Бакъйолу журналист
Иза дара дIадаханчу бIешеран дезткъалгIачу шерашкахь. Цхьана дийнахь со волчу кабинета чу еара редакцин секретарь Бакашева Раиса (хIетахь со газетан коьртачу редакторан заместитель вара).
– Ма хаза, безамехь йоI ю хьо волчу еана, – элира Раисас. – Хьоьца гIуллакх ду шен боху цо.
– ТIаккха чуяийта, – элира ас.
Кабинета чу еара, секретара ма-йийццара, шен хазалло а, куьцо а шена тIехь бIаьрг сецош йолу хьаша.
– Дукха хан ю вайн дахарерчу цхьацца долчу, со реза йоцчу цхьана гIиллакхаша, бакъдерг дийцича, гIиллакхаш-м дацара уьш, цхьана нийса доцчу хIуманаша сан сагатден, – дуьйцура хьешо. – Уьш ду дуккха а доьзалшкахь зудчуьнца йолу юкъаметтиг нийса цахилар, цуьнан доьзалехь а, дахарехь а хьакъ боллу мах цахадор, сий дайъар. Цунах лаьцна яздан гIоьртинера со. Суна лаьара хIара статья ахь йоьшийла а, газетана иза мегар ю-яц хьаьжна, цуьнан мах хадобойла а.
ЙоIера статья схьа а эцна, иза еша волавелира со. «ХIара йоьшучул хьешаца къамел дар гIолехь ма-дара», – боху ойла кхоллаелира сан. Амма белхан декхаро ерриге а материал ешийтира соьга. Бухахь яздина куьг дара: «Газиева Аза». Дуьххьара иштта евзира суна хIинца республикехь цIеяххана евзаш йолу журналист, публицист, яздархо, юккъаралин деятель, ма-дарра аьлча, юьззина къонах Газиева Аза.
Цу хенахь газетехь болх беш волчу журналиста язбеш болу хIора могIа цензурех чекхбала безаш, яздеш дерг цхьана гура юккъе дерзийна, цул тIехвала йиш йоцуш, чIагIдина дара дерриге а. Цул совнаха, лакхахь лаьтташ йолу куьйгаллин органаш а яра газетан хIора могIанна тIехь таллам латтош. Доцца аьлча, журналистан бакъо яцара шена дагахь дерг, шена нийса цахетарг яздан.
Ткъа Азас шен статья тIехь ма-дарра, даггара яздора цхьацца болчу зударшна гIело еш, церан сий дойъуш хиларх лаьцна. Газетана иза керла а, оьшуш а тема яра. Цул совнаха, шена тIе тидам бохуьйтуш яра статья язъяран кеп, мотт. Газетехь дукха хенахь дуьйна болх беш хиллачу суна а дика девзаш доцу дешнаш юкъадалош, дика язйина яра материал.
– Аза, ма чIогIа гIо доху ахь оцу зударшкахьа, – элира ас.
– Цаьргахьа гIо даха а деза, коьртаниг – нийсо ларъяр ду.
Хьаша бакъ яра, цуьнца къуьйсийла дацара.
Азин материал зорбатуьйхира газето. Ешархоша чIогIа къобалъеш тIе а ийцира иза. Цул тIаьхьа а зорбатоьхна, араелира оццу темина лерина йолу Азин масех статья.
Газета тIехь кIиранах араевлла материалаш йийцаре еш, церан мах хадош, шен-шен хенахь хуьлучу «летучкашкахь» Азин материалаш билгалйохура уьш язъяран кеп а, тема а керла, чулацаме хиларца, журналистикин лаккхарчу корматаллица а, ненан мотт дика хууш а, майра а, нийса а язйина хиларца. Ткъа белхахойх цхьаболчара редакцин куьйгаллина магадора Азига «Даймохк» газетан редакце балха кхайкхар. «Иза редакцина а пайдехь хир дара, цуьнан а таро хир яра шен журналистикин лаккхарчу корматаллех, хаарех буьззина пайдаэца», – бохура цара.
Дуьххьара Аза болх бан йолаелира 1968-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн АССР-н пачхьалкхан телерадиохь, режиссеран гIоьнча йолуш. Цул тIаьхьа цо болх бира Хьалха-Мартан районан «Ленинская правда» газетехь. Кхузахь цуьнан таро хилира шен журналистин корматалла кхин а лакхаяккха а, шаръян а. Амма оцу гIуллакхана районан газетан таронаш кIезиг яра.
ТIаьххьара а, 1990-чу шарахь «Даймохк» газетан редакце балха еара Аза. Иза ларамца тIе а ийцира журналистийн коллективехь. Аза цига ярца дикачу агIор хийцабелира редакцин культурин отделан болх. Цо язъеш йолу статьяш коьртачу декъана культурех, искусствох, литературех, нохчийн маттах, могашалла Iалашъярх, къоман гIиллакхех лаьцна яра. Ма-дарра аьлча, муьлхха а тема муьтIахь яра Азин ирачу къоламна. КIорггера чулацам болуш, заманца йогIуш, проблема массо а агIор гойтуш хуьлура Азас доьзалан, Iер-дахаран, адамашна юкъарчу юкъаметтигийн, къоман Iадатийн, республикехь дехачу къаьмнийн доттагIаллин хьокъехь язйина статьяш. Газетдешархоша церан лаккхара мах хадийна ца Iаш, царна тIехь юкъаяьхна проблемаш къасторехь Iедалан органийн белхан жигаралла а лакхайоккхура. Уьш дукха хьолахь шайгара ледарлонаш йовлийтина болу цхьацца йолчу учрежденийн, организацийн куьйгалхой хийцаран бахьана а хуьлура.
Дагахь а доцуш, луьра тIом беара Нохчийчу. Бала боьссира республикин хIора гIала, юьрта, хIусаме. Дохийра АзагIеран цIенош, хIаллакьхилира бахам, кхелхира Азин цхьаъ бен йоцу йоI, хIаваакеманна тIера ракеташ тоьхна, дайъира цуьнан вешин бераш. Ткъа тIаьхьа, Нохчийчохь тIом дIабирзина, маьрша дахар дIахIуттуш, ямартчу мостагIийн карах кхелхира тIамал тIаьхьа республика меттахIотторехь хьалхарчу могIаршкахь лаьттина волу Азин ваша, милицин майор Газиев Илес.
ЧIогIа хала лайра Азас тIамо Нохчийчу, шайн доьзале беана бала а, гергарнаш кхелхина, деана вуон а. Амма къаръелла, юха ца елира иза, тIамо кхерийна, шен хIусам, юрт, мохк битина, республикера дIа а ца яхара. ТIамо, боевикаша, конституцин къепе дIахIотто баьхкинчу салташна лелош долу зуламаш, арахьара хезна доцуш, шена гина, дог Iийжарца лайра Азас. ТIеман массо а муьрехь цо карара охьа ца йиллира диктофон а, блокнот а, ручка а. Деш долу дерриге а зуламаш цо дIаяздеш а, суьрташ дохуш а дара. Азин къаьсттина догдохийна бохам хилира Соьлжехь 1995-чу шеран 8-чу февралехь. Цу дийнахь федералаша цхьа бехк а боцуш хIаллаквира юьртара кхойтта жима стаг.
2000-чу шеран 9-чу февралехь Азина хезира Алдехь федералаша дукха нах байъина хиларх лаьцна. Оццу дийнахь цига яхара иза. Цул хьалхарчу деношкахь цигахь вийнера бIе сов маьрша стаг. Царах цхьаберш дIа а бохказа бара. Иза дерриге а ган а, дагца лан а доккха хьуьнар хила ма-деза. Иза Азин долуш дара.
Республикин гIаланаш, ярташ отуш, ягош, маьрша бахархой хIаллакбеш, дIабоьдуш бара буьрса тIом. Нохчийн халкъ хIаллакдина дIадаккхаран дозане кхачийнера. Халкъана уггаре а чолхе еанчу хенахь, 2000-чу шеран 12-чу июнехь Россин Федерацин Президента В.В.Путина Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхо хIоттийра Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.
Ша Республикин Администрацин Куьйгалхочун даржехь болх бан волавелча, цо уггаре а хьалха арадаьккхира республикин хаамийн, зорбанан министерство йилларан хьокъехь долу Указ. Болх бан йолаелира телевидени, радио. Юха а арахеца долийра республикин газеташ а, журналаш а. ХIинца белхан меттиган ойла ян ца дезара. Аза юха а ша хьалха болх бинчу «Даймохк» газете схьаеара. Бакъду, цигахь дукха ца Iийра иза. Цуьнан хаарш а, корматаллин таронаш а хьесапе а эцна, иза хаамийн, зорбанан министерстве балха дIайигира, цул тIаьхьа дукха хан ялале шуьйрачу хаамийн гIирсашна тIехь куьйгалла дечу департаментан директор хIоттийра.
Белхан керлачу меттехь дуьззина гучудевлира Азин вовшахтохархочун хьуьнарш. Уггаре а хьалха, Аза хилира редакцийн белхахойн коллективашкахь. Хьаьжира журналистийн белхан дахаран хьелашка а, церан кхоллараллин таронашка а. Оцо таро хилийтира цуьнан хIора коллективехь шен-шен кепара болх вовшахтоха а, царна хьалха лаьтта коьрта декхарш билгалдаха а. ХIора кIиранах хуьлучу кхеташонашкахь ша дечу къамелашкахь Азас редакцийн куьйгалхошкара лоьхура цара шайн болх заманца богIуш а, республикин куьйгалло деш долу беркате гIуллакхаш дуьззина гойтуш а дIабахьар.
Министерствехь балхахь йолчу хенахь хIора журналистан диканан а, вуонан а бала кхочий, дакъалоцуш яра Аза. Халонашка ца хьоьжуш, хан-зама ца лоьруш, оьшучунна муьлххачу а хенахь гIо дан кийча яра. Цундела иза республикерчу журналисташа сий деш, лоруш а яра. Журналистан министерствехь долу гIуллакх Азига аьлчахьана кхочушхуьлуш дара.
Министерствехь иттех шарахь гергга болх бира Азас. Цул тIаьхьа «Даймохк» телекомпанехь коьрта редактор хилира. Ша деш долу гIуллакх дика довзарца а, лаккхарчу корматаллица а вовшахтуьйхира Азас телевиденин коллективан болх. Коьртачу редактора нийса билгалдохура хIоранна а хьалха лаьтташ долу декхарш. Цунна хаьара хIора белхахо муьлхачу даржехь болх бан, декхарш кхочушдан хьуьнаре ву. Телехьовсархошна дагабогIу хир бу Азас передачаш дIахьош, цунна юххехь хуьлуш хилла кегийрхой. Уьш цунна юххехь товш а, передача дагахь лаьттар йолуш, чулацаме еш а бара. Ткъа къамел коьртачу декъана кегийрхойх, ийманехь кхетош-кхиорах, гIиллакх-оьздангаллех лаьцна хуьлура. Азас шен балхахь коьрта тидам тIебохуьйтура телехьовсархошна нохчийн литература, культура, мотт, гIиллакхаш, Iадаташ довзийтарна, уьш Iалашдарна, дахарехь кхочушдарна, цаьрга безам кхолларна.
Азас телевиденин болх, телехьовсархошна кхеташ а, церан тидам тIебохуьйтуш а хилийтархьама, пайдаоьцура белхан ерриге а кепех. ДIахьора хелхарийн, иллийн къийсадаларш, литературин, культурин, меттан конкурсаш, тайп-тайпанчу темех лаьцна къамелаш, кхидерш а. Передачаш кхечу телеканалашкахь гойтучарех къаьсташ, шатайпа чулацаме а, шайна тIе тидам бохуьйтуш а хуьлура.
Билгалъяккха лаьа, Азин кхоллараллин кхин цхьа башха агIо а. Республикин дезачу деношна а, цIеяххана девзаш долчу адамийн юбилейшна а, билгалечу кхечу гIуллакхашна а лерина дуккха а адамаш вовшахкхетта долу цхьаьнакхетарш дIадахьар Азина тIедуьллу. Цо уьш дIахьо низам лардеш, совнах къамелаш дар доцуш, шайна билгалдаьхначу дозанашкахь а, барамашкахь а. Азина хаьа билгалдоккхучу гIуллакхе хьаьжжина, хьаьнга дош дала деза, и дош маца дала деза. Ала дезачу хенахь ша а хьекъале, я забаре дош олий, гулбеллачеран самукъадоккху Азас. Дукха хьолахь, иштта цхьаьнакхетарш цига меттигерчу эстрадин артисташка кхайкхарца шатайпа башха маьIна долуш хуьлуьйту Азас.
Шовзткъе итт шо гергга хан ю Аза республикин шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь болх беш йолу. Оцу хенахь белхан доккха зеделларг IаIийна цо. Иза хаалуш ду цо язъеш йолчу материалийн чулацамехь. Ткъа уьш цуьнан дуккха а тайп-тайпанчу а темашна лерина ю. Азина къаьсттина карадирзина культурин а, ша аьлча, театран, эстрадин, сценин белхахойх лаьцна яздар. Цо кхоллараллин лаккхарчу тIегIанехь яздо муьлххачу а жанрехь: публицисти кин, проблемни статьяш, очеркаш, репортажаш. Ша зорбане йохучу материалашкахь цо дуьйцу литература, культура, искусство, ненан мотт, къоман гIиллакхаш, Iадаташ кхиорах, Iалашдарх, республикехь дехачу халкъашна юкъара доттагIалла чIагIдарх, тIекхуьуш йолу къона тIаьхье ийманехь, гIиллакх-оьздангаллехь кхетош-кхиорах лаьцна.
Аза гуттар а ю республикин бахархошна оьшуш а, пайдехь а дерг лоьхуш. Иза кара а до цунна. ХIора шарахь бохург санна, цо арахоьцу республикин цIеяххана бевзаш болчу яздархойх, театран а, эстрадин а седарчех, интеллигенцин кхечу векалех, спортсменех лаьцна дуьйцуш йолу рузманаш, цхьадолчу билгалчу деношна лерина буклеташ, брошюраш, кхиерш а. Ткъа 2015-чу шарахь цо арахийцира Нохчийчоьнан гоьбевлла болчу зударех лаьцна йолчу «Со йиц ма елахь, Нохчийчоь» аьлла цIе йолу очеркийн гулар. Цул тIаьхьа араелира шолгIа книга а. Иза республикехь тIемаш болчу хенахь шайн белхан декхарш кхочушдеш, кхелхинчу журналистех лаьцна йолчу очеркийн гулар ю. Книга «Дешан бIаьхой» аьлла цIе йолуш ю. Теша лаьа, иза Азин тIаьххьарлера книга хилла юьсург цахиларх.
Азин кхоллараллин хьанал къинхьегам билгалбаьккхина Правительствон лаккхара совгIаташ дарца а, сийлахь цIерш тахкарца а. Цунна «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалца совгIат дина, «Нохчийн Республикин культурин хьакъйолу белхахо», «Нохчийн Республикин искусствийн хьакъйолу деятель», «Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист» аьлла, сийлахь цIерш техкина. Россин Яздархойн союзан а, Россин Журналистий союзан а декъашхо ю иза.
Нохчийн Республикин тоьлла журналист, публицист, гоьяьлла йолу юкъараллин деятель, къонах, яхь йолу стаг хиларе терра, Аза вайн республикехь евзина ца Iаш, цуьнан дозанал генна арахьа а дика евзаш а, сий деш а ю. ХIинцца керлачу кепара кхиаре а, зазадаккхаре а кхаьчна цуьнан кхоллараллин ницкъаш. Азига хьаьжча, хетало: «Цуьнан похIмин, хьуьнарийн, кхоллараллин ницкъийн яккхий таронаш эрна йовш ю», аьлла. Шена тIедиллина муьлххачу а даржера гIуллакх, халонашка ца хьоьжуш, хан-зама ца лоьруш, хьанал, сийлаллица кхочушдалур долчарех ю Аза. Ишттачу адамийн белшаш тIехь лаьтташ ду вайн мохк кхиор, цо зазадаккхар, халкъан дахар зовкхе, токхе дар. Ткъа уьш сий дан а, лара а хьакъ бу.
С.МАГОМАЕВ
_________________________________________________________________________________
Юбиляре масех хаттар…
Вайн республикехь воккха а, жима а наггахь стаг хир ву аьлла ца хета Нохчийн Республикин хьакъйолчу журналистан Газиева Азин цIе ца евзаш. Вайн къоман дIадаханчунна а, долуш долчунна а, хиндолчунна а са а гатдеш, ша хаьржинчу некъана тешаме а йолуш, цо журналистикехь къахьоьгу дукха хан ю. Дукхахболчара билгал ма-даккхара, ира хьекъал долуш, яхь йолуш, ша яздийриг орамера дуьйна девзаш, шена гинарг, хезнарг «цацанах луьттий», бакъ-харц къаста а дой бен зорбане ца доккхучарех а ю. Даггара яздина хиларна цуьнан хIора а дош безам а, йовхо а хаалуш хуьлу. Муьлхха а, хуьлда иза юкъараллин-политикин, историн, литературин, театран, кхийолу агIо дика евза цунна. Цуьнца цхьаьна болх беш долчу оха дозалла до, иза тхайна уллора йовза аьтто хилла. Газетан агIо тоьар яц Азех лаьцна дийца. Вайн меттан говзанчаша цунах лаьцна хаза а, чулацаме а дешнаш аьлла. Кхул тIаьхьа а эр а ду. ХIунда аьлча, муьлхха а деза дош ала цо некъ битина…
ХIинца тхан хаттаршна юбиляро делла жоьпаш довзуьйту оха шуна, хьоме газетдешархой.
– Аза, хIун бахьана дара ахь журналистика харжар?
– Школехь доьшуш йолчу хенахь Надежда Викторовна цIе а йолуш оьрсийн меттан а, литературин а Iаламат дика хьехархо яра сан. ХIинца Соьлжа-ГIалахь ехаш а ю иза. Таханлерчу дийнахь а тхойшиннан гергарло хер ца делла. Тхан ерриге а класс книгаш еша Iамийра цо. Школин программица йогIурш ешча довлуьйтуш дацара тхо. Цундела школа чекхъяккхале оьрсийн литературни классикина юкъайогIу дукхах йолу книгаш евзаш а, ешна а дара. Книга еша марзвелларг ша а хуьлу йозанех тийсалуш, цхьацца могIанаш яздан лууш. Иштта и ун сох а хьакхаделира. Цул тIаьхьа журналист хила лаам а кхоллабелира.
– Хьайн кхиам а, эшам а (нагахь санна белахь) хIун хета хьуна?
– Айса зорбане яьккхина ши книга сайн кхиам хета суна. Царах цхьаъ – «Со йиц ма елахь, Нохчийчоь» – Нохчийн Республикин яздархойн союзан председателан Ибрагимов Кантин тIедилларца язйина ю. Иза нохчийн халкъан исторехь, культурехь, литературехь бIаьрла лар йитинчу зударийн кхолламех лаьцна ю. ШолгIаниг – «Дешан бIаьхой» – ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталуш вайн махкахь буьрса кхихкинчу тIемашкахь хеназа дIакхелхинчу журналистех ю. Иза «Даймохк» газетан редакторан заместителан Дадаев Сайд-Хьасанан тIедилларца язйина ю. Цу шинна а суна баркалла ала луур дара, язъеш гIо-накъосталла дарна а, цу тIехь къахьега дог ир-кара хIотторна а, уггаре а коьртаниг сох тешам хиларна а. Сан эшамах дерг аьлча, лакхахь цIе яьккхина ши книга со язъян дагахь яцара, цара тIе ца дожийнехь. Дукха хенахь дуьйна ас язъян йолийна нохчийн къоман театрехь болх бинчу актерех йолу книга ю. Иза чекх ца йолуш, важа ши книга хьалха ели-кх. Делахь а, иза а чекхйоккхур ю аьлла, дегайовхо-м кхобу ас.
– Вайн республикин дахарехь уггаре а хьан дог лозуш а, ахь сагатдийриг а хIун ду?
– Юккъерчу школашкара дешар ду-кх. Кегийрхоша ца йоьшу книгаш ю. Книгаш ца йоьшу стаг аьрта хуьлу, дукха хьолахь, маттана «толкха» хуьлу. Цуьнан ойланаш беса а, эгIаза а хир ю. Бага-м еттар ю цо, ша цхьа хабар дуьйцу моьттуш, гIовгIа а йийр ю. Делахь а, халкъана, махкана пайдехь къамел цуьнга далур дац, дан хуур а дац. Дуьненахьежамаш а готта хир бу цуьнан, дахаран лехамаш а иштта хир бу.
– Журналистика хоржучу кегийрхошка хIун эр дара ахь?
– Журналистика иза доьналла долчу адамийн корматалла ю. Бакъволчу журналистан дахаран некъаш цкъа а хир дац аттачарех. Халкъана, Iедална юкъахь лаьтта геланча ву журналист. Ша схьаваьллачу къоман лазамаш, сингаттамаш, дахаран чам бойъу кхачамбацарш Iедалан векалшка дIакхачо хьуьнар долуш вацахь и стаг журналистике гIерта ца оьшу. Ткъа массо а хIуманал чIогIа журналистана оьшурш хаарш ду. Ша-шех тоам бинчу мIаьргонехь чекхволуш ву журналист. Иза даима а лехамехь хила везаш ву. Оцу ойланаша шайн кийра морцуш бацахь журналистике ма гIерта эр дара-кх. Кхузахь хьал-бахам гуллур бац. Мацалла ца валлал напха-м даккхалур ду. Къоман кхиамех дозалла деш, цуьнан эшамаша дог Iовжош хила веза бакъволу журналист.
______________________________________________________________________________
ДАДАШЕВ Райком, Нохчийн Республикин Iилманийн академин вице-президент:
– Аза вайн республикехь а, цул арахьа а евзаш а, езаш а, доккха похIма долуш а, коьртаниг, харц луьйр йоцуш а журналист ю. Таханлерчу дийнахь вайн кIезиг бу бакъдерг юьхьдуьххьал дIаолуш болу нах. Вайн къоман дакъазалла а ю иза. И бахьана долуш, литературни критика ца кхуьу вайн, Iилманан балхахь яккхий новкъарлонаш а йо цо. ХIунда аьлча, Iилманан болх а, литературни критика а вовшашка бакъдерг дIа а олуш, дегабаам ца беш, и аьлларг ша динчух дуй хууш, дIадаха дезаш ду. Аза бакъдерг дIа а олуш, бакъдолчунна тIехь схьайогIуш ю. Дала аьтто бойла цуьнан цу тIехь! Иза хIумма а атта гIуллакх а дац, хала ду иза. Делахь а, иштта чекхвала доьналла оьшу-кх. Азас Iаламат дукха мехала белхаш бина журналистикехь а, иштта талламан белхаш а бина цо. Дийнна институто гулйийр йоцуш, дукха материал гулйина цо вайн нохчийн бевзаш болчу зударех лаьцна.
Дала аьтто бойла-кх цуьнан а, иза санна мел волчун а вайн махкана а, халкъана а пайдехь ваца а, болх бан а!
Дала иштта наной, йижарий, мехкарий ма эшабойла вайна!
АЙДАМИРОВА Машар, яздархо:
– Цхьана хьекъалчо олуш хезна суна, дуьне хенан хIоттамах лаьтташ ду, цхьа а терахьаш я де-буьйса а доцуш. Оцу хенан хIоттамца, силсилан зIе а юцуш, схьадогIу адаман дахар, шен дуьнекхетамах терра кхоллам а тоьгуш.
Абадера дуьйна замано даьккхинчу хоршахула, архаш хецна, хецаелла охьахьаьдда йогIу оцу кхолламан тулгIе: хIора къоман амало тIеIаткъам а беш, цкъа карзахе гIергIаш, тIаккха хьеречу кIуркIамане йоьрзуш, наггахь, гIеллой, юкъ-кара синтеме йолуш. Оцу бехачу, чолхечу дахаран муьрехь цхьадолу къаьмнаш цкъа а ца хилча санна дIадовлу – хьекъал-кхетам гIелбаларо гIорасиз до уьш, шаьш новкъадовлуш, юьххьера схьа, дахарна болийначу луьрачу къийсамехь ницкъ луш, схьадеанчу доьналлех бохарца дIадолу церан хилла хилар.
Иштта чаккхе ца хилийта къоман коьртехь цхьа турпала тоба йолу, цуьнан кханенан верас. Шайн халкъан сийлахьчу синмехаллийн мокхазчу бердан хехой хуьлий дIахIуьтту уьш. И жоьпаллин мохь, цхьамма нуьцкъах тIебиллар а доцуш, шайн лаамехь тIелаьцна хуьлу цара – Даймахкана орцахбовла даима а юкъйихкина кийча, оьшучохь герзаца я ирачу дашца мостагIчунна дуьхьало ян; шен къоман амал-юьхь хилла, арахьарчу дуьнене шайга пусар-ларам кхоллабалийта, дийнахь-буса къахьоьгу; шайн къам иэхь-ийманца эвхьазадаларх лардеш, оцу къоман тIум хилла беха уьш, шайн Iер-дахаран хьаналчу масалца синбIаьрзечу адамна къилба а хуьлий.
Адаман уггаре а лакхара дарж – адамалла ю. Даима а иза оцу даржехь латто, цуьнан дог-ойла тиларчу ца яхийта ондда къахьоьгу хехо-верасо, адам йохье доккхуш, цуьнан хье якхцабалийта, АллахIан деза дош, дайн турпала дахар довзуьйтуш. Ца хуьлчу даьлча, шена мел хала, лазаме делахь а, шогачу, кIоршамечу дашца иза метта а валаво. Иштта хехой-къонахий болу къам, заманна бIо ца къажош, керлачу дахарна гIуьтту, цуьнан оьмар яхло. Оцу турпалчу тобанах ю вайн заманхо Газиева Аза а.
И деза дукъ цуьнга тIелацийтинарг, къинхетамах, доьналлех дуьззина экама дог, шен халкъе болу бакъбезам, къоманна тIехIоьттина хала мур, ворхIе дайшкара схьаеана нохчийн синмаршо яра. Азас къомах дош ала бакъо яьккхина шен къонахчун амалца, къонахчун леларца. Цхьана, 2015-чу шарахь, «Со йиц ма елахь, Нохчийчоь», «Дешан бIаьхой» цIе йолуш араевллачу Газиева Азин произведенеша а гучудоккху авторан къеггина похIма. Ларамза дац и болх цунах тешор а – турпалхойх лаьцна йозанаш яздан хьакъ хила а, ша а оцу турпалхойн тобанах хила а веза.
ДIадаханчу шерашкахь нохчашна тIебеанчу бала-сингаттамо Iовжийначу Азас майрра дуьхьало йира зуламан той хьадинчу цхьана авантюристашна. Оцу алун шерашкахь иштта дош ала, корта айба баьхьаш дукха бацара. Нохчийн йоьIан доьналлин лаккхара мах хадийра сан дас, халкъан яздархочо Айдамиров Абузара, «Сан дахаран некъаш» аьлла йолчу шен мемуарашкахь дозаллица, йоккхачу дегайовхонца ягарйинчу турпалчу зударийн могIаршкахь язйина ю Газиева Азин цIе а.
Нохчийн къомах, нохчийн махках дош ала Аза санна хьакъ болу мехкарий кхуьийла вайн! Дала йоле дуьллийла вайн халкъана цо мел динарг а, дийриг а – бакъдуьнена дIабахана вайн сийлахь махкахой дагалоцуш, церан сий-пусар деш цо мел йина суьйренаш а, тIекхуьучу чкъурана некъ буьтуш цо шегара царна кхийдо синкомаьршалла а!
Аза, Дала декъалйойла хьо!
МАГАМАДОВ Супьян, Нохчийн Республикин Iилманийн академин гуманитарни талламийн институтан директор:
– Хьалха дуьйна а евзаш-м яра суна А.Газиева статьяшца а, очеркашца а, тIаьхьарчу ткъех шарахь цуьнца йолу юкъаметтиг кхин а толуш схьавогIучарех цхьаъ ву со.
Нохчийчохь тIемаш болчу хенахь а юкъах ца йолуш, шен белхан меттиг ларъеш, шен сий, оьздангалла, гIиллакх лардеш схьайогIуш журналист ю Газиева Аза. Даима а шен кхоллараллехь цо хьалхадаьккхинарг бакъдерг ду, дагах кхетар долчу кепара иза вайн махкахошка дIакхачор а.
Цо язйина книгаш, очеркаш, статьяш йоьшучу хенахь даима а билгалдаьлларг ду иза шен хааршкахь чIогIа говза а, кIорггера Iилма долуш а хилар. Цундела, Iилманан академехь а, институтехь а цуьнан къинхьегам даима а тергонехь латтош бу. «Вай иштта ког баьккхича Азас хIун эр ду те вайна?» – олий, наггахь ойла а кхоллало тхан. ХIунда аьлча, Азин хIума дайн дуьтуш амал яц.
Азехь суна уггаре а товш дерг иза кIорггера Iилма долуш а, оьзда а, гIиллакхе а хилар ду. Сиха а ца олуш, кIорггера ойла а йой олу цо ша олуш дерг. Вайн цхьаболчу журналистийн амал ю, цхьана а агIор хIуманан таллам а ца беш, шена хезначух доккха цхьа хIума а дой, иза нахана юкъадоккхуш. Аза царах яц. Шена гиначун таллам а бой, билггал бакъдерг хIун ду а хьожий, цул тIаьхьа бен кхиэле ца дуьллу цо. Вайн махкахойн дагах кхеташ хуьлу цо язйина очеркаш а, репортажаш а. ХIунда аьлча, Азас адамийн деган лазам болу хIума бен юкъа ца доккху. Цунна кIорггера нохчийн мотт хаьа. Цуьнан ненан маттаца долу гергарло гучудолу, тахана цо язйинарг хьалха язйинчуьнца юьстича, тIаьххьарлерниг кхин а кIорггера мотт болуш хуьлу.
Цо хIоттош долу сурт а, васт а соьга тахана хIотталур дацара.
Цо ненан маттахь язйинарш мехала хета суна, хIунда аьлча, Азас санна васт кхуллуш, дош говза а, хаза а, ала дезачохь а олуш дукха журналисташ бац вайн. Цундела цо язъечунна тидам тIебохуьйтуш, вайн кегийрхой-журналисташ Iемаш хилча бакъахьа хетара суна. ГIиллакхца а, оьздангаллица а, доьналлица а цуьнга кхочуш, суна хетарехь, кIезиг нах бу. Иза, билггал бакъ а долуш, вайн таханлерчу журналисташна а, юкъараллин гIуллакххошна а юкъахь къонах зуда ю.
Суна тахана кхин цкъа а даггара декъалъян лаьа Аза цуьнан дезачу денца.
БIаьрг сирла а болуш, Iилма кIорггера а долуш, хьекъал а, дош а ира а долуш, дахарехь а, кхоллараллехь а кхидIа а цо шен болх дIахьойла лаьа суна!
АгIо кечйинарг – ИБРАГИМОВА Лиза
№58, шинара, хIутосург (май) беттан 24-гIа де, 2016 шо