Суьдан пурстоьпийн Федеральни службин Нохчийн Республикехула йолчу Урхалло дIакхайкхийна хиллачу «Суьдийн белхан къепе латторан тоьлла суьдан пурстоп» аьллачу конкурсан хьалхарчу муьран жамIаш дина.
2016-чу шеран 17-чу майхь Суьдан пурстоьпийн Федеральни службин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллехь Ерригроссин «Суьдийн белхан къепе латторан тоьлла суьдан пурстоп» конкурсан регионан мур дIабаьхьира.
Суьдийн белхан къепенна кхачояран декъехь болчу пурстоьпийн гIуллакхаш доьзна ду суьдан процессана юкъабогIучу декъашхошна а, пурстоьпаш-кхочушдархошна а кхерамазалла латторца, цундела лакхахь билгалъяьккхинчу урхаллин белхахой дика могашалла йолуш а, таза а, говза герз лелон хууш а, юридически хаарш долуш а хила беза.
Конкурсан программа шина декъехь лаьтташ яра: практикин дакъа а, теорин дакъа а. Хьалхарчу муьрехь законаш а, материальни бух а муха бевза хьовсура. ШолгIачу муьрехь «Макаров» тапча нийсатохарехь къовсабелира. ТIаьххьара яра ницкъ къовсаран конкурс: сиха вадар, турникета тIехь шен дегI айдар, боксах латар.
Оцу къийсадаларшкахь хьалхара меттиг яккхарца билгалвелира Хьалха-Мартан кIоштан суьдан пурстоьпийн отделан пурстоп Б.Гетаев. ШолгIачу меттехь вара Отябрьски кIоштан суьдан пурстоьпийн отделан пурстоп Х.Висуров. КхоалгIа меттиг яьккхира Соьлжа-ГIаларчу Старопромысловски кIоштан суьдан пурстоьпийн отделан пурстоьпо А.Идиговс.
Къилбаседа Кавказан федеральни округехь дIахьон болчу конкурсан муьрехь дакъалоцур ду вайн республикехь толам баьккхинчу пурстоьпо Б.Гетаевс.
Хь.ДАУДОВА
№58, шинара, хIутосург (май) беттан 24-гIа де, 2016 шо