Великобританин Премьер-министра Д.Кэмерона дIахьедина: «Хонкара пачхьалкх Евросоюзан декъашхо хир яц 3000-гIа шо тIекхаччалц».
***
Австрехь кIирандийнахь дIаяьхьира президентан харжамийн шолгIа тур. Юьхьанцарчу жамIашца цигахь толам баьккхина Н.Хофера.
***
Шри-Ланкехь ярташка хи хьадар а, токхамаш хилар а бахьана долуш кхелхина 82 стаг, 100 гергга стаг хIинца а кароза ву.
***
США-н кеманаша ракеташ тоьхна Пакистанехь вийна «Талибан» боламан тхьамда Молла Мансур.
***
Индин лаьмнашкахь Iинах яхана киралелон машен. Цу тIехь хилла 17 стаг кхелхина.
***
Мисаран куьйгалло Дуьненаюкъарчу хIорда чу хьажийна хи буха лелаш долу кема. Доьхна долчу А-320 кеманан «Iаьржа яьшканаш» лохур ю цо.
***
Хонкаран керлачу Премьер-министрана Йылдырым Биналина керла правительство вовшахтохар тIедиллина мехкан Президента Р.Эрдогана.
***
Евросоюзо хIокху кIирнах дийцаре дийр ду Россина дуьхьал йина санкцеш кхин а цхьана шарна яхъяран хьокъехь долу гIуллакхаш. Царах йоьллачу Россина башха маьIне а ца хета цигахь бен болу сацам.
***
Россин оборонан министра С.Шойгус дIахьедина: «Россин куьйгалло доьху 25-гIа май кхачале США-га «Джебхат-ан-Нусри» террористически организацин гIеранашна тохарш дар дIадолор».
***
Украинна 28 миллион долларна гуманитарни гIо дан дагахь ю Iамарк.
***
Таджикистанехь кIирандийнахь дIаяьхьначу референдумехь харжамхоша кхаж тесна мехкан Конституцехь хийцамаш барехьа. Референдумехь дакъалаьцна 90 процент гергга бахархоша.
***
Россица а, СНГ-ца а, ЕЛЭС-ца а йолчу юкъаметтигашна эшам а беш, Евросоюзаца йолу уьйраш шаьш чIагIйийриг цахилар хаийтина Беларуссин куьйгалхоша.
№58, шинара, хIутосург (май) беттан 24-гIа де, 2016 шо