ХIокху деношкахь Айдамиров Абузаран цIарахчу республикин къоман библиотекехь дIадаьхьира вевзаш волчу академикан Захаров Петран шарна лерина цхьаьнакхетар. Иза вовшахтоьхнера вай лакхахь хьахийначу къоман музейс Нохчийн Республикин культурин министерствоца а, Нохчийн Республикин Яздархойн союзаца а цхьаьна.
Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара: Нохчийн Республикин Парламентан депутат Хазбулатов Бекхан, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта, цуьнан заместитель Мамакаев Эдуард, Нохчийн Республикин халкъан яздархо Яричев Iумар, Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист Газиева Аза, Нохчийн Республикин филологин Iилманийн кандидат Мунаев ИсмаьIил, Россин Федерацин Яздархойн союзан декъашхо Усманов Iарби, къоначу корреспондентийн школин директор Юнусов Хьамзат, бевзаш болу яздархой Кусаев Iадиз, Борхаджиев Хожбауди, М.Ю.Лермонтов цIарахчу оьрсийн драматически театран къона актераш, иштта кхин а.
Цхьаьнакхетар долийра театран актераша Захаров Петран сурт а дуьллуш, Лермонтов Михаилан байташ йоьшуш, постановка хIотторца.
Цул тIаьхьа вистхилира Ибрагимов Канта:
– Хууш ма-хиллара, 2016-гIа шо Нохчийчохь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волчу Кадыров Рамзанан дIадолорца Захаров Петран шо аьлла дIакхайкхийна ду. Цундела, Дала мукъ лахь, вайн ницкъ мел бу, ца евзачунна академикан кхолларалла йовзийта а, цу декъехь кхин а цхьаьнакхетарш вовшахтоха а хьовсур ду вай. Тахана цхьаьнакхетаран дакъалацархошка бIаьргтохийта гайтаме диллина Захаров Петран 16 сурт (репродукци) ду. Жимма а искусство евзачунна хуур ду мел похIме хилла церан автор. Вай дозалла дан деза и тайпа суртдиллархо вайн къомах схьаваьлла хиларх. Иштта, кхин цхьа хIума а билгалдаккха лаьа суна, цо даима а шен суьрташ бухахь «Захаров Петр – Нохчи», «Дади-Юьртара нохчи» олий яздеш хилла.
Цхьаьнакхетарехь къамелаш динчара билгалдаьккхира Захаров Петр нохчийн къоман дозалла хилар а, цуьнан кхолларалла а, дахар а довзийтарехь Ибрагимов Кантас «Петр Захаров», «Петр Захаров нохчи ву» цIе йолу ши книга арахоьцуш ондда къахьегна хилар а. Цара массара а баркалла элира Яздархойн союзан председательна дуккха а архиваш толлуш и болх барна. Цул тIаьхьа библиотекин директора Исраилова Сацитас баркалла элира цхьаьнакхетарехь дакъа мел лаьцначунна.
Цхьаьнакхетар дерзош, яздархоша а, журналисташа а академикан суьрташна хьалха безамна суьрташ дехира.
З.ЛЕЧИЕВА
Суьрташ тIехь: къоман библиотекехь цхьаьнакхетар
№59, еара, хIутосург (май) беттан 26-гIа де, 2016 шо