Ненан меттан хазалла йовзуьйту хьехархо

Жимачохь ненан маттахь баккхийчара дуьйцучу хабаршка, дийцаршка, туьйранашка ладугIуш самукъадолура Тамарин. Вайн гIиллакхаш Iамош а, ладугIучуьнгахь дика амалш кхиош а, меттан хазалла йовзуьйтуш а хуьлура уьш. Школехь доьшуш йолуш нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Хь.Аболхановс луш хилла дарсаша кхунна дуккха а керланиг довзийтина ца Iаш, говзалла хоржуш а тIеIаткъам бина аьлла хета цунна.IMG-20160404-WA0011

1992-чу шарахь чекхъяьккхира Тозабаева Тамарас Энгал-Юьртара №1 йолу юккъера школа. Школа чекх ма-яьккхина ВУЗе деша яхар ца нисделира йоьIан. Баккхийчарна ца лаьара, дIабоьдуш тIом а болуш, цу юккъехула йоI деша яхийта. Республикера хьал жимма тодала доьлча кхочушхилира Тамарин сатийсам – Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультете деша яхара иза. Нохчийн литературин хьехархочо Ш.Джамбековс а, студентийн тобанан старостас З.Алиевас а вайн яздархойн дахарх лаьцна дуьйцург чIогIа схьалоцура йоIа. Уьш бахьанехь ненан матте а, литературе а болу безам кхин а чIагIбелира цуьнан…

Дахаран некъаша Гуьмсе ялийна, хIинца цигахь ехаш ю Т.Тозабаева,  2002-чу шарахь дуьйна Дадагова Данин цIарахчу №3 йолчу гимназехь лакхарчу классашкахь нохчийн меттан а, литературин а хьехархочун болх беш а ю.

«Со балха еанчу хенахь дукха доккха зеделларг долуш нохчийн меттан а, литературин а хьехархо яра Зарган Магомедовна, – бохура Т.Тозабаевас. – Таханлерчу дийнахь тхо (хьехархой а, цуьнан хилла дешархой а) иза йолчу доьлхуш, цуьнан ларам беш схьадогIуш а ду. Юьхьанца сайна цахуург цуьнга хоттуш, цо гIо а деш дIайолаелира. Иштта, пхийтталгIа шо доладелла ас хIара болх бен. Суна бераш даггара дукха деза. Уьш дезаш ца хилча балур болуш бац хIара болх. Царна дика го хьехархочун шайца йолу уьйр. Берашца болх беш хилча церан даге а, церан лааме а хьожуш хила веза. Хьо царна дуьхьал яхча уьш хьуна а дуьхьал догIу. Цкъа а сайн агIор берашкара цабезам ца хаабелла суна.»

WhatsApp чохь, нохчийн меттан, литературин шовзткъе шийтта хьехархо юкъахь волуш, йиллинчу тобана юкъахь ю Томара. Вовшашна зеделлачух пайдаэца а, вовшех дагадовла а аьтто бо оцу гIуллакхо. Цо дийцарехь, цунах доккха гIо-накъосталла хуьлу хьехархошна.

Методикин агIор чулацаме а йолуш, вайн культура, гIиллакхаш, Iадаташ, истори юкъа а лоцуш, вовшахтоьхна нохчийн меттан кабинет ю цуьнан.

«Хьехархо даима а лехамехь хила везаш ву, – кхидIа а дуьйцура Т.Тозабаевас. – Берашкахь ненан матте безам кхолла цаьрца дуккха а болх бан беза. Дадагов Тамерлан директор волчу хенахь цуьнан гIоьнца, шина-кхаа баттахь оха вовшахтоьхначу нохчийн меттан кабинето хьалхара меттиг яьккхира Нохчийн меттан денна лерина стохка районехь дIаяьхьначу конкурсехь.»

Хьехархойн коллективана а, берашна а дукха а езаш, шен декхарш хьанал кхочушдеш схьайогIуш ю иза. «Шеран тоьлла нохчийн меттан хьехархо» конкурсехь дакъалаьцна хьехархочо. Цуьнан къинхьегаман некъ билгалбаьккхина школин а, районан а куьйгалхоша Сийлаллин грамоташца а, дипломашца а, ахчанца а.

Л.ИБРАГИМОВА

Авторан сурт

№59, еара, хIутосург (май) беттан 26-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: