«Единая Россия» партин хьалххе кхажтасар

22-чу майхь Нохчийчохь дIадаьхьира «Единая Россия» политикин партин хьалххе кхажтасар. Цунна лерина республикин тайп-тайпанчу ярташкахь а, шахьаршкахь а болх беш яра 87 харжаман участок. Цигахь кхаж таса таро хилира 18 шарера ваьллачу муьлххачу а вахархочун.     image-22-05-16-07-22-2_w1200_h800

Iуьйранна 8 сахьт даьлчахьана дуьйна болх бан юьйлаелира харжаман участкаш. 9-чу сахьтан хьалхарчу миноташкахь дуьйна схьаэха буьйлабелира бахархой а.

– Кхаж таса веана со. ХIара сан мохк бу и харжамаш а сан бу. Жоьпалла олу цунах. Тахана вайн халкъо билгалбохур болчу кандидатийн сентябрехь Россин Федерацин Пачхьалкхан Думе хир болчу харжамашкахь чекхбовла Дала аьтто бойла! – элира Соьлжа-ГIалин вахархочо Инаркаев Iабдурахьмана.

Харжаман участкехь болх беш хиллачу чоьтан комиссеша 10 сахьт даьлча а, 13 сахьт даьлча а бахархоша кхажтасаран «карарчу хенан» терахьаш довзийтира.

3 сахьт даьлча «Единая Россия» партин Нохчийчухула йолчу отделан офисехь шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшца цхьаьнакхийтира цуьнан куьйгалхой. Цара йовзийтира хьалххе кхажтасар дIадахьаран Iалашонаш а, цуьнан бакъенаш а. Циггахь Республикин чоьтан комиссин председатела Кутаев Нурида билгалдаьккхира, хьалххе кхажтасарехь бахархошка дакъалацийтаран дуьхьа республике 99 эзар сов бюллетень еана хилар.

– Хьалххе дIахьочу харжамашкахь вайн бахархошка кхаж тасийтаран Iалашонца республике хьажийнера 99 эзар сов бюллетень. Карарчу хенахь республикехь муьлххачу а харжамашкахь кхаж таса бакъо йолуш 660 эзар сов вахархо ву, ткъа 99 эзар – оцу терахьах 15 процент ю. Субъектехь хьалххе кхажтасар хилла аьлла къобалдеш ду, цуьнан кхаж таса бакъо йолчу бахархойх 15 процента кхаж тасахь. 13 сахьт даьлча оцу 99 эзар бюллетенах 57 эзар чекхъяьлла ю. Цо гойту бахархоша мел жигара дакъалоцу хьалххе кхажтасарехь, – элира цо.

Республикехь харжаман участкаш дIакъевлира суьйранна 8 сахьт даьлча. Цул тIаьхьа участкашкарчу чоьтийн комиссеша дIаболийра кхаьжнаш дагардаран болх. Иза дIабоьрзур бу 23-чу майхь. Цул тIаьхьа, 24-чу майхь, «Единая Россия» партин Нохчийчухула йолчу офисехь дIахьур ю пресс-конференци. Иза лерина хир ю республикехь дуьххьара дIадаьхьначу хьалххе кхажтасарна а, цуьнан жамIашна а.

Хьалххе кхажтасарехь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волчу Кадыров Рамзана а, Нохчийн Республикин Парламентан председатела Даудов Мохьмада а, Соьлжа-ГIалин мэра Хучиев Муслима а, иштта кхечу официальни наха а.

Кхузахь билгалбаха богIу Нохчийн Республикехь «Единая Россия» партин хьалххе кхажтасарехь харжаман могIарехь хилла болу нах: Делимханов Адам, Селимханов Мохьмад, Саралиев Шамсаил, Догаев Ахьмад, Кадыров Ислам, Тумхаджиев Iийса, Ибрагимов Турпал-Iела, Черхигов Идрис, Докуев Русланбек, Дуруев Шемал, Муцалов Якъуб, Ахметов Къамал, Шамаев Сулиман, Бакриев Руслан.

И.ХАСАХАНОВ

№58, шинара, хIутосург (май) беттан 24-гIа де, 2016 шо    

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: