С.Михалковн цIарахчу республикин берийн библиотекин 70 шо кхачар билгалдаьккхира хIокху деношкахь. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис, Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас, иштта, нохчийн яздархоша, библиотекин ешархоша, кхечара.
Библиотекин белхахой юбилейца декъал а беш, вистхилира Х-Б.Дааев:
«Вайн нохчийн къомо дуккха а баланаш, халонаш лайна. Ирчаниг дукха гина вайна. Делахь а, дерриге а цхьатера ца лаьтта. Хан-зама хийцало, цуьнца цхьаьна маршо а, паргIато а йогIу. Иштта, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента (Дала гIазот къобалдойла цуьнан), Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас ша шен ца кхоош къахьийгира вайн республикехь маршо хилийтаран дуьхьа. Тахана цуьнан некъ дIакхоьхьуш ву Кадыров Рамзан. Цо вайн берийн дуьхьа хьоьгу къа кIезиг дац. И дерриге а, бераш хьекъале а, кхетаме а хилийтархьама ду. Хууш ма-хиллара, библиотекин директора Сайдумова Зулайс ондда болх бо ешархошца. Цо а, библиотекин белхахоша а бечу белхан мах хадийна вер а вац. Со тешна ву, шо шаре мел долу а Берийн библиотекин ешархой а, книгийн фонд а алсамъериг хиларх», – элира цо.
Цул тIаьхьа культурин министра Баркаллин кехаташца а, мехалчу совгIаташца а билгалбехира библиотекин белхахой, иштта, библиотекина а совгIаташ делира цо.
Жигарчу ешархоша роггIана дийцира Берийн библиотекин дахарх а, кхолламах а лаьцна, иштта байташ йийшира. Библиотеках а, цуьнан белхахойх а лаьцна хаза дешнаш элира Ибрагимов Кантас, нохчийн яздархоша, кхечара.
Оцу даздарийн официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, баьхкинчарна концертан программа гайтира нохчийн артисташа. Шаьш декъалбан мел баьхкинчарна баркаллин дешнаш элира Сайдумова Зулайс. Иштта, безамна цхьаьна суьрташ а дехира цара.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан суьрта тIехь: цхьаьнакхетаран дакъалацархой
№58, шинара, хIутосург (май) беттан 24-гIа де, 2016 шо