23-чу майхь республикерчу дуккха а школашкахь санна, Шуьйтарчу юккъерчу школехь а бийкира тIаьххьара горгали. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран заместитель Усманов Ахьмад, Шуьйтан районан куьйгалхо Дадаев Хаважи, Шуьйтан районан администрацин куьйгалхо Чабагаев Шадид, цуьнан заместитель Басханов Муслим.
Шен къамелехь Чабагаев Шадида декъалбира юкъарадешар чекхдаьккхинарш. Цо элира: «Со тешна ву аш школехь Iамийнарг шуна дахарехь карориг хиларх. Дахарехь а, тIейогIучу ЕГЭ-н экзаменаш дIаяларехь а Дала аьтто бойла шун».
Школин директора а, хьехархоша а дуккха а довха дешнаш элира школа чекхъяьккхинчеран цIарах. ТIаьххьарчу горгалина лерина цхьаьнакхетар дерзоле хьалха, школехь дика дешначарна а, школин дахарехь жигара дакъалаьцначарна а Сийлаллин грамоташца а, Баркаллин кехаташца а совгIаташ дира.
З.БАЙТУЛАЕВА
№59, еара, хIутосург (май) беттан 26-гIа де, 2016 шо