Дукха хан йоццуш Москва гIалахь дIаяьхьира греко-римски кепара охьатохархлатарехула баккхийчарна юкъахь гIалин чемпионат. Къийсадаларшкахь кхиамца дакъалецира нохчийн спортсменаша а.
Иштта, шайн-шайн йозаллин категорешкахь дашо мидалш ехира: Магомадов Илеса (75 кг.), Нальгиев Бехкана (80 кг.), Евлоев Мусас (98 кг.).
Толаман шолгIа меттиг яьккхира Аюбов Алихана (130 кг.). Йоьза мидалш ехира: Баширов Мохьмада (75 кг.), Аюбов Шахруддис (130 кг.).
Оцу лакхарчу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу церан тренерш: А.Магомадов, Б.Тулаев, П.Умаров, Р.Эскерханов, А.Алиев.
Карарчу хенахь уьш кечам беш бу кестта Соьлжа-ГIалахь хинйолчу Россин чемпионатана.
З.ШИШХАНОВА
Авторан сурт
№59, еара, хIутосург (май) беттан 26-гIа де, 2016 шо