Карарчу хенахь дIахьош бу процессуальни законодательство шардеш-тодаран боккха болх. 2016-чу шеран 1-чу июнехь дуьйна хийцалуш ю арбитражан суьдашкахь а, юкъарчу юрисдикцин суьдашкахь а гIуллакхашка хьовсаран процессуальни кеп ша а.
«Россин Федерацин административни суьдан гIуллакхаш кхочушдаран кодексана а, Россин Федерацин цхьадолчу законодательни акташна а хийцамаш юкъабалоран хьокъехь» долу 2016-чу шеран 5-чу апрелехьлера №103-ФЗ йолу Федеральни закон тIеэцарца юкъаялош ю нахера дала декхар долу ахчанаш а, налогаш а, административни гIуданаш а суьдехула схьадахар бакъонашкахь нисдаран кеп. Изза кеп хIоттийна хIусамийн коммунальни бахаман хьашташ кхочушдарх долу декхарш схьадахарехь а. Цул тIаьхьа, оцу законаца хийцамаш а бо, тIетохарш юкъа а даладо граждански а, арбитражни а процессашна. Уьш 2016-чу шеран 1-чу майхь дуьйна гIуллакх дан дуьйладелла.
Билгалдаккха деза дала декхар долу ахчанаш а, санкцеш а такхаран хьокъехь болу сацамаш суьдахоша, гIуллакх суьдехь къаста а ца деш, агIонаша дакъа а ца лоцуш, хьалхахIиттийначу тоьшаллаш талхоран буха тIехь тIеоьцург хилар. Суьдан сацам тIеоьцур бу заявлени суьде кхаьчначул тIаьхьа пхи де далале. Суьдан сацаман копи иза тIеэцначул тIаьхьа кхаа дийнахь дIайохьуьйту декхар тIехь долчуьнга, ткъа цуьнан бакъо ю сацам баийтинчул тIаьхьа 20 дийнахь суьдан сацам кхочушбан ша реза цахиларан хьокъехь дIахьедан. Нагахь санна суьдан сацам кхочушбан декхар тIехь дерг реза цахилар хIоттийначу кепехь а, хенахь а дIахаийтинехь, иза хийца бакъо ю суьдхочун.
Декхар такхар лоьхуш ерг хила тарло Россин Федерацин Пенсионни фонд, цуьнан территориальни дакъош, наха тайп-тайпана ахчанаш а, налогаш а, санкцеш а такхарна тIехь таллам латтош йолу кхийолу органаш а. Суьдан сацам кхочушбаран хенаш тIехтилийтина волу декхар такхар лоьхуш волчун йиш ю тIехтилийтина йолу хан меттахIотторан хьокъехь, бахьана а дуьйцуш, заявлени дала.
Суьдан сацам оццу хенахь кхочушбаран документ а ду, иза кхочушдо суьдан сацамаш кхочушбарна хIоттийначу кепара. Билгалдаьхначу нисдарша тодан а, шардан а декхар ду дала декхар долу ахчанаш такхар.
Керла бакъенаш хьалхарчу рогIехь тIехьовсийна ю нахера налогаш а, санкцеш а, административни гIуданаш а схьадахаран хенаш яцъярна. Делахь-хIета, бахархоша шен хеннахь гIайгIа бан беза шаьш бехачу а, дIаязбинчу а меттехь почтан корреспонденцеш схьаэцаран а, гIуллакх суьдехь къасторе а ца хьоьжуш, декхарш шен хеннахь дIатакхаран а.
I.ХАСАНОВ,
Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикин отделенин юридически отделан хьаькаман заместитель
№58, шинара, хIутосург (май) беттан 24-гIа де, 2016 шо