Къилбаседа Кавказан кегийрхойн «Машук-2016» форум Пятигорскехь, дIаяхьа лерина ю хIокху шеран 5-чу августера 19 август кхаччалц.
Форум вовшахтоьхна Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолчу векалан аппарато а, Ставропольски крайн Правительствос а Россин Федерацин дешаран а, Iилманан а министерствос а, Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу Федеральни агентствос а гIо а лоцуш.
Ерриге а Къилбаседа Кавказан федеральни округерчу кегийрхойн таро хир ю хIора шарахь дIахьош йолчу «Машук» форумехь дIакъалаца. Ламасте дирзина ма-хиллара, Пятигорскерчу Машук лома тIехь дIахьур ю иза.
Оцу дешаран-социальни проекто таро ло кегийрхошна экономикин, политикин, культурин, искусствон, Iилманан, иштта хаамийн технологин декъехула шайн проекташ кхочушъян.
Вайн республикерчу кегийрхоша хIора шарахь дакъалоцу «Машук» форумехь. ДIадаханчу шарахь вайн республикера 250 стаг хилла цигахь дакъалоцуш.
– ХIокху шарахь форум дIаяхьаран бакъенаш, хIинцале йийцаре а йина, дакъалацархошна дIайовзийтина ю.
Вайн республикерчу хIора а дакъалацархочунна, шен проект гайтаме юьллуш гIо а дийр ду, иштта кхачамбацаршна тIехь болх а бийр бу, – хаам бо Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос.
Форум шина сменехь дIахьур ю: «Предпринимательство» (цу юкъа йогIу: «бизнес-пространство», «кегийрхойн кхолларалла», «социальни предпринимательство»), «Юкъаралла» («хаамийн майда», «кегийрхойн лидерство», «гражданийн юкъаралла»).
ХIокху шарахь кIеззиг хийцамаш бина форум дIаяхьарехь. Керла юкъадаьккхина ду лекцеш а ца йоьшуш, церан меттана интержигараллин декъехь болх бар: тренингаш, пресс-конференцеш, дIадаханчу шерашкахь билгалбевллачу дакъалацархойн проектийн ярмаркаш, тайп-тайпана интеллектан ловзарш, иштта форуман белхан тептар дIадахьар.
Конкурсехь дакъалоцучарна юкъахь юьртан бахаман декъехь проекташ кечйиначарна озабезам бийриг хилар хоуьйту форум вовшахтоьхначара. Иштта, 2016-гIа шо Россехь Кинон шо кхайкхийна хиларна, цу декъехь йолчу проекташна терго йийриг хилар билгалдоккху цара.
Форумехь дакъалаца луучара шайн заявкаш чуяла еза Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерстве.
Хь.ЭЛЬБЕРТОВА
№58, шинара, хIутосург (май) беттан 24-гIа де, 2016 шо