Хууш ма-хиллара, 2016-гIа шо Россин МЧС-н цIеяларх ларбаран белхахойн шо аьлла, дIакхайкхийна ду. И бахьана долуш Нохчийн Республикин МЧС-н белхахоша республикин школашкахь а, берийн бошмашкахь а дIахьош ду бераш цIеяларх лардарна лерина цхьаьнакхетарш. Иштта, хIокху деношкахь Шелковски районан Оьрза-ГIаларчу №2 йолчу школехь а хилира Шелковски районан цIеяларх ларбаран №20 йолчу декъан белхахойн цхьаьнакхетар.
Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Шелковски районан цIарах кIелхьарабахаран №20 йолчу декъан инспектор Индарбиев Эльдар.
МЧС-н белхахоша дешархошна йовзийтира цIеяларх лардаларан бакъенаш. Цул тIаьхьа, бераша дакъа а лоцуш, цIеяьлла бохам хилча санна сурт хIоттийра, дуккха а петарш йолчу цIа чохь цIе яьлча хIун дан деза а дийцира, лакхарчу гIатта тIехь цIеялар нислахь, цIарах муха кIелхьаравала веза а гайтира.
– Дуккха а петарш йолчу цIа чохь цIе яьлча къаьсттина кхераме хуьлу. Цу чохь Iаш волу стаг лакхара охьа чу восса везаш ву. Нагахь санна МЧС-н белхахой схьакхача хьелахь, шена карайогIучу тIеюхучу бедарх, шаршух муш бина, корехула охьавосса хууш хила веза иза. Иштта хаа деза бохамехь вуон хилча а, меже кагйина хилча а хьалхара гIо муха дан деза, – элира Индарбиев Эльдара.
Цхьаьнакхетар дерзош, цIарах кIелхьарабахаран белхахоша дешархошна гайтира цIе яьллачу дIакхайкхича шаьш духарш муха тIедуха деза а, уьш стенна оьшу а.
З.САГАЕВА
Суьрта тIехь: Оьрза-ГIаларчу №2 йолчу школехь цхьаьнакхетар
№58, шинара, хIутосург (май) беттан 24-гIа де, 2016 шо