комплексехь Соьлжа-ГIалин Президентски лицейн дешархошна гайтинчу мастер-классан цIе. И дика гIуллакх дIадаьхьира «Нека дан Iама!» Ерригроссин акцин гурашкахь Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу хинан объекташкахь адамийн кхерамазалла ларъяран «Россоюзспас» региональни отделенин а, Нохчийн лахаран-кIелхьарадахаран отрядан а белхахоша.w1cZQ04QL0-800x600

Шайн болх болош МЧС-н белхахоша  цкъа хьалха дерриге а бераш лоьрех чекхдовлийтира, цул тIаьхьа дешархошна некадаран масех дарс делира, аьхкенан муьрехь хи тIехь ларъян еза бакъенаш йовзийтира.

Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу коьртачу урхаллин БВО-н отделан хьаькама Алхаев Аслана шен къамелехь билгалдаьккхира берашна и тайпа мастер-классаш гайтар пайдехь хилар. Цо элира: «Берийн кхерамазалла ларъярна лерина долу цхьаьнакхетарш оьшуш ду. Цара дуккха а пайда оьцу царах. Аьхкенан муьрехь бераш хиш тIе садаIа доьлху, цигахь ларъян езаш дуккха а бакъенаш ю. Ткъа оха тхайн цхьаьнакхетаршкахь и бакъенаш йовзийтарехь тхайн ма-хуьллу болх бо».

Цхьаьнакхетар дерзош, МЧС-н белхахоша дешархошна дийцира стаг хи чу воьдучу хенахь цунна гIо муха дан деза а, и тайпа бохам хилла меттиг хилахь муьлхачу номерца телефон тоха еза а.

З.ЛЕЧИЕВА

Суьрта тIехь: «Нека дан Iама!» мастер-класс дIаяхьар  

№58, шинара, хIутосург (май) беттан 24-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: