(Юьхь – 50-чу номерехь)
Кадыров Ахьмад-Хьаьжас яздора: «1994–1996-чуй шерашкахь кара герзаш эцначарах дукхах болчарна баккъал а моьттура шаьш Даймехкан маршо а, паргIато а, бозуш цахилар а лардеш ду. Со а вара и моьттуш, оцу ойланехь. Таханлерчу дийнан лакхенера дукхах дерг кхечу кепара го, кхечу кепара го оцу шерашкахьлера хиламаш, кхечу кепара го адамаша лелийнарг». Оцу тIамо Нохчийчоьнан халкъана я машар а, я паргIато а, я кхиар а ца деара, ткъа Россина цунах боккха бохам хилира, политикин а, экономикин а. Дуккха а адамаш хIаллакьхиларна тIе а ялийра.
Таллам бар дIахьочу хенахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас Нохчийчуьрчу а, Россин кхечу регионашкарчу а бахархошка динчу хаттаршна деллачу жоьпаша гайтира Россин бахархоша политикин проблемаш ницкъаца дIаяхар къобалдеш цахилар. ТIом къобал ца бо нохчийн халкъо а. Иза дIахьочу хенахь дукха адамаш хIаллакьхилла. Ткъа федеральни эскарша «конституцин къепе ярехь» дIахьош долчу законца догIуш доцучу гIуллакхаша цхьаболчу кегийрхойн законехь йоцчу герзашца йолчу тобанех дIакхетийта доьзуьйту.
Цу тIе, динчу хаттаршна деллачу жоьпашца нийса а догIуш, нохчаша шайн мостагI ца лору оьрсийн халкъ. Нохчийн Республикин дукхах болчу бахархоша (77,4 процент) къобалдеш дац Нохчийчоь Россин Федерацех дIакъастор. Царна Нохчийчоь Россин Федерацина юкъахь йолу суверенни республика хила лаьа. Царна мелла а бегIийла хета урхалла даран президентан кеп, кхолладеллачу социально-экономикин хьолехь шариIатан законашца даха аьтто бу аьлла ца хета царна.
Республикин бахархошка динчу хаттарийн жамIашка хьаьжна ца Iаш, цара дукхах болчара шаьш Россин Федерацех дIакъастарна дуьхьал хилар хаийттинашшехь, ша генна хьалха хила тарлург а гуш волу политик хиларе терра Кадыров Ахьмад-Хьаьжас шен талламехь билгалдоккху Нохчийчоьнан статусан хьокъехь республикехь референдум дIаяхьа езаш хилар. Иза дIаяхьар оьшуш лору цо тIейогIучу хенахь цхьаьнгга а питанаш ца леладайта, федеральни центраца йолчу юкъаметтигийн хьокъехь керла къийсамаш боло таро ца хилийта. Республикин Президент волчу хенахь а цо дукхазза а олура Нохчийчоьнна Федерацина юкъахь шатайпа («особый») статус ца оьшу, амма тIамо массо а хIума дохийна хилар хьесапе а эцна, шатайпа экономикин хьелаш оьшу.
Ахьмад-Хьаьжина хетарехь, къовсам дIабаккхаран декъехь болх беш йолчу ерриге а структурийн коьрта декхар дара и къовсам бакъонца боцчу (законца богIуш боцчу) некъа тIера дIа а баьккхина, бакъонийн (законан некъа) тIе баккхар. Делахь-хIета, Нохчийн Республикин лаьтта тIехь баккъал а Россин Федерацин Конституцис гIуллакхден долу механизм яра юкъаяло езаш, Россин Федерацин субъектан бахархой хиларе терра церан бакъонаш кхочушъярна а, цара мехкан гражданашна тIедехкина декхарш кхочушдарна а кхачо а еш (Россин Федерацин Конституцица а, РФ-н УК-ца а, УПК-ца а нийса а догIуш, бакъонаш талхорна законца билгалдеш долу жоьпалла царна тIе а дужуш).
А-Хь.Кадыровс чIагIдора: «Нохчийн юкъаралла, шеко йоццуш, шен хорша йоьрзур ю законехь долу Iедал, шен институташца а, антрибутикица а, бан ма-беззара болх бан доладелча, политикин а, экономикин а керлачу юкъаметтигийн буха тIехь халкъан бахам а, экономика а меттахIотто йолийча. Кхиаран и некъ къобалбеш тIеоьцур бу дуьненан юкъаралло, бехкаш дахар, резадацар хир дац ОБСЕ-н, дуьненаюкъарчу кхечу организацийн агIонгахьара. Ларъян йолор ю либерально-демократически а, адамаллин а мехаллаш, дахаран хьелаш паргIат харжа йолу стеган бакъонаш а талхош хир яц. Оьшуш ерг кхиаран билггал и кеп ю: урхалла дан йиш йолу, билггалчу хенахь кхочушъян йиш йолу, хиндерг ган йиш йолу…».
Нохчийн Республикера социально-политикин хьал синтеме дерзоран уггаре а мехала билламаш лорура Ахьмад-Хьаьжас экономика когахIоттор, промышленни керла объекташ яр, аграрни дакъа меттахIоттор, белхан керла меттигаш кхоллар, белхазалла юьззина дIаяккхар, нохчийн юкъаралла Россин политикин а, экономикин а хьаьрми юккъе яхийтар.
Шен талламехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас яздора: «Нохчийчоьнан экономикин инфраструктура йохийна дIаяьккхина. Регион меттахIотторна иттаннаш шераш а, астрономически ахча а оьшур ду (маьршачу хенан хьелашкахь); бахархоша ялх шарахь халкъан бахамехь гIуллакхаш ца дина; кегийрхой а, кхиазхой а кхиъна Iедална муьтIахь цахиларан а, цуьнга ла цадогIаран а, цунна дуьхьал хиларан а принципаш тIехь, уьш боьлла тIеман а, зуламийн а рожан хьелех.
Цундела, российско-нохчийн юкъаметтигаш бакъонийн некъашца лартIе ялорца цхьаьна юкъараллин дерриге а дакъошкара зуламаш, хьарамлонаш лелор дIадаккха деза, меттахIотто еза республикин экономика. Шайн цIа дерза хан яла еза адамашна. Царна гайта деза церан гIишлош меттахIитто, болх лаха, гIодан лууш хилар, компенсацеш дала гIерташ хилар. Тахана иттаннаш эзарнаш нохчий шайн дайн махкал арахьа Iан безаш ма нисбелла. Республикерчу бахархошка референдумехь а, харжамашкахь а жигара дакъалацийтархьама Россин Федерацин Правительствехь тIеэца безаш хилла зен меттахIотторан а, хIаллакьхиллачу бахамах ахча даларан а хьокъехь болу сацам. Майрра Iорабаха беза хIара тIом баккхарна бехке берш, хIокху тIамах пайда, са хуьлуш берш. Иштта лардан деза законаш а, адамийн бакъонаш а.
ТIеман хьелашкахь бала хьегначарна шуьйрачу барамашкахь психотерапевтийн гIо дан деза. Вуьштта аьлча, шуьйрачу барамашкахь социальни реабилитаци ян еза, еххачу хенахь тIетаьIIина кхетош-кхиоран болх дIабахьа беза.
Берриге а нохчий цхьаьнатуху долу, нохчий шаьш хьалха Iийначу меттигашка юхаберзон йолу къоман идей хир ю Нохчийчохь маьрша дахар а, цIиндалар а хилар. Нохчийн халкъ кхета деза хIора пхоьалгIа нохчий хIаллакьхиларан бахьанаш Россина юкъахь а долуш, дац бахар а, «цIена дин» а, тIарикъатан некъ а бохуш къестамаш бар а бахьанехь хилла хилар. Ткъа нохчийн экстремисташ дуьне юха а декъарехь яккхийчу пачхьалкхийн карахь тайнигаш яра. Церан кIезиг бала бу нохчийн мехкадаьттанца а, исламца а… Нохчийчоьнна коьртехь хила веза ондда лаам болуш, майрра гIуллакхаш деш волу, амма законашна тIера вер воцу стаг. ХIунда аьлча деккъа хабарш а дуьйцуш адамаш законна муьтIахь далур дац. Демократи – иза дешан маршо яц, ткъа дахаран маршо ю. Нохчийчохь дахар маьрша хилийта шен лаам, ницкъ гайта беза, къепе ян еза».
Билгалдаккха деза нохчийн вадца а, историн зеделлачуьнца а йогIуш йолу урхалла даран кеп харжаран хьокъехь къамелаш нохчийн юкъараллехь ХХ-чу бIешеран 90-чу шерийн юьххьехь дуьйна а деш хилла хилар. Цхьаболчу талламхошна хетарехь, цхьана стеган сий айъар, къоман да айъар цу хенахь кхолладеллачу социально-политикин хьелашкахь цхьана стеган Iедал хилар, нохчийн вадна хийра а, пачхьалкхана кхераме а хIума ду. Оцо халкъ декъа тарло, Iедалехьа къийсамаш дIабахьарна, пачхьалкхан куьйгалхочунна нохчийн юкъараллерчу тайп-тайпанчу тобанаша Iаткъам барна тIедало тарло.
Ткъа иштта пачхьалкхан Iедалан органашкахь тайпа-тукхамийн озабезамаш хила тарло. Нохчийн пачхьалкхаллина мелла а йогIуш хетара царна урхалла цхьана тобано (коллегиальни) даран кеп. Царна и кеп бегIийла хетар тIедоьгIна дара историн ламасташна, нохчийн социальни институтийн зеделлачунна. Цигахь алсам яра демократин кепаш. Юкъара гуламаш, кхеташонаш дIаяхьарца йоьзна яра уьш.
Парламентан республикин агIо лоцуш болчара делил санна даладора тIаьхьарчу масех бIешарахь цхьана стеган Iедалан сий-ларам хилар нохчашна девзина хилла цахиларан бакъдерг. Тайп-тайпанчу хенашкахь имам Шемала, паччахьан Россис, советийн Iедало коча тийсина хилла пачхьалкхан системаш нохчашна хийра а, жахьталле а хилла. Царна хетарехь, коьртачу декъана, цуьнца доьзна ду нохчийн бахархоша тIаьхьарчу шерашкахь бакъонашна инкарло яр а.
Царна хетарехь, кIорггерчу кризисехь йолчу нохчийн юкъараллина кIезиг маьIна долуш дац ша схьакъастийначу цхьана стагана тайпа-тукхамо, коррупцино Iаткъам бан мелла а атта хир ду халкъан векалех вовшахтоьхначу коллегиальни органна бечул а бохург. ХIунда аьлча царах хIоранна а тIехьа лаьтташ цуьнан эзарнаш харжамхой хир бу.
Царна хетарехь, нохчийн пачхьалкхехь урхалла дарна уггаре а чIогIа йогIуш йолу кеп – парламентан республика ю. Оцу пачхьалкхехь иза законаш дахаран орган хилла Iийр яц, иза юкъараллехь мел хуьлуш долчух политикин жоп луш йолу институт хир ю. Цу тIе чIогIа мехала ду нохчийн пачхьалкхалла чIагIъярна демократин кепаш кхиор а, царах пайдаэцар а. Цара дийцарехь нохчийн юкъараллехь кIезиг йолу демократин кепаш кхиоро кхитIе а таронаш лур ю, некъаш лур ду юкъаралла Iедална, законна муьтIахь хилийта.
Оцу проблемина, гIуллакхана лерина яра Россин Федерацин Федеральни Гуламан Пачхьалкхан Думин Жимачу залехь дIаяьхьна Iилманан-практикин конференци. Цигахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас доцца, делилаш а далош, тешшош дийцира шена цу хьокъехь хеташ долчух лаьцна. Цунна хеташ хиллачуьнца нийса а догIуш, тIом, политикин кегарий, экономикин чIанаяларан, тIемалоша шайна луъург лелоран хьелашкахь республикехь къепе хIотталур яц Iедал цхьана стагехь хилчий бен, хьокъала йоллу бакъонаш цунна елла а йолуш. Ткъа бахархой, цаьргахь бакъонийн кхетам а кхиош, пачхьалкхана урхалла дарна шуьйрра юкъаозоро сихдийр ду нохчийн юкъаралла кегарийн хьолера къепенна а, бакъонна а тIеялор.
Дахаро гайтина Ахьмад-Хьаьжас баьхнарг, цо чIагIдинарг нийса хилар. Политикин хьал синтеме доцчу хенахь коллегиальни Iедал юкъадалоро чIагIбан тарлора кегарий, республикехь политикин дуьхь-дуьхьал латтар, юкъараллехь, пачхьалкхан институташкахь зуламаш даржар.
Ша политик а, Iеламстаг а хиларе терра Кадыров Ахьмад-Хьаьжин уггаре а чIогIа сагатдечарех цхьаъ яра динан а, пачхьалкхан а юкъаметтигийн проблема. Иза цо хьахайо российски-нохчийн къовсаман хьокъехь болчу талламехь. Цигахь цо билгалдоккху сепаратистийн лидерш исламах идеологин гIирсах санна пайдаэца гIоьртина хилар. Халкъ цхьаьнатохархьама дира цара иза. Оццу исламах политикин гIирсах санна пайдаэца а гIоьртира уьш йозуш йоцу пачхьалкх ярхьама. Делахь а церан цунах гIуллакх ца хилира.
Пачхьалкхан дахарехь исламо лелош долчу маьIнех лаьцна цул хьалха а дийца дезнера Кадыров Ахьмад-Хьаьжин. Амма, кIорггера Iилма долуш, доккха ийман долуш стаг ша хиларе терра, цо дIахьедора политикин гIирсех санна динах пайдаэца гIертар Iаламат чIогIа кхераме хилар, къаьсттина дукха динаш долчу пачхьалкхехь. ЦIенна суфи волчу Ахьмад-Хьаьжина хетарехь, ислам стеган даг чохь хила дезаш ду, цуьнан политикин а, экономикин а Iалашонаш къайлайохуш йолу чкъуьйриг а йоцуш.
Цу тIе, Дудаевн, цул тIаьхьа Яндарбиевн, Масхадовн раж Нохчийчохь йолчу хенахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дуьхьал вара республикехь шариIатан урхалла юкъадалорна. ХIунда аьлча иза тешна вара шариIат юкъадалорна оьшу я экономикин а, я юкъараллин-политикин а хьелаш республикехь цахиларх.
Къуръанца а, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннатца а догIуш долу цIенна шариIат хуьлийла дац тоьлла экономикин хьелаш ца хилча, Iедал социальни нийсо еш ца хилча, оьзда, хьанал, ийманехь ца хилча.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжас яздора: «Хьалха дин пачхьалкхах дIакъастийна дара. ХIинца иза Iедалх дIахоьттина. Шина а хьолехь иза ша лелон деза маьIна лелош дацара. Исламе хила йогIучу син хьаштонан метта ислам динехь хиларан мода юкъаелира… Хьанал, аьхна чулацаме дахар – и ду-кх динехь волчунна оьшуш дерг».
ДЕЛИМХАНОВ Адам, Россин Пачхьалкхан Думин депутат
(«Кадыров Ахьмад-Хьаьжа – нохчий халкъан сийлахь кIант» книги тIера)
(Чаккхе хир ю)
№58, шинара, хIутосург (май) беттан 24-гIа де, 2016 шо