(РСФСР-н хьакъйолчу артисткин Сардалова Зулайн 80 шо кхачарна лерина)
Сан ирс хилла иза ган а, йовза а. Сардалова Зулай шен сица, цIийца, духарца, леларца бакъйолу нохчийн зуда яра. БIаьстенан малхо санна вохвора цуьнан елакъажаро. Иза массаьрца ийна яра, даима елаелла, екхаелла яра. Зулайн йиша Камета яра Соьлжехь Iаш, юьртарчу школехь юьхьанцарчу классийн хьехархочун болх а беш. Иза тхан лулахь Iаш яра. Наггахь мукъачу деношкахь шен йиша йолчу йогIура Зулай. Лулахошна цунах мерза кхаъ хуьлура. Массо а Зулайга вистхила лууш хуьлура. Нохч-ГIалгIайн Республикин халкъан артистка шех хилча а, Зулай цхьаннах къехкаш яцара. Ишта-м Сардалова Зулай ГIебартойн-Балкхаройн а, ХIирийн а Республикийн хьакъйолу артистка яра. Эххар а, РСФСР-н хьакъйолу артистка хилира цунах. Зулай хелхарна йина яра. ЧIогIа дика караерзийнера цо шена дукхаеза корматалла. Къаьсттина ша схьаяьллачу нохчийн къоман хелхар цхьана башхачу дозаллица деш санна хетара цо. Хьовсархойн дог-ойла ир-кара хIуттура, балерина санна, дайчу боларца иза сцени тIехь гучуяьлча. Хаддаза цуьнан хелхаре хьоьжуш Iен лаьара. Мел хьежарх кIорда ца дора. Иза массарна дукхаезара. Артисткина хаьара халкъана, махкана ша дукхаезийла. Цунах там хуьлучух тера дара хелхарчина. Бакъду, цкъа а, цхьана а кепара куралла-м ца тосаелла суна цуьнан амалехь. Иза елакъежча а, хазачу бIаьргийн генна кIоргенехь хьулйина гIайгIа а хаалора. Цуьнан а шен бахьана хиллера. Цунах дерг суна тIаьхьо, йоккхо хилча хиира.
Бераллин къаьхьа шераш
1936-чу шеран 5-чу майхь Соьлжа-ГIалахь дуьнен чу яьлла Сардалова Зулай. Цуьнан да Махьмуд Соьлжа-ГIаларчу №5 йолчу школин хьехархо хилла, тIаьхьо цу школин директор а. Схьавалар Девкар-Эвлара долу Сардалов Махьмуд, шен замане ладоьгIча дикка дешна, тайп-тайпанчу белхашкахь къахьегна стаг вара. Кхоъ бер дара цуьнан доьзалехь: ши йоI, цхьа кIант. Амма 1941-чу шеран 22-чу июнехь ямартлонца фашисташ вайн Даймахкана тIелетча, шен лаамехь ЦIечу Эскаре гIуллакх дан баха лууш дIаязбеллачу къонахийн могIарехь хьалхарчарех цхьаъ вара Махьмуд. Делахь а, шалон Нохчийчуьра араялале тIаме дIахьовсийначу бIаьхошна юкъара схьаваьккхира Сардалов Махьмуд. Республикин куьйгалло сацам бина хиллера Аьхкина-Борзерчу колхозан председатель хIара хIотто. Даьхни лелош колхоз яра Махьмуд куьйгалле хIоттийнарг. Ткъа Махьмудана Iедало тIедиллинера, немцойн кара ца дахийта и даьхни лома хьаладигна, цигахь Iалашдар. Даима санна, шена тIедиллина гIуллакх юьхькIам болччу агIор чекхдаьккхинера цо. Лардеш, шен долахь долуш санна, Iалашдеш даьхни хене доккхуш хиллера. 1942-чу шарахь Теркайисте кхечира мостагI. Хаддаза Терка тIехула хьийзаш долчу немцойн кеманаша, бомба кхуссуш меттиг йогIура. Девкар-Эвла хьалабигначу шен доьзална сагатдора Махьмуда. Цунна хаьара шен хIусамнана Зупи, Дела воцург накъост воцуш, кхаа бераца ша цхьаъ юйла а, церан Iуналла дан ша декхарийлахь вуйла а. Теркаца йолу тIеман гIовгIа чIагIъяла йоьлча доьзал цигара схьабаккха йолчу ойланца юьрта воьдура иза. Делан къинхетамца аьтто а болий, Йоккхачу АтагIа доьзал схьабалабо Махьмуда. Амма НКВД-на гергахь йоккха ледарло хиллера председатела шегара ялийтинарг. «Халкъан мостагI» лерина иза набахти чу воьллира. Сардалов Махьмудан доьзална шайн да кхин цкъа а бIаьрга гина вац. Бакъду, догIанах тIебоьлху сингаттамаш цу тIехь дIа-м ца бирзира. 1944-чу шеран февраль беттан 23-чу дийнахь Iуьйранна, дерриге нохчийн халкъ санна, махках баьккхира СардаловгIеран доьзал а. Баттахь гергга шийла некъ бира, вагонаш чохь болчу нохчех цхьанна а мича йоьду ца хуучу шалоно. Эххар а, Къилбаседа Казахстанерчу Петропавловски областе дIакхаьчча, Раевка цIе йолчу станцехь вагон чуьра охьабехира СардаловгIар. Буьрса дарц дара хьоькхуш. Шакарца цIийза мох дегIах чекхбуьйлуш санна хетара. Даг чохь кхин а шийла яра. Салазаш тIехь казахаш бара цIерпоштана дуьхьал баьхкина. Цигарчу Iедало тIедиллина хиллера царна, нохчийн цхьацца доьзал тIелацар а, шайн хIусамашкахь дIатарбар а. Ков-кертахь дечу гIуллакхана шайна гIо-накъосталла хилийтархьама, казахаша юкъахь божарий болу доьзалш лохуш, салазаш тIехь уьш дIабига болийра. Жимачу кхаа бераца юьстахлаьтта беркъа Зупи цхьамма а тергал ца йора. Кхаьрга салаз тIе дIакхойкхуш стаг а вацара. ГIеххьа хIорш шелбеллачу хенахь оьрсийн цхьа стаг, зудий деара кхарна тIе. Цара шайн хIусаме дIабигира СардаловгIар. ХIусаме дIакхаьчча йовха яа хIума елира, дIабийша меттиг билгалъяьккхира. Иштта Даймахке сатийсарца дIадуьйладелира, 13 шаре дахделла, Зулайс Казахстанехь йоккхучу хенан ирча денош. Сталинан хьадалчаша бехк-гуьнахь доцуш махках даьккхинчу дерриге а нохчийн халкъан а санна, СардаловгIеран доьзалан а лан дийзира ямартло, харцо, гIело, шело. Къаьсттина гIайгIане йогIура Казахстанехь буьрсачу Iаьнан еха буьйсанаш. Ягош курай олуш, якъаелла яраш яра. Пешахь йогучу хенахь-м цара мелла а йовхо лора. Амма пешара цIе дIаяйначул тIаьхьа, да вийнарг Iебар волуш, шело хIуттура чохь. Iуьйранна кIайчу жIамарша къарздина хуьлура коран бIаьргаш. Нохчашна хетачу кепара катоьхнна, шаьш юха цIа ца дерзадой хиъча, Зупи ялта лелочу цхьана бахаман керта балха яхара. Доьзална напха латто сатесна яхара иза цига. Бакъду, иза а бале-м делира мисканна. Цкъа цхьана суьйранна канахь кIен буьртигаш деанера Зупис, берашна там бийр бара-кх, аьлла. Шина йоIа уьш сихонца кхаьрзира. Амма царах дезар дина хIорш бовлале, хьерадевлла жIаьлеш санна, милцой чулилхина, чохь мел долу хIума тIекIел тесира. Милцоша лелочух кхеттачу Зулайс, цхьана бехчалга юккъе доьхкина, кIен буьртигаш четахь хьулдар бахьанехь, уьш гучу ца довлуш дисира. Делахь а, милцоша дIайигна Зупи чуйоьллира, кхин бехке ян хIума ца хилча, кIирнах чохь яллийна цIа яийтира. 1947-чу шарахь цкъа мацах лаьцна дIавигначу Махьмудан доттагIчуьнгара кехат деара Зупига, шийла кхаъ боккхуш. ХIусамден доттагIчо хаам бора Махьмуд дийна цахиларх. Вайнах махках бохучу муьрехь цунна тоьпаш тоха кхиэл кхайкхийна хиллера. ТIаккха кхин гена ца долуьйтуш и кхиэл кхочушйина а хиллера. Дикка хан яьккхира Зупис йоьлхучуьра юха ца ерзалуш. Эххар а, хIусамда доьзале схьакхетарг цахиларх дог диллина яьлча, марзхошна тIегIорта сацам бира цо. Уьш Семипалатинскехь бу боху хабар а кхеттера кхарах. Бакъду, цига яха новкъаяьллачохь, цIеххьана тиф цамгар кхетта, цомгаш хилла Зупи, цIерпошта тIера охьаяьккхина, больнице йигира. Ткъа бераш берийн цIийне дIадигира. Кхин а доьхнарг дара хийрачу махкахь, уллохь вевзаш цхьа а стаг воцуш ши йиший, церан цхьаъ бен воцу ваша Элабеккий вовшех къастор. Ши йиша цхьана йитира, ткъа массарел жима волу Элабек кегийчу берех тоьхна, кхечу тобанца дIатарвира. Иза нийса доцийла хаьара жимачу Зулайна. Цкъа мацца а нана схьакхетахь цуьнга хIун ала деза а ца хаьара. Ша мел жима елахь а, йоIана шена юххехь хилийта лаьара шен цхьаъ бен воцу ваша. Амма мел чIогIа йоI елхарх хIорш цхьана-м ца битира. Синтем байнера Зулайн, юучух мотт ца тохалора, нанна сагатлора, уллохь воцчу вашас садуура. Бус-буса йоьлхура иза нене а, Веза-Воккхачу Деле а кхойкхуш. Шена хуучу кепара хаддаза Деле орца доьхуш йоьлхура Зулай. Нана уллохь йолуш-м цунна шаьш иштта цхьалха ду аьлла а ца хетара. ХIинца цхьа а вацара, АллахI-Дела воцург! Цуьнан диканах дог дилла-м ца лаьара Зулайна, мел къизачу бохамо ша йийсаре лаьцча а. Цхьана дийнахь берийн цIийнан бешарчу гIентахь Iаш яра Зулай шен йишица Каметица. ЦIеххьана йоьIан тидам тIеозийра, салтийн чоа дуьйхина, юьстах лаьттачу цхьана стага. Стаг леррина хьоьжура берашка, шина йоIана тIера бIаьрг ца боккхуш. Юьхьанца цеце хилира Зулай, и стаг шега хIунда хьоьжу ца хууш. Цкъа Камета эцна дIаяда дог а хилира цуьнан. Делахь а, леррина кхин цкъа а (нехан стеган) бIаьра хьаьжча, цунна евзира шен нана: «Мама!» шийла мохь белира йоIе, елхаран къурдаш деш тIехьаьрчира иза цунна. Оза, корта баьшна, кхоччуш дакъазъяьлла, салтийн чоа дуьйхина, тамашийна цIармат гуш яра Зупи, цунах бIаьрг кхеттачу муьлххачу стеган а дог Iовжор долуш. Иза Зулайн нана яра. Доккхачу дуьненахь лаха араваларх шел уллора, гергара, хьоме кхин стаг карор воцуш. Шега сатуьйсуш буьйсанашкахь йоI йилхина нана. Хастам хиларан АллахI-Делан къинхетам хьалхабаьлла, кхунна схьаелла нана. Къаьхьачу гIайгIанаша макхдина дуьне мелла а серладаьлча санна хийтира Зулайна, ша нанна уллохь лаьтташ.
Уггаре а хьалха, шен кхо бер вовшахтуьйхира Зупис. ТIаккха, цаьрца буьйса а яьккхина, Iуьйранна новкъаяла сихъелира. Цхьа лаам бара цуьнан садууш. Зупина чIогIа лаьара, ша лахь а, йисахь а бераш дехошна улло нисдан. Царна юххехь хилча зенах а, зуламах а ларбала доьзална атта хиларе сатуьйсура пекъаро. Берийн цIийнан директор волчу оьрсичо дукха дехарш дира Зупига новкъа ма ялахьара бохуш. Белхан меттиг нисъян тIелоцура цо. Ткъа тIулгаш санна кегийчу берашца гена новкъа зуда яьлча, хIорш мацалла баларна кхоьрура директор. Амма Зупи къар ца лора. ТIаккха берийн цIийнан директора кхо-йиъ булка бепиг, цунна тIекхалла хIума тускар чу йиллина, берийн цIийнан санитарни машенахь цIерпоштнекъан станце дIабигийтира доьзал. Марзхошна тIекхаьчча мелла а аттачу делира Зупин а, цуьнан доьзалан а дахар. Больнице балха хоьттира Зулай а, цуьнан нана а. Мацалла ца леш хене довллал напха латталора цигахь деллачу алапах. Больницехь елахь а, белхан меттиг дагахь доцчу кепара беркате хилира. Цигахь гучуделира Сардалова Зулайн похIма а. Кхара болх бечу больницера кегийрхой зударийн де – 8-гIа Март даздан кечлуш бара. Концертан программа яра кечъеш. Зулай реза хилира концертехь дакъалаца. Оццу больницехь болх беш вара кхуьнан шича – Леча. ХIокху шимма барт бира даздаршкахь нохчийн хелхар гайта. Кхиъна йогIуш дуьйна товш йоI яра Зулай, Iаьржа бIаьрг- цIоцкъам долуш, юткъа лекха йолуш. Концерт хинйолу де тIекхачале цхьанхьара гIабали а караеанера йоIана. Лечина гIовтал карийра. Иза-м «хIайт» аьлла хелха волуш вара хьалххе дуьйна а. Бакъду, нахана юкъахь дуьххьара хелха йолуш яра аьлла, хIумма а тIаьхьаюьсуш-м Зулай яцара. ГIургIезан куьцехь тайна хелхар дира йоIа. Шега мел хьожуш волчу нохчичунна генахь бисина Даймохк карлабоккхуш. Массара а самукъадаларца тIеийцира нохчийн хелхар. И хелхар дика дарна Лечина а, Зулайна а Сийлаллин грамоташ елира. 1942-чу шарахь къинхетамза дех къаьстичахьана йоьIан къоначу дахарехь дуьххьара екхна еана миноташ яра уьш, еххачу ханна Зулайн даг чохь лаьттина йолу.
Сцени тIехь– хьалхара гIулчаш
1956-чу шарахь Семипалатинскера Алма-Ата схьаеара Зупи шен кхо бер далош. Цхьацца хабарш дара дуьйцуш, вайнах цIаберза маршо яла там бу бохуш. Мискачу адамийн лаамо кхоьллина и хабарш тIечIагIдира 1957-чу шеран январь баттахь яьллачу бакъоно. Цуьнца цхьаьна радиохула хаам бира Нохч-ГIалгIайн хелхарийн а, эшарийн а ансамбль вовшахтухуш хиларан хьокъехь. Кегийрхой бара конкурсехь дакъалаца цига дIакхойкхуш. Кхин цхьа кхаъ бара оцу хаамна юкъахь: ансамблан дакъалацархой, уггаре а хьалха культурин массо а белхахо санна, хьалхарчу декъехь Кавказе дIайоьдучу тобанна юкъахь хирболуш бара, шайн доьзалшца. Ткъа муьлха нохчи вара дай баьхначу махка сихха цIаверза ца лууш? Цундела алссам кегийрхой тIегIоьртира ансамбле балха хIитта лууш. Абайн цIарах йолчу казахийн драматически театрехь яра охьахиъна йоккха жюри, похIме кегийрхой къастош. Леррина оцу балхана Соьлжа-ГIалара Алма-Ата дIавеана композитор Александр Халебский вара, тIаьхьо Нохч-ГIалгIайн Республикин культурин министр хир волу Татаев Ваха, нохчийн драматургин классик Хамидов Iабдулла, иштта дуккха а кхиберш а бара жюрехь. Нохчийчу сихха цIаерза болчу лаамца еха Зупи а яхара театран неIаре, шен ши йоI а эцна. Зулай я Камета жюрис чекхъялийтаре сатесна Зупи, хазахетарца юхайирзира. Цуьнан ший а йоI дIаийцира ансамбле. Ший а хаза яра, сцени тIехь товш а яра, хелха дика йолуш а яра. Шен йоIарий ансамблана юкъа цхьана ханна бахийтина ша аьлла хеташ йолчу нанна, мелла а тешнабехк хилира. КхидIа долчу дахаран къилба хилла дIахIоьттира цуьнан цхьана йоIана, Сардалова Зулайна, Нохч-ГIалгIайн ансамбль а, къоман хелхар а. Ишта-м Зулай шен йишица Каметица 1957-чу шарахь Ленинградерчу театральни институте деша а яхара. Бакъду, хьалхара сесси кхиамца дIаелла хьажа-хIотта цIа еана ши йоI, нанас кхин юха ца йохуьйтуш, цIахь сацийра. Камета Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн училище деша йоьду, тIаьхьо балхана юкъара а ца йолуш, хьехархойн институт чекхйоккхий, 40 шарахь сов Соьлжерчу юккъерчу школехь болх бо цо. Ткъа Зулай юха а ансамбле балха арайолу. Сардалова Зулай нанас театральни институте дIа ца йохуьйтуш цIахь сацаярх боккха кхаъ хиллера, Алма-Атахь дуьйна цуьнга бIаьрг бетташ хиллачу Эдисултанов ШитIина. Дукха хан ялале ШитIас Зулай ядийра. Девне дерза тарлуш захало дара иза. Амма цу муьрехь Нохч-ГIалгIайн Республикин культурин министр хилла Татаев Ваха юкъахьовзар бахьанехь, цуьнга болчу ларамна, Зулайн дехоша дIадерзийра дов, гена ца долуьйтуш. Сардалова Зулай санна Девкар-Эвлара вара Татаев Ваха а. Церан дай дукха мерза Iийна бара. Цул сов, Татаев Ваха ша а вара нахана юкъахь дош лелаш къонах. Халкъах а, махках а дог лозуш стаг вара иза. Ша а цкъа мацах актер хилла хиларе терра, министрана гуш дара ШитIа а, Зулай а Iаламат похIме ши адам хилар. Татаев Ваха дика кхетара искусствоца уьйр йоцчу стаге маре йодахь Зулайн сцена дIатаса дезарг хиларх. Иштта, Татаев Вахех доккха беркат а даьлла, доьзал кхоьллира ШитIас а, Зулайс а.
Кхиамийн некъаш
Дукха хелхарш дара ШитIин, Зулайн цхьаьна деш. Цара уггаре а хьалха кечдинчарах дара «Шовдана йистехь» цIе йолу лирически хелхар. Лаа олуш дац халкъалахь «Хелхаро деган мукъам гойту». Цунна къеггина тоьшалла дара ШитIас а, Зулайс а говза гойтуш долу «Шовдана йистехь» цIе йолу хелхар. Нохчийн оьздачу йоьIан васт кхуллура Зулайс. Цуьнан дайчу боларехь, эсалчу хьажарехь, оьздачу сибатехь нуьцкъала амал гора, багара долуш дош дацахь а. КIудалца хин йисте йогIуш яра цуьнан турпалхо, бIаьстенан зазанах таръелла. Ламанан лечанах тарлой гучуволура жима стаг. Цо шовкъехь ден хелхар айкхдуьйлура шовдана йисте кIант мукъалла кхаьчна цахиларна. Ткъес санна, лепачу цуьнан бIаьргаша гойтура, кIентан кийра йоIе болчу безамо морцуш хилар а. Хьовсархой йийсаре лаца ницкъ кхочура дуэтан. Массара дезаш тIеоьцура и хелхар. Иштта дезаш тIеоьцучарах дара Эдисултанов ШитIас хIоттийна «Женатый холостяк» цIе йолу забаре хелхар а. Ишта-м Зулайс хIирийн «Симд» цIе йолу хелхар а дора. Цуьнан репертуарехь гуьржийн «Картули» цIе йолу хелхар а дара. Уьш дерриге а цо лаккхарчу говзаллица дан а дора. Цундела цхьа а цец ца велира 1960-чу шарахь Сардалова Зулайна Нохч-ГIалгIайн хьакъйолу артистка аьлла, сийлахь цIе тиллича. Нохчийн мехкарех дуьххьара кога буьхар хелха яьлларг вайн турпалхо ю. Массарна хууш ма-хиллара, балеринашка бен далуш ца хилла иштта хелхар. Къаьсттина самукъадолура хьовсархойн Сардалова Зулай солистка йолуш, Нохч-ГIалгIайн хелхаран ансамблан мехкарийн тобано лирически хелхар деш. Магомадов Сайханан илли а хуьлура даима цу хелхарца декаш. ДагадогIий шуна?
Вайн дайша ларбина
Наноша хазбина,
Хьоме Даймохк!
Даго сий дина,
Лерам сов бина,
Сийлахь Даймохк!
Хьан лекха лаьмнаш,
Шера аренаш,
Хьоме Даймохк!
Дукха безарна
Тоха са дац сан,
Нана-Даймохк!
КIайчу гIургIезех тарлой хьийзара мехкарийн тоба сцени тIехь. Церан хазалло дагах гилгаш дохура, ойла тIома йоккхура, дикане кхойкхура. Къаьсттина Сардалова Зулайн хелхаро хIорранга дозалла дойтура нохчи хиларх а, хьуна сцени тIера схьагуш ерг хьан къоман исбаьхьа культура хиларх а.
Нохч-ГIалгIайн хелхаран ансамбль кест-кеста махкал арахьа гастролашкахь хуьлура. Хетарехь Кавказехула маситтазза чекхъяьлла иза. Гуьржехула, ГIебартойн-Балкхаройн, ХIирийн а мехкашкахула, иштта дIа кхин а. Массанхьа езаш тIелоцура вайн ансамбль а, цуьнан солисташ а. Цунна къеггина тоьшалла ду 1964-чу шарахь Сардалова Зулайна тиллина сийлахь цIе. ХIирийн Республикин хьакъйолу артистка хилира Зулайх цу шарахь. Iаламат боккхачу кхиамца гастролаш чекхъевлла ансамбль Соьлжа-ГIала цIайирзича. Советийн Iедало и тайпа сийлахь цIерш атта луш ца хиларе ладоьгIча, 28 шо кхачале и цIе яккхар боккха кхоллараллин толам бара нохчийн йоьIан. Хьаналчу къинхьегамца, Дала ца кхоош деллачу похIмица кхечира артистка цу лакхене. Ткъа шарахь сов болх бира цо Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан ансамблехь. Цуьнан цIе Кавказехь евзина Iаш яцара. Москвахь а, Ленинградехь а лерамца йоккхура нохчийн оьздачу зудчун цIе. Вайнехан зударех РСФСР-н хьакъйолу артистка хиллачийн хьалхарчу могIарехь ю Сардалова Зулай. Ансамблера дIаяьлча а мукъа Iаш яцара иза. Жимачохь дуьйна маха баккха Iамийна йолу Зулай бедарш тоьгуш яра. Артисташна духарш тоьгура цо. Культурин кхерчашкахь балхахь болчу дукха а мехкаршна тайнера гоьяьллачу артисткин шолгIа говзалла. Цуьнан беркате куьг кхетта массо хIума санна хаза, дика нислора Зулайс тегна барзакъ.
ТIаьххьара шераш
45 шарахь гергга бертахь цхьаьна хан яьккхира Эдисултанов ШитIас, Сардалова Зулайс. Казбек цIе йолуш цхьа кIант вара цу шиннан доьзалехь. КIентан меха хIумма а дацара ден-ненан. ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь Нохчийчу хьаьвзинчу буьрсачу сингаттамех доккха дакъа кхечира Зулайн хIусаме. Къаьсттина хала дара авиатохарш долчу муьрехь. Ленинан цIарах болчу урамехь дукха гIаьтнаш долчу а цIа чохь Iаш бара уьш. Амма настарш лозуш йолу Зулай ларми чу ца йоссалора, мел луьра авиатохарш хиларх. Ткъа хIусамнана ша йитина ШитIа ара а ца волура. Эххар а, цхьа бомба кхеран подъезде туьйхира, хIорш бехачу хIусамах ах дIа а хьокхуш. Цул тIаьхьа гIали юккъехь Iойла дацара. Шелонна Iен а лур вацара. ТIаккха ШитIас карахь-марахь лакхарчу гIат тIера охьаяьккхира Зулай. ГIаш Алдехьа дIагIоьртира уьш. Дала бахьана доцуш а ца дисира цу кхерамечу новкъахь. Веза-Воккхачу Делан къинхетам хьалха баьлла, дисира. Цхьа лаам бара цу шиннан а, хьалхахьа дIагIерта ницкъ луш. Цхьаъ бен воцчу кIантана нускал ца далош дIадала ца лаьара шинна а. Шаьшиннан бакъо ца хетара хIокху доккхачу дуьненахь иза цхьалха вита. 2002-чу шарахь далийра цара цхьаъ бен воцчу кIантана – Казбекана нускал. Доккха ловзар хIоттийра, алссам хьеший кхайкхина, той а хIоттийра. Шайн даго ма-бохху и той дIадерзийра цара, дагахьбаллам ца буьтуш. Амма кIантана нускал далийна ши кIира кхочуш, Нохч-ГIалгIайн халкъан артист Эдисултанов ШитIа 2002-чу шеран 7-чу августехь дIавелира. Дала гечдойла цунна! Дуьцийла йоцуш, хала лайра Зулайс и бохам. Дуьне цхьа тамашийна басадаьлча санна хетара цунна, дахаран некъанакъост уллора дIаваьлча. Керт-ков а, хIусам а яссаеллера. Самукъане серло латтон чиркх дIабайнера. ХIусамда дIавоьллинчул тIаьхьа кхаа шарахь ехира Сардалова Зулай. Ткъа 2005-чу шеран 14-чу ноябрехь кхин цкъа а тоха ца дала сецира цуьнан экама дог. ДIакъовлаелира къоман культурин цхьа сирла агIо. Чекхбелира дуккха шерашкахь нохчийн халкъан синбIов хилла лаьттина цхьа мур. И тайпа похIме адамаш вайна юкъара дIадовлар, церан верасашна эшам хилла ца Iа, ерриге а Нохчийчоьнна эшам бу. Дукха шерашкахь нохчийн сцена серлайохуш, лепош хилла седарчий дара уьш, цкъа а вайн дицдан бакъо йоцуш.
А.ГАЗИЕВА
Архивера суьрташ
№59, еара, хIутосург (май) беттан 26-гIа де, 2016 шо