Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волу Кадыров Рамзан хIокху деношкахь цхьаьнакхийтира «Терек» футболан клубан ловзархошца а, белхахошца а.
Шен къамелехь Р.Кадыровс лаккхара мах хадийра клубан ловзархойн Россин футболехула йолчу премьер-лигехь (РФПЛ) шайн хьуьнарш гайтарна. Цул сов, цо доккха баркалла элира клубан куьйгаллина а, тренершна а, кхиболчу белхахошна а.
«Футболан рогIера мур дIабирзина! Бакъду, вайн командин дуккха а халонаш яра, амма ша шо вай дика чекхдаьккхи. Еврокубке кхача а дукха ца оьшура вайна. Цундела со тешна ву, тIебогIучу муьрехь аш кхин хаза а, эвсара а ловзар гойтур ду аьлла. Ас даггара декъал а до шу, тIаьхье беркате хуьлийла а лаьа!», – элира цо.
Кадыров Рамзана билгалдаккхарехь, «Терек» клубо меттигера футболисташ кечбарна алссам терго ян а еза. Цунна хетарехь, команда масех шарахь кхочур ю оцу Iалашоне.
«Вайн республикехь футбол а, вайн команда а еза. Дуккха а бераш ду оцу декъехь къа а хьоьгуш, шайн хьуьнарш гойтуш. Цундела со тешна ву, нохчийн футболисташ «Терекан» цIарца левзина а ца Iаш, Россин цIарах а ловзург хиларх», – билгалдаьккхира Р.Кадыровс.
Цхьаьнакхетаран чаккхенехь Кадыров Рамзана къаьсттина баркалла элира клубан коьртачу тренерна Рахимов Рашидна. Цуьнца цхьаьна цунна «Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а хьакъволу белхахо» сийлаллин цIе а елира. Цул сов, клубан кхиболу тренерш а, ловзархой а билгалбехира Баркаллин кехаташца а, Сийлаллин грамоташца а.
Кхузахь билгалдаккха догIу, 2015–2016-чуй шерийн муьрехь РФПЛ-хь «Терек» клубо 7-гIа меттиг яьккхина хилар.
И.ИСЛАМОВ
№58, шинара, хIутосург (май) беттан 24-гIа де, 2016 шо