Бер школе доладелча, иза дешна маца дера ду техьа олий, генарчу анайистехь хетара тIаьххьара горгали тухур болу де. Амма зама сиха йоьду, селхана сонехь лаьттачу норал бен ца хилла бераш, тахана, куц хаза кегийрхой а, зудабераш а хилла, кхиъна го.
Шела гIалин №10 йолчу школехь даздаран хьолехь бийкира дешархошна тIаьххьара горгали. Бераллин хазачу ханна зил тухуш санна, цхьадолчу декъаца сингаттаме, вукху агIор синъайаме догIу и де хIора чкъурана. Оцу школехь 11 класс йоккхуш – 44, 9 класс йоккхуш – 63 дешархо вара.
Цхьаъ вукхул хаза, товш бара дешархой. Даздарш Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а пачхьалкхан гимнаш аларца долийра. Дешархошка а, цаьрца 11 шарахь къахьегначу хьехархошка а, берийн дай-наношка а декъалдаран дош элира Шелан районан дешаран урхаллин векал йолчу Магомадова Каметас а, школин директора Узаева Сайдата а, «Даймохк» газетан культурин отделан редактора Эльдерханова Зайнапа а. Школин 11-чу классийн куьйгалхоша Бичаева Розас а, Шамилева Нуржана а оцу даздаршна кечам даггара бина хиларан цхьа а шеко яцара. Школехь дIадевллачу шерех, хазачу, самукъанечу мIаьргонех лаьцначу эшарша, байташа бIаьрхиш дохура берийн а, хьехархойн. Берашна школах къаста хала хилар а, хьехархошна школал арахьара дуьне чолхе, чорда дуй хаар а дара иза.
Школин шерийн жамI деш, дешарца а, гIиллакх-оьздангаллица а билгалбевллачу дешархошна Сийлаллин грамоташ, Баркаллин кехаташ делира. Ойлане минот хадош, хелхарца юкъабевлира 1-чу классийн дешархой. МогIа бинна гучудуьйлура оьрсийн «матрешкаш». Байташ йоьшуш, эшарш лийкхира бераша. «Шул а эшна хир дац тхо!» – аьлла ерзийра концертан программа. Дай-нанойн цIарах йистхилира школин дешархойн дай-нанойн комитетан председатель Галаева Рада. Хьехархошна а, школин куьйгаллина а даггара баркалла элира цо.
Бийкира тIаьххьара горгали…
КхидIа экзаменаш, институташкахь дешар ду выпускникашка хьоьжуш. Некъ сирла, дахар ирсе долуш, тIаьхье беркате хуьлда вайн берийн.
ХИЗИРОВА Зайнап
Авторан суьрта тIехь:
Шеларчу №10 йолчу школехь «тIаьххьара горгали»
№59, еара, хIутосург (май) беттан 26-гIа де, 2016 шо