«Дешарна модернизаци яр» партийни проект кхочушъяран гурашкахь Ерригроссин «Единая Россия» партин Нохчийн Республикехь долчу декъан векалша дIахьош ду школийн, дешаран кхечу учрежденийн керташка синтарш дIадеран гIуллакхаш.
Иштта, кху деношкахь дIабаьхьначу белхешкахь Соьлжа-ГIаларчу №№36, 15, 61, 7, 60, 37 йолчу школашкахь дIаяьхьира «Цхьа синтар дIаде!», «Сенъе гIала», «Хьайн синтар диэ» цІераш йолу акцеш. Цигахь дакъалаьцначу «Единая Россия» партин декъашхоша, партин гIолоцучара, «Молодая Гвардия Единой России» боламан жигархоша, ткъа иштта школийн белхахоша а, дешархоша а шайгара йоккха жигаралла гайтира. Цара дIадийра ши бIе синтар.
«Единая Россия» партин Нохчийн региональни отделенин региональни исполкоман куьйгалхочун земеститела Анасов Асхьаба дийцарехь, бIаьста дIадийна синтарш дика ден а ло, лаьтто тIе а оьцу, сиха кхиа а кхуьу. Цундела дIахьош бу оха хIара тайпа белхеш бIаьстенан юьххехь.
– Оха цхьана-шина сохьтехь дIадийгIира хьехан, ножан, кхахьаштун синтарш ХІинца коьртаниг ду дIадийгIина синтарш Iалашдар, лардар, шен-шен хенахь царна хи тохар, – бохура А.Анасовс.
Билгалдаккха деза «Единая Россия» партин вайн республикехь йолчу отделенин векалша цу тайпана белхеш хьалхарчу апрелехь дуьйна Нохчийчоьнан ерриге а районашкахь дIахьош хилар. ИттолгIа апрель тIекхаччалц дIахьур болуш бу уьш, тIеттIа керла дешархой, кегийрхой оцу мехалчу гIуллакхна юккъе а ийзош. И санна долчу гIуллакхо Iаламе, лаьтте марзо кхуллу къоначаьргахь. Иза а дац тIаккха мехала?
Хь.САИДОВ