Нохчийн Республикехь керла школаш ярна билгалдаьккхина 901 миллион сом. Россин Федерацин Правительствон Председатела Медведев Дмитрийс 2016-чу шеран 18-чу апрелехь куьг яздина оцу сацамна.
«2013–2020-чуй шерашкахь дешар кхиор» аьллачу пачхьалкхан программин гурашкахь билгалдаьккхина ду и ахча. Документаш тIехь хьахийна ма-хиллара, регионийн заявкашка хьаьжжина дIасадоькъу субсидеш.
ХIокху шарахь Россерчу 56 регионехь ян лерина ю керла школаш. Субсидийн юкъара барам 25 миллиард сом бу.
Нохчийн Республикехь чекхдолуш долчу дешаран шарахь а кхаа сменехь доьшуш дешархой бара. Ткъа, 2017-гIа шо тIекхачале республикехь школаш цатоарца йоьзна йолу проблема кхочушйина хилийта лерина ю.
Хь.БАХТАЕВА
№58, шинара, хIутосург (май) беттан 24-гIа де, 2016 шо