Россин таIзарш кхочушдаран федеральни службин (ФСИН) Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин лерринчу хьаштийн отделан белхахоша дакъалецира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сийнна леринчу схьайиллинчу чемпионатехь.
Чемпионатехь иштта дакъалецира Къилбаседа Кавказерчу бакъонаш ларъяран а, нуьцкъаллин структурашкарчу а 15 тобано.
Къийсадаларийн лехамаш Iаламат лакхара бара. ХIора а къовсадаларан шен чолхалла яра. Баккъал а балхахь тIеIиттадала тарлуш долчу хьелашца кечдина дара уьш, масала, амалтана схьалецна нах кIелхьарабохуш, террористаш схьалоьцуш и.дI.кх.а. Иштта, чемпионатан дакъалацархойн уггаре а халачу хьелашкахь нийса герз тоха а, еза хIуманаш дIасакхехьа а, массо тайпанчу дуьхьалонех чекхбовла а дезара.
Россин таIзарш кхочушдаран федеральни службин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин куьйгалхочо Ирисханов Анзора билгал ма-даккхара, оцу чемпионатехь лерринчу хьаштийн отделан белхахоша мел Iамийнарг, царна шайн балхахь оьшур ду, тIаккха иштта киртиг тIе нисъелча, шаьш хIун дан деза а хуур ду.
Хь.АВХАДОВА
№58, шинара, хIутосург (май) беттан 24-гIа де, 2016 шо