Дешаран керланаш

ЕГЭ – 2016

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон хаамашца кху шарахь ЕГЭ дIаяла билгалваьлларг 11 713 стаг ву. Пачхьалкхан экзамен дIаяларна къастийна 64 меттиг ю, видеогIирсашца кечйина, 1 155 аудитори йолуш.

ЕГЭ-н хьалхара мур, ламастехь ма-хиллара, 27-чу майхь болалур бу, дешархойн харжаме хьаьжжина, я географин, я оьрсийн литературин экзамен яларца. Экзаменаш, шайн хIоттийначу рожаца нийса а догIуш, дIалур ю. Хьалха санна, июль я сентябрь беттанашкахь хан ца елла.

Амма кхушара дуьххьара ша къаьстина 1 де делла обществознанин экзаменна. Цо аьтто бийр бу ЕГЭ-н мур шен хеннахь дIаберзо.

2016-чу шарахь ЕГЭ-н тIедахкаршна юкъара даьккхина еа предметехула –  истори, обществознани, географи, информатика – тесташ яр.

Коррекционни школехь семинар

Соьлжа-ГIалин бIаьрзечу а, бIаьрса ледара долчу а берийн леррина йолчу коррекционни школа-интернатехь семинар хилира «Юьхьанцарчу классашкахь дешаран хенара могашалла ледара йолу бераш юкъаралли юкъаозоран белхан эвсараллин некъаш» темина.

Интернатан психологаша а, хьехархоша а коррекционни а, йиллина а урокаш елира. Бераша шайн хьуьнарш гайтира хаза ешарехь а, математикин а, оьрсийн меттан а хаарш гайтарехь а, куьйга говзаллин белхаш барехь а. Оцу школа-интернатехь бIаьрзечу берийн кхолларалла кхиорна кхоьллина дика хьелаш хилар а доккха гIуллакх ду. Говзанчаша, хIора беран могашаллин таронашка хьаьжжина, дешаран программа къастайо. Беро доьшучу хенахь цунна гуонаха дефектолог, психолог, логопед, офтальмолог, тифлопедагог, педиатр , иштта  кхиболу говзанчаш а хуьлу.

2014–2015-чуй шерашкахь Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос пачхьалкхан «Доступная среда» программин гурашкахь школа-интернатана кхачо йина кхузаманан гIирсашца. ХIинца оцу школин дешархойн аьтто бу шайна схьайиллинчу тифлокабинетехь болчу гIирсех пайда эца.

2015-чу шарахь дуьйна схьайиллина болх беш ю исбаьхьаллин урокийн кабинет. Цигахь поппарх тайнигаш ян Iема бераш, цул сов поппарх йина буьйда тайнигаш чохь йоттуш тоькан пеш а ю дIахIоттийна. ТIейогIучу заманахь а иштта керла а, пайдехь дерг а юкъадалор ду школин дешархошна.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№59, еара, хIутосург (май) беттан 26-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: